1 2 3 4 5 6 7 8 9

1

ХІара дешнаш ТакхоІарчу жаІуйх цхьаъ волчу Іамосан ду. Цунна уьш, Исраилан халкъах хиндолчух лаьцна шена сурт хІоьттича, хезнера. Иза, яхІудхойн паччахьо Іузи-ЯхІус а, исраилхойн паччахьо, ЯхІуашан кІанта, ЯрбаІама а паччахьалла дечу хенахь, мохк бегабале, ши шо хьалха дара.

2

Іамоса иштта элира: «Веза Эла Цийон-ломара къевкъар ву, Ярушалаймера а схьахозуьйтур ду Цо Шен аз. ТІаккха дежийлаш а якъалур ю, Кармал-ломан бохь а бакъалур бу».

3

Иштта боху Везачу Эло: «Дамасакхан бахархоша юх-юха деш долу зуламаш бекхам ца беш дуьтур дац Ас, хІунда аьлча цара ГалІад-гІала аьчка гІирсаца эрина.

4

Хьазиал-паччахьан цІенна тІе цІе хоьцур ю Ас, Бен-Хьадидан гІепаш а ягор ю цу цІеро.

5

Дамасакхан кевнаш а дохор ду Ас, Авайн-тогІин бахархой а хІаллакбийр бу, Байт-Іедан цІийнера олаллин гІаж шен карахь йолуш верг а вуьйр ву. Ткъа арамхойн халкъ Кхир-кІошта йийсаре дІагІур ду», – боху Везачу Эло.

6

Иштта боху Везачу Эло: «Іази-гІалин бахархоша юх-юха деш долу зуламаш бекхам ца беш дуьтур дац Ас, хІунда аьлча цара дийнна яртийн бахархой йийсаре дІабеллера, Эдоман карабахийтархьама.

7

Іази-гІалин пенашна тІе а цІе хьажор ю Ас. Цо хІаллакйийр ю цуьнан гІепаш.

8

Ашдод-гІалин бахархой а хІаллакбийр бу Ас. Ашкхилун-гІалахь олаллин гІаж дІалаьцнарг а вохор ву Ас. Іекхран-гІалина тІе а кховдор ду Ас Сайн куьг, пІелаштамхойх дисина халкъ а хІаллакьхир ду», – боху Хьалдолчу Эло.

9

Иштта боху Везачу Эло: «Цора-гІалин бахархоша юх-юха деш долу зуламаш бекхам ца беш дуьтур дац Ас, хІунда аьлча цара дийнна яртийн бахархой йийсаре Эдомана дІабеллера, царна дага ца беара исраилхошца бина вежараллин барт.

10

Цора-гІалин пенашна тІе а хьажор ю Ас цІе, цо хІаллакйийр ю цуьнан гІепаш».

11

Иштта боху Везачу Эло: «Эдоман бахархоша юх-юха деш долу зуламаш бекхам ца беш дуьтур дац Ас, хІунда аьлча уьш шайн вежаршна, тур а айина, тІаьхьабевлла лелла. Гергарлонан марзо хер а йина, даим дарбелла лелаш, шайн оьгІазалла цкъа а ца юьтура цара.

12

Теман-гІалина тІе а цІе хьажор ю Ас, цу цІеро хІаллакйийр ю Бацар-гІалин гІепаш а».

13

Иштта боху Везачу Эло: «Іамминхоша юх-юха деш долу зуламаш дуьтур дац Ас бекхам ца беш, хІунда аьлча цара берах болу зударий цистина ГалІадехь, шайн латтанийн доза шордархьама.

14

Ас цІе хьажор ю Рабба-гІалин пенашна тІе. Цо хІаллакйийр ю гІалин гІепаш: тІом дІабоьдучу дийнахь – маьхьаршца, йилбазмох болчу дийнахь – йилбазмехаца.

15

Цу гІалин паччахь а вуьгур ву йийсаре, цуьнца цхьаьна цуьнан лоруш болу нах а буьгур бу», – боху Везачу Эло.

© 2018 Дом Молитвы. Христианская Интернет Миссия.