1. Фессалоникийцам
1 2 3 4 5

1

ПахІала а, Салис а, Тимапис а хІара кехат яздо вайн Да волчу Делах а, Веза Эла волчу Іийсах а тешачийн Тассалник-гІалара тобане. Делан дика а, синпаргІато а хуьлда шуна.

2

Тхайн доІанашкахь, шу дага а лоьцуш, шуна массарна тІера даим Далла хастам бо оха.

3

Шаьш Делах тешаш хиларна, аша дика гІуллакхаш дар а, аша безамца къахьегар а, вайн Везачу Эле, Дала леррина къобалвинчу Іийсага шу тешамца сатуьйсуш хилар а даим а вайн Да волчу Далла хьалха дагахь латтадо оха.

4

Далла безна болу динан вежарий, шу Дала хаьржина хилар хаьа тхуна.

5

Шу долчохь тхан хаза кхаъ кхайкхор дашца бен хилла ца Іаш, Делан ницкъаца а, Делан Синца а, кхин а боккхачу тешамца а ма бара. Шуна шайна хаьа, шун дуьхьа шуна юкъахь тхо муха Іара.

6

Делан дош тІе а эцна, тхох а, Везачу Элах а тарделла дІахІитти шу а. Аша дукха баланаш лайнехь а, Делан Сино хазахетар лора шуна.

7

Цундела Македон-махкахь а, Ахай-махкахь а массо а Іийсах тешаш болчарна шух масал хилла.

8

Ткъа Везачу Элан дош а, шун Делах тешарх болу хаам а шуьгара Македон-махка а, Ахай-махка а кхаьчна ца Іаш, массо а кхечу меттигашка а дІасабаьржина. Цундела шух лаьцна оха дийца оьшуш кхин цхьа а хІума дац.

9

ХІунда аьлча цара шаьш а дуьйцу тхох лаьцна. Цара дуьйцу, тхо шуна тІе муха даьхкира а, иштта шу, цІуйх дІа а дирзина, Делехьа дерзарх лаьцна а, дийначу а, бакъволчу а Далла гІуллакх дархьама.

10

Цара дуьйцу, Делан КІант стигалшкара схьаваре шу муха ладоьгІуш ду. Дала веллачуьра денвина волу а, тІейогІу йолчу Делан оьгІазлонах вай кІелхьардоху волу а Іийса ма ву и КІант.

© 2018 Дом Молитвы. Христианская Интернет Миссия.