2. Паралипоменон

1

Даудан кІентан Сулиман шен пачхьалкхана тІехь куьйгалла дар чІагІлуш лаьтташ дара. Цуьнан Веза Дела цуьнца вара. Цо Сулим вазвира.

2

Сулим-паччахьо омра дира, берриг а исраилхой схьагулбе аьлла: тІеман коьрта хьаькамаш а, тІеман хьаькамаш а, кхелахой а, берриг а Исраил-махкара массо а куьйгалхо а, доьзалийн баьчча а.

3

Иштта Сулим а, берриг а гулбелларш а ГавІон-гІаларчу гу тІе бахара, хІунда аьлча Везачу Элан ялхо волчу Мусас яьссачу аренгахь ша волуш дина гуламан четар цигахь хІинца а лаьтташ дара.

4

Делан бертан тІорказ Кхиръят-ЯІарим-гІалара Ярушалаймехь ша кечйинчу метте схьадеанера Дауда, цунна четар а дина.

5

Ткъа Хьорин кІентан Урин кІанта Бацалиала бина сагІа доккху цІестан кхерч цигахь, ГавІонерачу гу тІехь, Везачу Элан четарна хьалха битинера. Цигахь Сулим-паччахь а, цуьнца баьхкинарш а Везачу Элах дагабевлира.

6

ТІаккха, гуламан четар долчу, Везачу Элана хьалха, оцу цІестан кхерча тІе а кхаьчна, цунна тІехь эзар дийнат а дагош, сагІа даьккхира Сулим-паччахьо.

7

Цу буьйсанна Сулимна гІенахь Дела дуьхьалхІоьттира. Цо элира: «Деха хьайна луъург».

8

Сулим-паччахьо Деле жоп делира: «Ахьа, сан дена Даудана доккха дика дина, со цуьнан метта паччахь а хІоттийна.

9

Ва Веза Дела, кхочушхуьлийла Ахьа сан дена Даудана йина чІагІо. Лаьттан чан санна дукха долчу халкъана тІехь, Ахьа, со паччахь а вина, дІахІоттийна дела,

10

лохьа суна хьекъалалла а, хаарш а, хІокху халкъана тІехь аса куьйгалла муха дан деза хаархьама, хІунда аьлча хьаьнга далур ду хІокху Хьан дуккха а долчу халкъана тІехь урхалла?»

11

Дала Сулиме элира: «И ахь дехнарг хьан деган лаам хиларна а, бахам а, хьал а, сийлалла а, хьайн мостагІийн синош хІаллакдар а, иштта хьайн дахаран хан яхъяр а ца доьхуш, Аса хьо паччахь хІоттийначу Сан халкъана тІехь урхалла дархьама, хьайна хьекъалалла а, хаарш а ахьа дехарна,

12

лур ду Ас хьуна хьекъалалла а, хаарш а. Иштта бахам а, хьал а, сийлалла а лур ду Аса хьуна, хьол хьалха хиллачу паччахьийн а, хьол тІаьхьа хир болчийн а доцучу тайпана».

13

ТІаккха Сулим-паччахь ГавІонерачу гу тІехь долчу гуламан четар долчуьра Ярушалайме юхавирзира. Цо исраилхошна тІехь паччахьалла дира.

14

Сулим-паччахьо гІудалкхаш а, дой а гулдира. Иштта цуьнан цхьа эзар йиъ бІе гІудалкх а яра, шийтта эзар дин а бара. Цо уьш гІудалкхаш дІахІоттош йолчу гІаланашкахь а, ша волчохь Ярушалаймехь а дІатарйира.

15

Детин а, дешин а барам тІулгаш долччул дукха хилла дІахІоттийра цо Ярушалайм-гІалахь. Лаьмнийн кІажашкахь долчу диттийн барам а дезачу баганан диттийн бараме нисбина, дІахІоттийра Сулим-паччахьо.

16

Ткъа говраш Мисар-махкара а, Килик цІе йолчу махкара а ялайора Сулим-паччахьо. Паччахьан совдегарша Килик-махкахь и говраш ахчанах схьаоьцура.

17

Мисар-махкара ялочу гІудалкхан мах ялх бІе дато шекхал бара, ткъа цигара балочу динан мах цхьа бІе шовзткъе итт дато шекхал бара. Иштта уьш ерриш а хьетахойн а, арамхойн а паччахьашна схьаялайора совдегарша.

© 2018 Дом Молитвы. Христианская Интернет Миссия.