2. Царств

1

Іамалекхахой эша а бина, Дауд юхавирзинчул тІаьхьа, цо ЦакхелагІахь ши де даьккхира. Иза Шаул вийначул тІаьхьа дара.

2

КхоалгІачу дийнахь Шаулан меттаматтера волу цхьа стаг кхечира Дауд волчу. ТІера бедарш а этІийна, коьрта тІе йиллина чан а йолуш вара иза. Дауд волчу схьакхаьчча, лаьтта охьа а воьжна, цунна сужда дира цо.

3

Дауда цу стаге хаьттира: «Хьо мичара веана?» – аьлла. Вукхо цуьнга жоп делира: «Со Исраилан эскаро тІом бинчу меттера кІелхьарваьлла схьавеана».

4

ТІаккха Дауда юха а цуьнга хаьттира: «ХІун хилла цигахь? Схьадийца соьга». Цу стага жоп делира: «ТІом баьллачуьра дукха адам дедда дІадахана. Царах дукхахберш, байина, хІаллакьхилла. Шаул а, цуьнан кІант ЯхІуната а вийна».

5

ТІаккха иза шена дийцина волчу жимачу стаге Дауда хаьттира: «Хьуна стенах хаьа, Шаул а, цуьнан кІант ЯхІуната а веллийла?»

6

Жимачу стага цуьнга элира: «Со ларамаза ГилбаІ олучу лам тІехь нисвеллера. Суна гира шен гоьмукъана тІе таьІна лаьтташ волу Шаул, ткъа цу хенахь гІудалкхашший, говрашкахь болу наххий цунна тІекхаьчна богІуш бара.

7

Иза юхахьаьжча, цунна со гира. Иза соьга кхайкхира. Аса жоп делира: „Со ладугІуш ву“, – аьлла.

8

Цо соьга хаьттира: „Хьо мила ву?“ Аса жоп делира: „Со Іамалекхахо ву“.

9

ТІаккха цо соьга элира: „ТІе а волий, со, вей, дІаваккха! Со валлал чІогІа Іазапехь ву, суна чохь са делахь а“.

10

ТІаккха, тІе а вахана, аса иза вийра, хІунда аьлча суна хаьара, ша охьавоьжначул тІаьхьа, иза кхин вехар воцийла. Цуьнан коьртара таж а, цуьнан куьйга тІера хІоз а, схьа а эцна, аса кхуза схьабеана, сан эла».

11

Эццахь Дауда а, цуьнца мел хиллачара а шайна тІера бедарш этІийра, и хІума чІогІа халахетарна.

12

Уьш боьлхуш, тийжаш, малх чубуззалц яа хІума ца юуш Іийра, Шаул а, цуьнан кІант ЯхІуната а, Везачу Элан халкъ долу дерриг Исраилан цІа а бахьана долуш, уьш мостагІийн туьро хІаллакбина дела.

13

Дауда и хІума шена дийцина волчу жимачу кІанте хаьттира: «Хьо мичара ву?» Цо жоп делира: «Со тІевеана волчу Іамалекхахочун кІант ву».

14

ТІаккха Дауда хаьттира: «Муха ваьхьира хьо, Везачу Эло къобалвина волчунна тІе куьг а даьхьна, иза вен?»

15

Цул тІаьхьа, цхьа жима стаг тІе а кхайкхина, цуьнга Дауда элира: «ТІе а волий, иза ве». Цо иза вийра.

16

Дауда элира: «Хьайн Іожаллина хьо-хьуо ву бехке, хІунда аьлча ахьа-айхьа элира: „Аса вийра Везачу Эло къобалвинарг“».

17

Дауд Шаулний, цуьнан кІант волчу ЯхІунатиний вилхира, назма а олуш.

18

Цо омра дира яхІудхошка, секхаІад цІе йолу и назма Іамае аьлла (иза «Яшаран тептар» тІехь дІаязйина ю). Цо элира:

19

«Хьан хазна, Исраил, хьан лакхенаш тІехь йоьжна! Ма ийгир-кх и ницкъ берш!

20

Ма дийцалаш цунах лаций Гати-гІалахь, Ашкхилунан урамашкахь дІа а ма кхайкхаделаш, пІелаштамхойн зудабераш даккхий ца дейта, сунтбаза болчеран зудаберашка и кхаъ ца базбайта.

21

ГилбаІан лаьмнаш! Я тхи а, я догІа а ма дужийла шуна тІе! Ялтийн аренаш а ма хуьлийла шуна тІехь, хІунда аьлча ницкъ болчеран турс, сийсаз а даьккхина, доьжна цу меттехь, Шаулан турс, зайтдаьтта хьакхаза долу!

22

ЯхІунатас шен секхаІодаца пхерчий кхиссича, мостагІчун цІий Іожаллина Іенира. Шаула шен тур майрачунна тоьхча, тІингар чуьра иза эрна юха ца даьккхира.

23

Шаул а, ЯхІуната а, шаьшшиъ вехачу хенахь хьоме а, нехан безам болуш а вара, Іожаллехь а ца къаьстина и шиъ вовшех. Аьрзунел сиха а, лоьмел ницкъ болуш а вара и шиъ.

24

Исраилхойн мехкарий! Шаьш таьІна-цІен бедаршца кечдеш, дешица шун духар кхелина волчу Шаулна тІаьхьа делхалаш.

25

Ма хІаллакьхили и къонахий тІеман аренгахь! Ма вийна-кх ЯхІуната, лакхенашкахь Іуьллуш волу!

26

Ма гІайгІане ву со, сан ваша ЯхІуната! Суна хьо чІогІа хьомсара вара. Зударийн соьца болчу безамал а, хьан безам суна беза бара.

27

Ма хІаллакьхили ницкъ берш! ТІеман герз ма хІаллакьхили!»

© 2018 Дом Молитвы. Христианская Интернет Миссия.