1. Иоанна
1 2 3 4 5

1

Иза юьхьанца дуьйна долуш дара. Тхуна иза хаза а хезнера, тхан бІаьргашна иза ган а гинера. Тхо цуьнга хьовса а хьаьвсинера, тхан куьйгаш цунах Іотта а деллера. Иза дахар луш долу Дош дара.

2

И дахар гучудаьлча, тхуна иза гира. Цундела цу бакъдолчу дахарх тоьшалла а до, кхайкхам а бо оха. И дахар стигаларчу Дегахь дара, ткъа хІинца тхуна довзийтина иза.

3

Тхайна гиначух а, хезначух а лаьцна хаам бо оха шуьга. Оха и дуьйцу, шун а тхоьца уьйр-марзо хилийтархьама. Ткъа тхан уьйр ю Деца а, Цо леррина къобалвинчу Цуьнан КІантаца Іийсаца а.

4

ХІара яздо оха, вайн хазахетар кхоччуш дуьззина хилийтархьама.

5

Тхуна Цуьнан КІантера хезна болу а, оха шуна дІакхайкхош болу а кхаъ хІара бу: Дела – серло ю, Цуьнца цхьа а тайпа бода бац.

6

Нагахь санна Делаца уьйр ю а бохуш, боданехь лелахь, вай аьшпаш а бутту, бакъдолчуьнца а ца лела.

7

Амма, нагахь Дела серлонгахь ма-хиллара, вай а серлонгахь лелахь, вайн вовшашца уьйр ю, ткъа Цуьнан КІант волчу Іийсан цІийно вай массо а къинойх цІандо.

8

Нагахь санна вай ваьшца къа дац бахахь, тІаккха вай цу дешнашца ваьш Іехадо, вайца билггал долу бакъдерг а дац.

9

Нагахь ваьш летийначу къиношна вай даре дахь, Дала вайн къиношна геч а дийр ду, дерриг а бакъдоцучух вай цІан а дийр ду, хІунда аьлча Иза тешаме а, бакъ а ву.

10

Амма вай ваьш къинош ца летийна бахахь, тІаккха вай Дела харц а во, Цуьнан Дош вайца а дац.

© 2018 Дом Молитвы. Христианская Интернет Миссия.