1. Петра
1 2 3 4 5

1

Дала леррина къобалвинчу Іийсан векалера Кипера Дала къастийначаьрга, аренца лелаш, хийрачу мехкашкахула: Понтехула, Галатехула, Каппадокехула, Асиа-махкахула, Битхьуни-махкахула дІасабекъабеллачаьрга.

2

Шена хьалххе хууш ма-хиллара, вайн Да волчу Дала шу хаьржира. Ткъа Делан Сино шу Далла улло далийра, Дала леррина къобалвинчу Іийсана муьтІахь а хилла, Цуьнан цІийца шу цІиндалийта. Делан дика а, синпаргІато а шорта хуьлда шуна!

3

Хастам бу Далла, леррина къобалвинчу вайн Везачу Элан Іийсан Дена, Шен доккхачу диканца вайна керла дахар делла волчу, веллачуьра Ша леррина къобалвина Іийса ден а вина, цу бахьаненна хІаллак а хир йоцучу, сакхто я замано талхор а йоцучу тІаьхьене бакъболу сатийсам вайна белла волу. И тІаьхье стигалшкахь ларъеш ю,

4

Хастам бу Далла, леррина къобалвинчу вайн Везачу Элан Іийсан Дена, Шен доккхачу диканца вайна керла дахар делла волчу, веллачуьра Ша леррина къобалвина Іийса ден а вина, цу бахьаненна хІаллак а хир йоцучу, сакхто я замано талхор а йоцучу тІаьхьене бакъболу сатийсам вайна белла волу. И тІаьхье стигалшкахь ларъеш ю,

5

ткъа шу, тІаьхьара зама а еана, хиндолу кІелхьардовлар гучудаллалц, шайн тешар бахьана долуш Делан ницкъо Іалашдеш ду.

6

Шу цунах даккхийдеш ду, хІинца кІеззигчу ханна шайна тайп-тайпанара зер лан дезахь а.

7

Шун тешар зуьйш ду, ткъа иза дешил деза ду. ХІунда аьлча деши, цІарца дахчош делахь а, замано талхош ду. Ткъа шун тешар, зен а зийна, бакъдолу тешар ду аьлла, хила дезаш ду, Дала леррина къобалвина Іийса веанчу дийнахь шун хастам а, даздар а, сийлалла а хилийтархьама.

8

Шуна Иза веза, шайна ца гиннашехь. Шу теша Цунах, шайна Иза хІинца а ца гушшехь. Шу, инзаре чІогІа хазахетар деана, даккхийдеш ду, хІунда аьлча шуьга кхаьчна тешаран Іалашо: шайн кІелхьардовлар.

9

Шуна Иза веза, шайна ца гиннашехь. Шу теша Цунах, шайна Иза хІинца а ца гушшехь. Шу, инзаре чІогІа хазахетар деана, даккхийдеш ду, хІунда аьлча шуьга кхаьчна тешаран Іалашо: шайн кІелхьардовлар.

10

Пайхамарша леррина талла а теллина, Іама а дина оцу кІелхьардовларх дерг дерриг а. Шуна дала кечдинчу Делан диканах лаьцна а дийцина цара.

11

Шайна чохь хиллачу Дала леррина Къобалвинчун Сино йийцина йолу хан а, хьелаш а къасто гІиртина уьш. Цу Сино дийцина царна Дала леррина Къобалвинчун баланех лаьцна а, тІаьхьа Цуьнца боьзна хин болчу сийлахьчу хиламех лаьцна а.

12

Цаьрга хаийтира, шайна а доцуш, ткъа шуна гІуллакх деш уьш хилар. Стигалара даийтинчу Делан Сино хаза кхаъ кхайкхош болчаьргахула хІинца шуна дийцийтинарг кхайкхадора цара. Стигалара маликаш а тІехь ду и къайле хаа лууш.

13

Сема а, дечу гІуллакхна гуттар а кийча а хуьлда шун кхетам. Дала леррина къобалвина Іийса вогІучу дийнахь Делан шуьга болу безам бахьана долуш шайна лун долчуьнца боьзна хилийта шайн берриг а сатийсамаш.

14

Ийманехь долу Делан бераш санна хила, хьалха шаьш боданехь долчу хенахь хиллачу хьарамчу лаамашка шайн дахар ма талхадайта.

15

Мелхо а, шаьш а цІена хила, шайн лелар а цІена хилийта, шаьш ТІекхайкхинарг цІена ма-хиллара.

16

Делан Йозанаш тІехь аьлла ма ду: «ЦІена хилалаш, хІунда аьлча Со а цІена ву».

17

Нагахь хІораннах а озабезам ца беш, цо диначуьнга хьаьжжина кхел еш Волчух аша Дада олуш хилча, шаьш дуьнен чу даьхкина хьеший хилла йолу хан сийлаллин кхерам дагахь а болуш яккха.

18

Хаалаш, телхина дІадер долу дети я деши а делла эцна яц шун паргІато, шун дайх дисинчу гІийлачу дахарх шу мукъадохуш,

19

амма цІеначу а, бехк боцучу а Іахаран санна долу, Дала леррина Къобалвинчун деза цІий делла ю.

20

Дуьне а кхоллале къастийна вара Иза, амма тІаьхьарчу заманахь бен гучуваьккхина вацара шун дуьхьа.

21

Иза веллачуьра ден а вина, Цунна деза сийлалла деллачу Делах а Иза бахьана долуш теша шу, цундела шун тешар а, сатийсам а Делаца боьзна бу.

22

Бакъдолчунна муьтІахь хиларна, шайн синош а цІандина, шайн динан вежарий шалхо йоцуш безаш ду шу. Ткъа хІинца шайн ницкъ ма-кхоччу даггарчу безамца вовше дезалаш!

23

Шун керлачу дахаран хьоста лийр долу хІу дац, амма гуттар а хин дерг ду. Иза дийна долу а, гуттар а хин долу а Делан Дош ду!

24

ХІунда аьлча аьлла ду: «ХІора адам буц санна ду, цуьнан хазалла арарчу зезагийн санна ю. Буц а якъало, зезаг а маргІалдулу,

25

ткъа Везачу Элан Дош гуттар а деха». Иштта бу шуна кхайкхийна хаза кхаъ!

© 2018 Дом Молитвы. Христианская Интернет Миссия.