1. Паралипоменон

1

Адамах схьабевлла: ШатІа, Энош,

2

Къаим, Махьаллал, Ярад,

3

ХІанох, Матушалахь, ЛемакІ,

4

Нохьа. Ткъа Нохьин кІентий бара: Шима, Хьама, Япат.

5

Япатан кІентий бара: Гомар, МагІогІ, Мадай, Яван, Тубал, Машах, Тирас.

6

Гомаран кІентий бара: Ашкиназ, РипІат, ТогІарма.

7

Яванан кІентий бара: Элша, Таршаш, Хитам, Роданам.

8

Хьамин кІентий бара: Хуша, Мисар, ПІатІа, КанаІан.

9

Хушин кІентий бара: Себа, Хьавил, СабтІа, РуІман, Сабтехьа. РуІманан кІентий бара: Шеба, Даддан.

10

Ткъа Хушин вара Намрад цІе йолуш кІант, иза чІогІа ницкъ болуш кІант вара.

11

Мисарх схьабевлла: лудамхой, Іанамхой, лахІабхой, наптухьхой,

12

патІрусхой, шайх пІелаштамхой схьабевлла болу каслахІамхой, каптІархой.

13

КанаІанан кІентий хІорш бара: дуьххьарлера доьзалхо волу ЦІадан, цул тІаьхьа хилла волу Хьета.

14

Иштта КанаІанах схьабевлла: явсайхой, эмархой, гІиргІашахой,

15

хьаьвихой, Іаьркхахой, синахой,

16

арвадихой, цІемархой, хьаматхой.

17

Шимин кІентий бара: Іейлам, Ашур, Арпахшад, Луда, Арам. Араман кІентий бара: ІуцІа, Хьула, ГІетІар, Машах.

18

Арпахшадан кІант вара Селахь, ткъа Селахьан кІант вара Іебар.

19

Іебаран ши кІант вара: цхьана кІентан цІе ПалагІ яра, хІунда аьлча иза вехачу хенахь лаьтта тІехь адам декъадалар а, дІасадаржар а хилира. ПалагІан вешин цІе Якхтан яра.

20

Якхтанан кІентий бара: Алмадад, ШалапІ, Хьацармават, Ярахь,

21

ХІайдарам, Узал, Дикхалла,

22

Іейбал, Абумаил, Шеба,

23

Апар, Хьавил, Ябаб. Уьш берриш а Якхтанан кІентий бара.

24

Ткъа Шимин кІентий хилла: Арпахшад, Селахь,

25

Іебар, ПалагІ, Рахьу,

26

СерагІ, Нахьир, ТІахьир,

27

Ибрам, цуьнан кхин цІе ИбрахІим ю.

28

ИбрахІиман кІентий бара: Исхьакх а, ИсмаьІал а.

29

Церан тІаьхье иштта яра: ИсмаьІалан дуьххьарлера кІант вара Набуяти, цул тІаьхьа хилира Къедар, Адбаал, Мибасам,

30

МишмаІ, Дума, Маси, Хьадид, Тейма,

31

Етар, Напуши, Къедима. Уьш бара ИсмаьІалан кІентий.

32

ИбрахІиман гІарбаш-зудчо Къитурата бина кІентий бара: Зимран, Якхешан, Медан, Мадани, Ишбакх, Шуахь. Якхешанан кІентий бара: Шеба, Даддан.

33

Маданин кІентий бара: Іейпа, Іайпар, Хьанах, АвидаІ, ЭлдаІа. Уьш берриш а Къитуратан кІентий бара.

34

ИбрахІиман кІант волчу Исхьакхан кІентий бара: Іесав, Исраил.

35

Іесаван кІентий бара: Элипаз, РаІал, ЕІуш, ЯІлам, Кхорахь.

36

Элипазан кІентий бара: Теман, Омар, Цепа, ГаІтам, Кхеназ. Ткъа ТамнаІа цунна Іамалекх винера.

37

РаІалан кІентий бара: Нахьати, Зерахь, Шама, Миза.

38

СеІиран кІентий бара: Лутани, Шубали, ЦІибІон, Іана, Дишон, Эцар, Дишан.

39

Лутанин кІентий бара: Хьори, ХІейма. ТамнаІ Лутанин йиша яра.

40

Шубалин кІентий бара: Іалиян, Манахьат, Іейбал, Шапи, Онам. ЦІибІонан кІентий бара: АяхІу, Іана.

41

Іанин кІант вара: Дишон. Дишонан кІентий бара: Хьамран, Эшбан, Итран, Керан.

42

Эцаран кІентий бара: БилхІан, ЗаІван, ЯІакхан. Дишанан кІентий бара: ІуцІа, Арани.

43

Исраилан махкахь паччахьаш хилале, Эдомехь хІара паччахьаш хиллера: БеІаран кІант БулаІ. Цуьнан гІалин цІе ДинхІаба яра.

44

БулаІ велча, цуьнан метта паччахь хилира Бацар-гІаларчу Зерахьан кІант Ябаб.

45

Ябаб велча, цуьнан метта паччахь хилира теманхойн махкара Хьушам.

46

Хьушам велча, цуьнан метта паччахь хилира Бедадан кІант ХІадад. Муаби-махкахь маданхошна тІехь толам баьккхинера цо. Цуьнан гІалин цІе Іавит яра.

47

ХІадад велча, цуьнан метта паччахь хилира Масрекха-гІалара Самла.

48

Самла велча, цуьнан метта паччахь хилира хин йистехь йолчу Рехьабат-гІалара Шаул.

49

Шаул велча, цуьнан метта паччахь хилира Іахбаран кІант БаІал-Хьанан.

50

БаІал-Хьанан велча, цуьнан метта паччахь хилира ХІадад. Цуьнан гІалин цІе ПаІу яра. ХІададан зудчун цІе яра Ма-ХІайтІабал. Иза МезахІабан йоІан Матарадан йоІ яра.

51

ХІадад а велла. Эдом-махкахь хІара баьччанаш а хилла: ТамнаІ, Іаьлви, Етат,

52

АхІлибам, Эла, Пинан,

53

Кхеназ, Теман, Мубацар,

54

Магдаал, Іирам. Уьш эдомхойн баьччанаш хилла.

© 2018 Дом Молитвы. Христианская Интернет Миссия.