3. Иоанна
1

1

Тхьамда волчу аса яздо хьоьга хІара кехат, сан хьоме Гаяс. Суна хьо билггал дукхавеза.

2

Сан хьоме доттагІа, ас доІа до, хьо могуш-маьрша хилийтар а, массо а агІор хьан дика хилийтар а доьхуш, хьан синан агІо дика ма-хиллара.

3

Суна чІогІа хазахийтира, цхьаболчу динан вежарша, кхуза а баьхкина, тоьшалла дича, хьо билггал долчу бакъдолчунна тешаме а ву, цуьнца хьо кхидІа а лелаш ву аьлла.

4

Суна массо а хІуманал хазахеташ дерг ду, сан динан бераш гуттара а билггал бакъболчу некъахула лелар.

5

Сан хьоме доттагІа, динан вежаршна дечу гІуллакхашна тІехь хьо чІогІа тешаме ву, уьш хьайна бевзаш а боццушехь!

6

Кхузахь йолчу динан тобанна хьалха цара тоьшалла дира хьан безамах. Далла хазахетачу тайпана уьш новкъа бахар дика хир дара хьуна.

7

Дала леррина Къобалвинчун дуьхьа буьйлабелла лелаш ма бу уьш, дин доцучу нахе гІо а ца доьхуш.

8

Цундела вай, динан вежарша, ишттачу нахана оьшшург дІадала деза, вай ваьш а бакъдолчун дуьхьа цара дечу гІуллакхийн декъахь хилархьама.

9

Хьо вехачохь йолчу динан тобане кехат яздинера ас, амма Дайтарпана со къобал ца во, хІунда аьлча цунна динан тобанан коьртехь ша хила лаьа.

10

Цундела со шу долчу веача, аса динан тобане ма-дарра дІадуьйцур ду Дайтарпана лелочух лаьцна. Цо тхох лаьцна харцдерг дуьйцу, ткъа, иза дина а ца Іаш, тхан динан вежарий тІе а ца оьцу цо. Иштта цо новкъарло йо оцу тобанехь болу и динан вежарий тІеэца лууш болчарна а. Цо уьш динан тобанна юкъара дІа а боху.

11

Хьоме доттагІа! Зулам лелочарах тар ма лолахь, амма дика дечу адамех тера хилалахь. Дика дечун гІуллакхаша гойту – иза Делера хилар. Ткъа зулам лелочун гІуллакхаша гойту – цунна Дела гина ца хилар.

12

Динан тобанна юкъарчу хІораммо а тоьшалла до Дамарти дика стаг хиларх. Бакъдолчо а тоьшалла до цунах. Иштта оха а тоьшалла до иза дика стаг хиларх. Ткъа шуна-м хаьа, оха до тоьшалла бакъ дуйла.

13

Кхин дуккха а хІума дара сан хьоьга яздан, амма шекъанца кехата тІехь яздан ца лаьа суна иза.

14

Аса дог доху, кестта хьо гаре, юьхь-дуьхьал а волуш, вовшашца къамел дархьама.

15

Маьрша Іойла хьо! Хьан доттагІаша маршаллаш доуьйту хьоьга. Хьан тобанехь волчу хІоранга а шен-шен цІарах маршалла далар доьху ас.

© 2018 Дом Молитвы. Христианская Интернет Миссия.