1. Коринфянам
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16

1

Делан лаамца Дала леррина къобалвинчу Іийсан векал хила тІекхайкхийнчу ПахІала а, вайн динан вашас Состанама а яздо хІара кехат.

2

ХІара кехат оха яздо Коринт-гІаларчу Делан динан тобане. Дала леррина къобалвинчу Іийсаца уьйр хиларна, Дала даздинарш ду шу. Иштта, Делан долахь хила къастийнарш а ду шу, ткъа шуьца цхьаьна массанхьа а тхан Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Іийсага кхойкхурш а иштта тІекхайкхина бу. Тхан Веза Эла хилла а ца Іаш, Іийса церан а Веза Эла ву.

3

Вайн Да волчу Делера а, Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Іийсагара а Делан дика а, синпаргІато а хуьлийла шуна.

4

Ша леррина къобалвинчу Іийсагахула Дала шуна делла дика бахьана долуш, шуна тІера ас даим а баркаллаш боху сайн Далла.

5

ХІунда аьлча Цуьнгахула хилла шу массо а агІор хьал долуш – аша мел олучу дашца а, шун мел болчу кхетамца а.

6

Дала леррина Къобалвинчух лаьцна шуна дина тоьшалла шун дахарехь чІагІдаларе терра,

7

Делан Синера долчу совгІаташкахь кхин цхьана а тайпана тоам боцуш дац шу, вайн Веза Эла волу, Дала леррина къобалвина Іийса гучувоккхучу дийне ладоьгІуш шу хиларна.

8

ТІаьххьара де тІекхаччалц Цо шу тешарехь чІагІдийр ду, вайн Веза Эла волу, Дала леррина къобалвина Іийса вогІун волчу дийнахь шу ала хІума доцуш цІена хилийтархьама.

9

Шен КІантаца, вайн Веза Эла волчу, Ша леррина къобалвинчу Іийсаца, уьйр хила шу тІекхайкхина волу Дела тешаме ву.

10

Вайн Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Іийсан дуьхьа ас чІогІа доьху шуьга, динан вежарий, аша массара а цхьаъ дийцар, шайна юкъахь декъадаларш ца хилийтархьама. Шайн хьекъалшкахь а, ойланашкахь а кхоччуш цхьаъ хуьлда шу.

11

ХІунда аьлча Халайн цІерачаьргахула суна хааделла, сан динан вежарий, шуна юкъахь къийсамаш хилар.

12

Со ала гІертарг хІара ду: шуна юкъахь олу: «Со – ПахІалехьа ву», «Со – Апа-Лесехьа ву», «Со – Кипехьа ву», «Со – Іийсагахьа ву».

13

Ткъа Дала леррина Къобалвинарг векъавелирий те? ПахІал дІатоьхнерий те шун дуьхьа жІарах? Я ПахІалан дола довлархьама чекхдахийтира те аша шаьш хих?

14

Аса Далла хастамаш бо, Крисп а, Гаяс а воцург, шух цхьа а айса хих чекх ца ваккхарна.

15

Цу тайпана, шух цхьаннан а дац ша сан дола валархьама хих чекхваккхийтина олийла.

16

(Иштта Сетипанан цІеранаш а хих чекхбаьхна ас. Ткъа айса кхин цхьа а хих чекхваккхар суна дага ца догІу.)

17

Дала леррина Къобалвинчо нах хих чекхбаха вахийтина вацара со, ткъа хаза кхаъ кхайкхо вахийтинера. Ткъа адамашна хьалха хьекъалечу дешнашца кхайкхо ца беза аса иза, Дала леррина Къобалвинчун жІарах дІатохар эрна ца хилийтархьама.

18

ХІаллакьхуьлуш болчарна Іийса жІарах дІатохарх лаьцна болу хаам сонта бу. Ткъа кІелхьардохуш долчу тхуна – иза Делан ницкъ бу.

19

Делан Йозанашкахь аьлла ду: «Аса хІаллакдийр ду хьекъалчийн хьекъалалла, кхетам болчийн кхетам а талхор бу аса».

20

Ткъа мичахь ву кху заманара хьекъал дерг, Іилманча, хьекъале къийсамаш бийриг? Ткъа кху дуьненахь бехачийн хьекъалаллах ца йина Дала сонталла?

21

Шен хьекъалаллица Дала билгалдаьккхира дуьнен чуьра нахана церан хьекъалца Ша цавовзийтар. Мелхо а, Далла тамехь дара, оцу наха «сонта» бу бохучу, оха бечу хьехамашца Іийсах тешнарш кІелхьарбахар.

22

Жуьгташа а доьху тамашийна билгалонаш гайтар, грекахоша а лоьху хьекъалалла,

23

ткъа оха дІакхайкхабо кхаъ хІара бу: Дала леррина Къобалвинарг жІарах дІатоьхна хилла. И кхаъ жуьгташна Іесалла ю аьлла хета, кхечу къаьмнех болчарна иза «сонталла» ю аьлла хета,

24

ткъа Дала тІекхайкхинчарна, уьш шаьш жуьгтех я грекахойх белахь а, цу кхоан маьІна ду, Дала леррина Къобалвинарг Делан ницкъ а, Делан хьекъалалла а хилар.

25

ХІунда аьлча Делан «сонталла» адамийн хьекъалаллал а тоьлуш ю. Ткъа Делан «эгІазалла» адамийн нуьцкъалаллал а ницкъ болуш ю.

26

Динан вежарий, дагаяийтийша Дала шу Шена тІекхайкхина хан. Адамийн хьесапехь дукха бацара шуна юкъахь хьекъалалла долуш берш. Дукха бацара шуна юкъахь нуьцкъалнаш а, дукха бацара хьалдолчийн тайпанех берш а.

27

Амма Дала кху дуьненахь сонта хеташ долу хІуманаш къастийна хьекъалалла долчийн сий дайа, ткъа кху дуьненахь эгІаза хеташ долу хІуманаш къастийна ницкъболчеран сий дайа.

28

Кху дуьненахь кІезиг хета хІуманаш а, сийсаза хета хІуманаш а къастийна Дала. Дуьненна уьш хІумма а доцу хІума хетташехь, Дала уьш къастийна, цаьргахула дуьненна ладам болу хІуманаш хІумма а доцург хилийтархьама.

29

Цундела Далла хьалха цхьаьнгге а дозалла ца дало.

30

Иза бахьана долуш ду шу Дала леррина къобалвинчу Іийсаца хилар! Цуьнгара хилла вайна Делера долу хьекъалалла. Цуьнгахула вай Далла хьалха бакъ а до, Дала вай даз а до, паргІат а доху.

31

Цундела ма яздина Делан Йозанаш тІехь: «Ша дозалла дечо – Везачу Элах дозалла де».

© 2018 Дом Молитвы. Христианская Интернет Миссия.