1

Мисар-махкара исраилхой арабевллачул тІаьхьа шолгІачу шеран, шолгІачу беттан хьалхарчу дийнахь Синай олучу яьссачу аренгахь, гуламан четар чохь, Веза Эла Мусага вистхилира. Цо элира:

2

«Дерриг а Исраилан халкъан, дагар а деш, хьесап де, церан тукхамашка а, доьзалшка а хьаьжжина. ХІорра а боьршачу стеган цІе дІаязъе.

3

Ахьа а, АхІарона а ткъа шо а, цул лакхара а хан йолу нах, шайн тІеман тобанашца багар а бай, Исраилан халкъан эскарехь гІуллакх дан мегаш болчеран хьесап де.

4

Шайн доьзалехь баьчча волу хІора тайпан юкъара цхьацца стаг хила веза шуьца.

5

Шуьца хинболчу нехан цІераш хІорш ю: Раабанан тІаьхьенах – Шидауран кІант Элицур;

6

ШимІин тІаьхьенах – Цура-Шидин кІант Шелумиал;

7

ЯхІудан тІаьхьенах – Іамминадабан кІант Нахьшон;

8

Исраилан тІаьхьенах – ЦуІаран кІант Натунаил;

9

Забулан тІаьхьенах – Хьелонан кІант Элиаб;

10

Юсупан кІентех: Эпрайман тайпанах волу ІамихІудан кІант Эли-ШамаІ а, Маннашан тІаьхьенах волу Падацуран кІант Гамлиал а;

11

Бен-Яманан тІаьхьенах – ГидІонин кІант Авдани;

12

Данан тІаьхьенах – Іами-Шидин кІант АхьиІазар;

13

Ашаран тІаьхьенах – Іухранан кІант ПагІиал;

14

Гадин тІаьхьенах – ДаІуалан кІант Элъясайп;

15

Напталан тІаьхьенах – Іайнанан кІант АхьираІ».

16

Уьш бу халкъана юкъара схьакхайкхина болу, шайн дайн тукхамашкахь тхьамданаш болу, исраилхойн тайпанийн коьртехь болу нах.

17

ЦІераш яьхна и нах шайца дІабигира Мусас а, АхІарона а.

18

ШолгІачу беттан хьалхарчу дийнахь дерриге а халкъ дІагулдира цара. ТІаккха халкъо цаьрга дІадовзийтира шайн схьадовлар, шайн тукхамашка а, доьзалшка а хьаьжжина. ХІора а ткъа шо а, цул лакхара а хан йолчун цІе дІаязйора,

19

Везачу Эло Мусана тІедиллина ма-хиллара. Иштта халкъан хьесап дира Мусас Синай олучу яьссачу арахь.

20

Исраилан дуьххьарлера доьзалхо волчу Раабанан тІаьхьенах дІаязвира, шайн тукхамашка а, доьзалшка а хьаьжжина, хІораннан цІе а йоккхуш, ткъа шо а, цул лакхара а хан йолу, эскарехь гІуллакх дан мегаш волу массо а боьрша стаг.

21

Раабанан тайпанах багарбинарш шовзткъе ялх эзар пхи бІе стаг вара (46500).

22

ШимІин тІаьхьенах дІаязвира, шайн тукхамашка а, доьзалшка а хьаьжжина, хІораннан цІе а йоккхуш, ткъа шо а, цул лакхара а хан йолу, эскарехь гІуллакх дан мегаш волу массо а боьрша стаг.

23

ШимІин тайпанах хьесап динарг шовзткъе ткъайоьсна эзар кхо бІе стаг вара (59300).

24

Гадин тІаьхьенах дІаязвира, шайн тукхамашка а, доьзалшка а хьаьжжина, хІораннан цІе а йоккхуш, ткъа шо а, цул лакхара а хан йолу, эскарехь гІуллакх дан мегаш волу массо а боьрша стаг.

25

Гадин тайпанах вагарвинарг шовзткъе пхи эзар ялх бІе шовзткъе итт стаг вара (45650).

26

ЯхІудан тІаьхьенах дІаязвира, шайн тукхамашка а, доьзалшка а хьаьжжина, хІораннан цІе а йоккхуш, ткъа шо а, цул лакхара а хан йолу, эскарехь гІуллакх дан мегаш волу массо а боьрша стаг.

27

ЯхІудан тайпанах вагарвинарг кхузткъе вейтта эзар ялх бІе стаг вара (74600).

