2. Тимофею
1 2 3 4

1

Тимапи, хІара кехат яздо хьоьга ПахІала. Дала леррина къобалвинчу Іийсан векал ву со Делан лаамца. Со Дала ваийтина Ша леррина къобалвинчу Іийсаца цхьаьна вай долчу хенахь лур ду аьлла долу бакъдолу дахар дІакхайкхо.

2

Ас яздо хьоьга, сайн хьоме кІант волчу Тимапига. Вайн Да волчу Делера а, вайн Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Іийсагара а долу дика а, къинхетам а, синпаргІато а хуьлда хьуна.

3

Дийнахь а, буса а сайн доІанашкахь хьо дукхазза а дагавогІуш, сан дайша ма-барра, цІеначу дагца айса лоруш волчу Далла хастам бо ас.

4

Деана долу хьан бІаьрхиш дагахьдохку суна. Хьо ган лууш кийра богу сан. Хьо а гина, сан хазахетар кхочушхуьлийла.

5

Хьо цІеначу даггара Іийсах тешар дагадогІу суна. Хьалха хьан бабин Лусин а, хьан ненан Эвникин а даг чохь иштта тешар лаьттара. Ткъа хІинца хьан даг чохь а и тешар латтарх шеко яц сан.

6

Цундела юха а дагадоуьйту ас хьуна, сайн куьйгаш тІедахкарехула, Дала хьайна деллачу похІмин алу кхин а йовха ягийталахь.

7

ХІунда аьлча Дала вайна кІиллоллин са хилийта ца делла Шен Са, ткъа вайн синан ницкъ хилийта а, безам зуьйш а, вай кхетаме хилийта а делла.

8

Цундела эхь ма хета вайн Везачу Элах лаьцна тоьшалла дан. Цуьнан дуьхьа тутмакх волу со бахьана долуш а эхь ма хета. Мелхо а, ахьа а Дала хьайна луш болчу ницкъаца хаза кхаъ дІакхайкхоран дуьхьа соьца цхьаьна баланаш хьега.

9

Дала кІелхьардаьхна вай. Цо Шена тІекхайкхина вай, Шен долахь дерш вайх хилийтархьама. Вай дина гІуллакхаш бахьана долуш ца дина Дала иза, амма Шен Іалашо а, дика а бахьана долуш дина. Хенаш а кхоллале, Ша леррина къобалвинчу Іийсагахула вайна делла дара Цуьнан мах боцу дика.

10

Ткъа и дика вайна-м Дала леррина къобалвина Іийса, вай КІелхьардаьхнарг, кху дуьнен чу схьавеача, хІинцца бен ца гайтина Дала. Вайна тІехь долу Іожаллин олалла дохийна Іийсас. Ша дІакхайкхийнчу хазачу кхоэхула Іожалла ца хуьлу бакъдолу дахар стенца хуьлу гайтира Цо.

11

И хаза кхаъ дІакхайкхо Іийсан векал а, хьехархо а дІахІоттийна со.

12

Цундела хІара массо а баланаш дІакхоьхьуш ву со. Амма суна эхь ца хета. Суна хаьа со Хьанах тешна. Сох а тешна, тІедогІур долчу оцу денна Ша соьга делларг лардан Иза ницкъ болуш хиларх со тешна ву.

13

Дала леррина къобалвинчу Іийсагахула вайн долуш долчу тешарца а, безамца а соьгара хьайна хезначу цІеначу хьехамех масал а дай, Іелахь.

14

Хьайх а тешна, дитина долу диканиг вайн чохь дехаш долчу Делан Синан гІоьнца ларделахь.

15

Хьуна хууш ма-хиллара, Асиа-махкахь берш массо а сох дІабирзина. Царна юкъахь бу Пигал а, ХІарми-Гена а.

16

Везачу Эло къинхетам бойла Анисапаран цІийнах. Цо дукхазза а догъэцна сан. Со набахтехь хиларх эхь ца хийтира цунна.

17

Рим-гІалахь ша нисвелча, леррина лехча, со халла карийра цунна.

18

Везачу Эло Шегахь болу къинхетам бойла цунах вайна тІедогІур долчу оцу дийнахь. Эпас-гІалахь цо суна мел дина долу дика гІуллакхаш хьуна-м къаьсттина дика хаьа.

© 2018 Дом Молитвы. Христианская Интернет Миссия.