4. Царств

1

Ахьаб-паччахь веллачул тІаьхьа Муаби-мехкан халкъ исраилхошна дуьхьал гІаьттира.

2

Ахьаз-ЯхІу-паччахьна, Шамран-гІалахь долчу шен цІенойн лакхарчу цІийнан дечиган гурахула чу а воьжна, чов хилира. Цо геланчаш бахийтира, цаьрга иштта а олуш: «Даха а гІой, Іекхран-гІаларчу цІу-дела волчу БаІал-Забубе хатта: „ХІокху чевнах хьалхавер вуй те со?“ – алий».

3

ТІаккха Везачу Элан Малико тишабхочуьнга Эли-ЯхІуга элира: «Вало, хьала а гІаттий, Шамран-гІалахь Іаш а волуш, исраилхошна тІехь олалла дечу паччахьо бохуьйтуш болчу геланчашна дуьхьал а гІой, цаьрга иштта ала: „Исраилан халкъан Дела вац ткъа? ХІунда доьлху шу Іекхран-гІаларчу цІу-деле БаІал-Забубе хаттар дан?

4

Паччахьо и дарна, Везачу Эло иштта боху: ‘Хьо, вижина Іуьллучу меттара кхин хьала а ца гІоттуш, лийр ву’“». Эли-ЯхІу-пайхамар и дІаала вахара.

5

Бахийтинарш Ахьаз-ЯхІуна тІе юхабирзира. Паччахьо цаьрга элира: «Шу юха хІунда дирзи?»

6

Геланчаша жоп делира: «Тхуна дуьхьал цхьа стаг кхийтира. Цо тхоьга элира: „Дуьйло, шаьш схьахьажийначу паччахьна тІе юхадерза. Аша цуьнга дІаала: ‘Иштта боху Везачу Эло: Исраилан халкъан Дела вац ткъа? Ахьа хІунда бохуьйту Іекхран-гІаларчу цІу-дела волчу БаІал-Забубина тІе хаттарца? Цундела хьо, вижина Іуьллучу меттара кхин хьала а ца гІоттуш, лийр ву’“».

7

Паччахьо хаьттира цаьрга: «ТІехьаьжна муха вара, шуна дуьхьал а веана, шуьга и дешнаш аьлла волу стаг?»

8

Цара жоп делира: «Цу стеган дегІа тІехь дукха чоьш а дара, гІодаюкъах дихкина тІаьрсиган доьхка а дара». Ахьаз-ЯхІус элира: «Иза тишабхо волу Эли-ЯхІу ву».

9

Шовзткъе итт тІемалочуьнца волу хьаькам вахийтира цо Эли-ЯхІуна тІе. Иза Эли-ЯхІуна тІевахара. Ткъа Эли-ЯхІу ломан боххьехь вара. Хьаькамо Эли-ЯхІуга элира: «Делан стаг! Паччахьо чувосса боху хьоьга».

10

Эли-ЯхІус жоп делира цуьнга: «Со Делан стаг велахь, стигалара цІе а йоьссина, хьо а, хьан тІемалой а дІакхоллийла цо». Юха, стигалара цІе а йоьссина, оцу цІеро тІемалойн хьаькам а, цуьнан шовзткъе итт тІемало а дІакхаьллира.

11

ТІаккха паччахьо кхин а цхьа тІемалойн хьаькам а, цуьнан шовзткъе итт тІемало а вахийтира Эли-ЯхІуна тІе. Оцу тІемалойн хьаькамо а элира: «Делан стаг, паччахьо сихха чувосса боху хьоьга!»

12

Эли-ЯхІус, жоп луш, элира: «Со Делан стаг велахь, стигалара цІе а йоьссина, хьо а, хьан тІемалой а дІакхоллийла цо». Стигалара цІе а йоьссина, оцу цІеро тІемалойн и хьаькам а, цуьнан шовзткъе итт тІемало а дІакхаьллира.

13

ТІаккха кхозлагІа а вахийтира паччахьо тІемалойн хьаькам шен шовзткъе итт тІемалочуьнца. Цо, лома тІе хьала а ваьлла, Эли-ЯхІуна хьалха гора а вахана, дехарш а деш, элира: «Делан стаг! Сох а, оцу хьан лай волчу шовзткъе итт тІемалочух а къинхетам бехьа. Тхо дийна дитахьа!

14

Гой хьуна, стигалара йоьссинчу цІеро сол хьалха схьавеана волу тІемалойн ши хьаькам, хІорра а, шен шовзткъе итт тІемалочуьнца цхьаьна дІакхаьллина. Амма сох хІинца къинхетам бахьара ахь!»

15

Везачу Элан Малико Эли-ЯхІуга элира: «Кхера а ца кхоьруш, дІагІо цуьнца». ТІаккха Эли-ЯхІу, хьала а гІаьттина, тІемалойн хьаькамца паччахьна тІевахара.

16

Эли-ЯхІус элира паччахье: «Иштта боху Везачу Эло: „Ахьа, Іекхран-гІаларчу цІу-далла БаІал-Забубина тІе хаттарш эцна геланчаш бахийтира, Исраилан халкъан Дела воцуш санна, Дала бохург хаархьама. Цундела, вижина Іуьллучу цу меттара кхин хьала а ца гІоттуш, лийр ву хьо“».

17

Эли-ЯхІу-пайхамарехула Везачу Эло ма-аллара, Ахьаз-ЯхІу велира. ТІаккха Ахьаз-ЯхІун метта паччахь хІоьттира цуьнан ваша Йорам, хІунда аьлча Ахьаз-ЯхІун шен кІант вацара. Иза дара яхІудхойн паччахь волчу ЯхІушаптин кІанта ЯхІурама олалла динчу шолгІачу шарахь.

18

Ахьаз-ЯхІу-паччахьо динчу гІуллакхех лаьцна – цо мел динчух лаьцна – яздина ду Исраилхойн паччахьийн тептар тІехь.

© 2018 Дом Молитвы. Христианская Интернет Миссия.