1. Царств

1

Эпрайман лаьмнаш тІехь Іуьллуш йолчу Раматайм-Цупамахь Іаш хилла Элкхан цІе йолу цхьа стаг. Элкхан ша Цупин доьзалх схьаваьлла вара. Цуьнан ден цІе Ярохьам хилла, ткъа Ярохьам ЭлихІун кІант хилла, ЭлихІун да ТІохьа хилла. Ткъа ТІохьа эпратхо волчу Цупин кІант хилла.

2

Элкханан ши зуда яра. Цхьана зудчун цІе Хьанат яра, вукхун цІе Паннана яра. Паннанин бераш хилла, ткъа Хьанат доьзалхой боцуш хилла.

3

ХІора шарахь, билгалдаьхначу деношкахь, Элкхан Шилун-гІала воьдуш хилла массо а ницкъашна тІехь волчу Везачу Элана лерина долу гІуллакх дан а, Цунна сагІа даккхийта а. Шилунехь Везачу Элан динан дай бара Іелин кІентий: Пайнехьассий, Хьапний.

4

Ша, сагІа а даккхийтина, цІа веача, Элкхана шен зудчунна Паннанина а, цо бинчу доьзална а цу сагІин дакъа луш хилла.

5

Хьанатана тоьлла долу дакъа луш хилла цо, хІунда аьлча иза цунна дукхах езаш хилла, Везачу Эло цунна доьзалхой ца беллехь а.

6

Везачу Эло цунна бераш ца далар бахьана долуш, Паннанас Хьанат кест-кестта сийсазйора, цуьнга сагатдайтархьама.

7

И сурт Паннанас цунна хІора шарахь хІоттадора, Хьанат Везачу Элан цІа чу мосазза йоьду. Цо ша хьийзаяран барам тІехбаьлча, иза йоьлхура, цо яа хІума ца йоура.

8

Цуьнан майрачо Элкхана цуьнга элира: «Хьанат, хьо хІунда йоьлху? Ахь яа хІума хІунда ца йоу? Хьан дог стенна Іийжаш ду? Со хьуна итт кІантал ца тоьлу?»

9

Цхьана дийнахь, Шилунахь шаьш яа хІума йиъна а, мелла а девллачул тІаьхьа, Хьанат хьалагІаьттира. Динан да волу Іела Везачу Элан цІийнан неІсагІи тІехь Іаш вара.

10

Хьанат, чІогІа дог доьхна, йоьлхуш, Везачу Эле доьхуш яра.

11

Цо шен доІанехь нигат дира: «Массо а ницкъашна тІехь волу Веза Эла! Тидам бехьа сан деган лазаме! Со хьайна дагаяийтахьа! Йиц ма ехьа! Ахьа суна божабер лахь, аса иза Хьуна массо а йолчу ханна дІалур ду. Цуьнан коьртарчу месех урс а хьакхалур дац».

12

Дехха доІа дира Хьаната. Цу хенахь Іела Хьанатан балдашка хьоьжуш вара.

13

Иза шен дагахь доІа деш яра: цуьнан балдаш хьуьйш дара, амма цо дуьйцург хезаш дацара. Цундела Іелина иза мелла ю моьттира.

14

Цо цуьнга элира: «Хьо мелла ю! Малар дита деза!»

15

Хьаната жоп делира: «Иза иштта дац, сан эла. Аса я чагІар а, я йий а ца мелла. Со сайн кийрара бала Везачу Эле дІабелхош ю.

16

Хьан ялхо йолчу сох вон зуда ма хеталахь. Аса оццул деха доІа даран бахьана соьгахь лаьтташ болу бала бу».

17

Іелас цуьнга элира: «Марша гІойла хьо. Исраилан Дала хьан доІанна жоп лойла».

18

Хьаната цуьнга элира: «Хьо суна реза хуьлийла лаьара суна!» Иза шен новкъахула дІаяхара. Цо яа хІума а йоура, хІинца хьалха санна сингаттаме а ца хетара иза.

19

Іуьйранна хьала а гІаьттина, Далла корта а тоьхна, уьш шайн цІа долчу Раме юхабахара. Элкхан шен зудчуьнца дІавижинчул тІаьхьа Дала Хьанатан дехар Шена дагадаийтира.

20

Дукха хан ялале иза берах хилира. Шен зама тІекхаьчча, цо кІант вира, цуьнан цІе Шамъал аьлла тиллира (иза «Далла хезна» бохург ду). И цІе цунна тиллар и кІант Хьаната Деле вехар дара.

21

Шен доьзалца хІора шарахь ша ма-ваххара, Шилуне Везачу Элана сагІа даккхийта а, ша дина долу нигат кхочушдан а вахара Элкхан.

22

Амма Хьанат цаьрца ца яхара. Цо Элкхане элира: «КІант вакхочуьра а ваьккхина, аса иза айса дІавуьгур ву цига, Везачу Элана дІа а лур ву, массо а ханна цигахь Іайта».

23

Элкхана цуьнга элира: «Хьайна бакъахьа хеттарг де. ЦІахь Іан мегар ду хьуна, кІант вакхочуьра ваккхалц. Дала къобалбина тІеоьцийла хьан лаам». Цуьнан зуда цІахь Іийра, кІант вакхочуьра ваккхалц.

24

Иза вакхочуьра къастийначул тІаьхьа, Хьанат цуьнца Шилуне яхара. Цо, ша дІайоьдуш, шеца кхо шо кхаьчна долу бежана а, кхо сахь дама а, цхьа пІаьлдиг чагІар а даьхьира. Иза Шилунерчу Везачу Элан цІа чу еара, шеца кхуьуш волу шен кІант а валош.

25

Схьадалийначу бежанна урс хьаькхира. Іела волчу шайн кІант схьавалийра дас-нанас.

26

Хьаната элира: «Сан эла! Хьо дийна хилар санна бакъ ду хьуна, тоххара хІоккхуза дІа а хІоьттина, Везачу Эле доьхуш доІа деш хилларг со хилар.

27

ХІара хьуна гуш долу бер ду хьуна аса Цуьнга дехнарг. Везачу Эло суна жоп делира, аса дехнарг кхочуш а деш.

28

Аса хІара кІант Везачу Элана дІало. Ша дуьнен чохь мел йоккхучу хенахь Везачу Элана гІуллакх деш хир ву хІара». Цо цигахь Везачу Элана Іибадат дира.

© 2018 Дом Молитвы. Христианская Интернет Миссия.