1 2

1

Дари-Ваша-паччахьо паччахьалла динчу шолгІачу шеран, йолхалгІачу беттан, хьалхарчу дийнахь Хьагай-пайхамарехула Везачу Элан хаам кхечира. И хаам ЯхІуд-мехкан мехкада волчу Шалтаалан кІанте Зурбабелна а, коьрта динан да волчу ЯхІу-ЦІадакъан кІанте ЮшаІана а лерина бара.

2

Иштта элира массо а ницкъийн Везачу Эло: «Кху халкъо боху: „Везачу Элан цІа до хан хІинца а ца кхаьчна“».

3

Хьагай-пайхамарехула халкъе Везачу Элера хІара хаам кхечира:

4

«Ткъа, хІара Сан цІа дассийна лаьттачу хенахь, куц а далош, шаьш динчу цІеношкахь шу Іан мегаш йолу хан тІекхаьчний?

5

Цундела хІинца иштта боху массо а ницкъийн Везачу Эло: „Шайн дегнаш леррина тІедерзаде шаьш бечу некъаш тІе.

6

Аша дуккха а дІадоь, амма кІеззиг схьагулдо. Аша юург йоу, амма шу дуза а ца дузу. Аша мала а молу, амма шу хьогах дуьсу. Аша тІе бедарш юху, амма шу дох ца ло. Аша доккху алапа Іуьрг долчу кисана доьду“.

7

Массо а ницкъийн Везачу Эло иштта боху: „Шайн дегнаш леррина тІедерзаде шаьш бечу некъаш тІе.

8

Лаьмнаш тІе а довлий, дитташ а хедадай, уьш схьада, тІаккха Делан цІа юхаметтахІоттаде. И гІуллакх Суна хаза а хетар ду, иштта Сан сий а ойур ду“, – боху Везачу Эло.

9

„Аша дуккха а долчу хІумане сатуьйсу, амма кІеззиг бен ца хуьлу шуна. Ткъа аша шайн цІа деанарг, Аса Сайн садеІарца дІадаьккхина. ХІунда ду иза иштта? – боху массо а ницкъийн Везачу Эло. – Шу хІорра а, сихло, шайн-шайн цІа доьлхучу хенахь, Сан цІа хІинца а доьхна лаьтта дела ду иза.

10

И бахьанехь стигал а дІакъовлаелла, шуна тхи а ца луш. Лаьтто ялта а ца ло шуна.

11

Аса лаьттахь а, лаьмнаш тІехь а йокъа хІоттийра. И йокъа бахьана долуш ялта а ца хилла, керла чагІар а ца даьлла, зайтдаьтта а ца даьккхина, лаьтто мел кхиош дерг хьала а ца даьлла. Йокъано талхийна лаьтташ ду адамаш а, бежанаш а, шайн куьйгашца аша къа мел хьегнарг а“».

12

ТІаккха Шалтаалан кІанта Зурбабела а, ЯхІу-ЦІадакъан кІанта коьрта динан да волчу ЮшаІа а, дисинчу дерриге а халкъо а шайн Везачу Делан озе ладуьйгІира. Хьагай-пайхамаро шайна бинчу хааме ладуьйгІира цара, хІунда аьлча Хьагай церан Везачу Дала схьаваийтина вара. Везачу Эле ларамах дуьзна дара халкъ.

13

ТІаккха Везачу Элан геланча волчу Хьагайс Везачу Элера болу хІара хаам бира халкъе: «„Со шуьца ву!“ – боху Везачу Эло».

14

ЯхІуд-мехкан мехкада волчу Шалтаалан кІентан Зурбабелан а, коьрта динан да волчу ЯхІу-ЦІадакъан кІентан ЮшаІан а са а, дисинчу халкъан са а иракарахІоттийра Везачу Эло. Уьш, схьа а баьхкина, шайн Делан, массо а ницкъийн Везачу Элан цІийнаца боьзна белхаш бан буьйлабелира.

15

Иза дара Дари-Ваша-паччахьо паччахьалла динчу шолгІачу шеран йолхалгІачу беттан ткъе доьалгІачу дийнахь.

© 2018 Дом Молитвы. Христианская Интернет Миссия.