Аввакум
1 2 3

1

ХІара бу Хьабукъа-пайхамарна Делера кхаьчна болу хаам.

2

Веза Эла, ас орца мел дохур ду те – Хьуна дІа а ца хезаш, ас цІогІа мел хьоькхур ду те – къизалла ечух Ахь кІелхьар а ца воккхуш?

3

ХІунда хьоьжуьйту Ахь со зуламашка? Муха лов Ахьа харцонашка хьежар? Суна хьалха хІаллакдар а, къизалла яр а ду. Массанхьа а девнаш а, къийсарш а ду.

4

И бахьана долуш Іедалан ницкъ байна, нийса кхелъяр а дац. Іесачо Делан лаамехь верг кІелвуьту дела, кхелъяр а харцонца чекхдолу.

5

ТІаккха Везачу Эло нахе иштта элира: «Хьовсийша халкъашна юкъа, тергаме хьовсалаш, шу чІогІа цецдевр ду, хІунда аьлча шун дахаран деношкахь цхьамма шайга уьш дийцича, цкъа а шу тешар доцу хІума дийр ду Ас.

6

Ас хашадхой гІовттор бу, къиза а, эргІада а долу и халкъ. Уьш лела лаьттан аре мел ю, нах Іаш йолу шайн йоцу меттигаш шайн дола яхархьама.

7

И халкъ кхерам тосуш а, нах Іадош а ду. Цара еш йолу кхел а, церан олалла а цаьргара шайгара схьадолу.

8

Церан говраш цІоькъабергел сиха ю, уьш буьйсанна лелачу берзалойл а луьра ю. Церан береш схьахахкабевлла богІу, церан дошлой геннара схьабогІу. Ижуна тІекхета аьрзу санна, тІемабевлла схьабогІу уьш.

9

Мехкашна чу а гІерташ, церан эскарш ницкъ бан Іалашо йолуш ду, малхбалера мох санна йолу церан къизалла тобанел а хьалхаяьлла йогІу. Цара йийсархой дІалоцу, гІум санна.

10

Цара паччахьаш хьийзабо, баьччанех царна белам хилла. Муьлххачу а чІагІонах бийлало уьш, го беш, баьрзнаш а хІиттадой, уьш дІалоцу цара.

11

ТІаккха уьш, чехка мох санна, тІех а бевлла, дІабовлу. Уьш къилахь нах бу, хІунда аьлча шайн ницкъах шайна дела кхоьллина цара».

12

Веза Эла, Хьо вац ткъа ширачу заманашкара дуьйна волу сан Дела, сан Везаниг? Тхо лийр дац! Веза Эла, хашадхой Ахь къобалбина бу, цаьрга кхел яйтархьама. Сан тарх! Уьш Ахь билгалбаьхна бу таІзар дайтархьама.

13

Вонашка хьежа тІех цІена бу Хьан бІаьргаш. Зуламашка хьоьжуш Хьо Іалур ма вац! Тешнабехк лелораш хІунда лов Ахь? Шайл бакъахьаранаш Іесачара дІакхаллар вист ца хуьлуш хІунда лов те Ахь?

14

ХІунда дуьту Ахь адамаш, хи чуьра чІерий а, шайна тІехь олахой боцу текхаргаш а санна?

15

Хашадхоша уьш берриш а мІерашца хьалабоху, цара шайн бойнашца дІа а лоцу, уьш шайн эвнаш чу схьа а гулбо. Цу бахьанина хазахетар а хилла, баккхийбеш бу уьш.

16

Цундела цара сагІанаш дахьа шайн эвнна, кІур а туху шайн бойнна. ХІунда аьлча оцу эвнах а, оцу бойнех а церан гайш дуьзина а хуьлу, церан шортта рицкъа а хуьлу.

17

Даим яссо мега те цара шайн эвнаш, къа ца хеташ даим халкъашна ницкъ бан мега те цара?

© 2018 Дом Молитвы. Христианская Интернет Миссия.