2. Фессалоникийцам
1 2 3

1

ПахІала а, Салис а, Тимапис а хІара кехат яздо Тассалник-гІалара вайн Да волчу Делах а, Веза Эла волчу Іийсах а тешначийн тобане.

2

Вайн Да волчу Делера а, Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Іийсагара а долу дика а, синпаргІато а хуьлда шуна.

3

Динан вежарий! Вай Далла баркалла ала деза, Іийсах тешарехь шу чІагІлуш долу дела. Иза баккъалла а иштта ду, хІунда аьлча шуна массарна а юкъахь хІораннан а вовшашка болу безам кхин а алсамбуьйлуш бу.

4

Иштта, оха тхаьш а Делан динан тобанийн гуламашкахь дозалла до собаре хиларца а, тешарца а аша массо а баланаш а, халонаш а ловш хиларх.

5

Цу дерригено а гойту Делан кхел нийса хилар. Делан олалла бахьана долуш аша хІинца баланаш ловш болу дела, шу хьакъ долуш хетар ду Цуьнан олалле кхача.

6

Дела нийсо еш хиларна, шу сийсаздаьхначаьрга а баланаш хьоьгуьйтур бу Цо,

7

ткъа баланаш ловш долчу шуна тхоьца цхьаьна синтем хир бу. Иза хир ду Веза Эла волу Іийса Шен нуьцкъалчу маликашца а, йогучу цІарца а стигалшкара гучуволучу хенахь.

8

Оцу хенахь шайна Дела вовза ца лиинчарна а, вайн Веза Эла волчу Іийсах болу хаза кхаъ тІе ца эцначарна а дІадоькхур ду Цо.

9

ТаІзар а дина, уьш гуттаренна а хІаллакбина хир бу. Везачу Элах а, Цуьнан возаллин сийлаллех а дІабаьхна хир бу уьш.

10

И таІзар дийр ду Шен долахь болчу нахера сийлалла тІеэца а, массо а Шех тешначаьрга Шен сий дайта а Іийса схьавеанчу оцу сийлахьчу дийнахь. Ткъа шу а царна юкъахь хир ду, оха шуна деллачу тоьшаллех шу тешна дела.

11

Цундела шуна тІера оха даим доІанаш до, Ша кхайкхинчу дахарна вайн Дала шу хьакъ долуш хилийтар доьхуш. Муьлхха а дикачу ойланца шуна дан лууш дерг а, Делах тешарца аша деш долу муьлхха а гІуллакх а Деле Шен ницкъаца кхочушдар доьху оха.

12

Цу тайпана вайн Веза Эла волчу Іийсан цІе шуьгахула а, ткъа шу Цуьнгахула а гІарадевр ду. Вайн Дела а, Веза Эла а волчу, Дала леррина къобалвинчу Іийсан долчу диканца хир ду иза.

© 2018 Дом Молитвы. Христианская Интернет Миссия.