2. Петра
1 2 3

1

Дала леррина къобалвинчу Іийсан лай а, векал а волчу ШамІа-Кипас яздо хІара кехат. Вайн Дела а, КІелхьардохург а волчу Дала леррина къобалвинчу Іийсан нийсонехула, вайниг санна, деза тешар тІеэцначаьрга яздо ас.

2

Дела а, вайн Веза Эла волу Іийса а вовзарехь Делан дика а, синпаргІато а совйолийла шун.

3

Іийсагахь болчу Делан ницкъо оьшуш мел дерг делла вайна баккъалла а суьпа дахархьама, хІунда аьлча Шен сийлаллица а, оьздангаллица а вайга Кхайкхийнарг вевза вайна.

4

Ша лур ду аьлла сийлахь а, деза а совгІаташ делла Цо вайна Шен сийлаллехула а, оьздангаллехула а, уьш бахьана долуш, хьарамчу лаамаша дуьнен чохь лелачу талхарна гена а девлла, шу Деле терра хилийтархьама.

5

Цундела аша берриг а ницкъ тІебахийта шайн тешар оьздангаллица совдаккхархьама. Ткъа оьздангалла кхетамца совъяккха.

6

Кхетам юхаозадаларца а, юхаозадалар собарца а, собар суьпаллица а совдаккха.

7

Суьпалла вежараллица а, вежаралла безамца а совдаккха.

8

Нагахь и дерриг а, шуьца дан а долуш, алсамдолуш делахь, вайн Веза Эла, Дала леррина къобалвина Іийса вовзарехь кхиам а, стом а боцуш дуьсур дац шу.

9

Ткъа иза шеца доцург бІаьрзе ву. Цунна хІумма а гур дац. Цо дицдина хьалхалерчу къинойх ша цІанвар.

10

Цундела, вежарий, кхидІа а хьовсалаш Дала шаьш тІекхайкхар а, харжар а бакъ хилар гайта. Иштта хилахь, цкъа а галдевр дац шу.

11

Иштта карор бу шуна вайн Везачу Элан, КІелхьардохучун, Дала леррина къобалвинчу Іийсан даим йолчу пачхьалкхе кхочу маьрша некъ.

12

Цундела ас иза гуттар а дагахь латтор ду, цунах дерг шуна хаахь а, шайна деллачу бакъдолчунна тІехь шу чІагІдина делахь а.

13

Суна нийса хета, хІара дегІан чарх айса мел лелайо, дагалецамашца шу карзахдахар.

14

Вайн Везачу Эло, Дала леррина къобалвинчу Іийсас сайга схьа-ма-хаийттара, хаьа суна кестта сайн са дегІах къаста дезаш хилар.

15

Со шух къаьстинчул тІаьхьа а, и дерриг а шуна дагахь латтийта, сайн ницкъ кхочург дийр ду ас.

16

ХІунда аьлча нехан мекарчу туьйранех тардина ца дийцина оха шуна, вайн Дала леррина къобалвина Іийса-Эла вогІур ву аьлла. Тхо тхаьш Цуьнан сийлалла гина тешаш ду.

17

ХІунда аьлча Да волчу Делера схьаэцна Цо сий а, дозалла а, Шена тІе уггар лакхарчу Паччахьера аз деача: «Иза Суна дукхавезаш волу Сан кІант ву, Цуьнца бу Сан лаам!»

18

Стигалара деана и аз тхуна хезира, Іийсаца безачу лам тІехь тхо долуш.

19

Тхуна хаьа пайхамарийн дош билггала бакъ дуйла. Цу дашна тІе тидам бахийтар тоьлуш ду шуна. Боданехь йолу серло санна, ду иза, серлаяла а йолаелла, Іуьйренан седа шун дегнашкахь гучубаллалц.

20

Уггар хьалха шуна хаа дезаш ду Делан Йозанашкара Делера болу хаам шена ма-хеттара бийцалург цахилар.

21

ХІунда аьлча цкъа а Делера болу хаам адаман лаамца беш ца хилла, амма наха, Делан Са шайна чохь а лелош, Делера долу дешнаш дуьйцура.

© 2018 Дом Молитвы. Христианская Интернет Миссия.