28

Иссарханан тІаьхьенах дІаязвира, шайн тукхамашка а, доьзалшка а хьаьжжина, хІораннан а цІе а йоккхуш, ткъа шо а, цул лакхара а хан йолу, эскарехь гІуллакх дан мегаш волу массо а боьрша стаг.

29

Иссарханан тайпанах хьесап винарг шовзткъе вейтта эзар виъ бІе стаг вара (54400).

30

Забулан тІаьхьенах дІаязвира, шайн тукхамашка а, доьзалшка а хьаьжжина, хІораннан цІе а йоккхуш, ткъа шо а, цул лакхара а хан йолу, эскарехь гІуллакх дан мегаш волу массо а боьрша стаг.

31

Забулан тайпанах хьесап винарг шовзткъе вуьрхІитта эзар виъ бІе стаг вара (57400).

32

Юсупан кІант волчу Эпрайман тІаьхьенах дІаязвира, шайн тукхамашка а, доьзалшка а хьаьжжина, хІораннан цІе а йоккхуш, ткъа шо а, цул лакхара а хан йолу, эскарехь гІуллакх дан мегаш волу массо а боьрша стаг.

33

Эпрайман тайпанах хьесап винарг шовзткъа эзар пхи бІе стаг вара (40500).

34

Маннашан тІаьхьенах дІаязвира, шайн тукхамашка а, доьзалшка а хьаьжжина, хІораннан цІе а йоккхуш, ткъа шо а, цул лакхара а хан йолу, эскарехь гІуллакх дан мегаш волу массо а боьрша стаг.

35

Маннашан тайпанах хьесап винарг ткъе шийтта эзар ши бІе стаг вара (32200).

36

Бен-Яманан тІаьхьенах дІаязвира, шайн тукхамашка а, доьзалшка а хьаьжжина, хІораннан цІе а йоккхуш, ткъа шо а, цул лакхара а хан йолу, эскарехь гІуллакх дан мегаш волу массо а боьрша стаг.

37

Бен-Яманан тайпанах хьесап винарг ткъе пхийтта эзар виъ бІе стаг вара (35400).

38

Данан тІаьхьенах дІаязвира, шайн тукхамашка а, доьзалшка а хьаьжжина, хІораннан цІе а йоккхуш, ткъа шо а, цул лакхара а хан йолу, эскарехь гІуллакх дан мегаш волу массо а боьрша стаг.

39

Данан тайпанах хьесап винарг кхузткъе ши эзар ворхІ бІе стаг вара (62700).

40

Ашаран тІаьхьенах дІаязвира, шайн тукхамашка а, доьзалшка а хьаьжжина, хІораннан цІе а йоккхуш, ткъа шо а, цул лакхара а хан йолу, эскарехь гІуллакх дан мегаш волу массо а боьрша стаг.

41

Ашаран тайпанах хьесап винарг шовзткъе цхьа эзар пхи бІе стаг вара (41500).

42

Напталан тІаьхьенах дІаязвира, шайн тукхамашка а, доьзалшка а хьаьжжина, хІораннан цІе а йоккхуш, ткъа шо а, цул лакхара а хан йолу, эскарехь гІуллакх дан мегаш волу массо а боьрша стаг.

43

Напталан тайпанах хьесап винарг шовзткъе кхойтта эзар виъ бІе стаг вара (53400).

44

Уьш бара Мусас а, АхІарона а хьесап биначарна юкъабахана болу багарбинарш. Цара хьесап деш, цаьрца цхьаьна бара исраилхойн баьччанаш а. ХІора тайпанара цхьацца волу шийтта стаг вара уьш.

45

Шайн доьзалшка хьаьжжина, ткъа шо а, цул лакхара а хан а йолуш, Исраилан эскарехь гІуллакх дан мегаш болчу исраилхойн а динера хьесап.

46

Царах багарбинчарна юкъаваханарг вара ялх бІе кхо эзар пхи бІе шовзткъе итт стаг (603550).

47

Ткъа левихой ца богІура шайн дайн тукхамашца багарбинчарна юкъа,

48

хІунда аьлча Везачу Эло Мусага аьллера:

49

«Левин тайпанах берш багарбинчарна юкъа ма бахийта, церан исраилхошца цхьаьна хьесап а ма де.

50

Ткъа левихой къобалбе тоьшаллин четарна а, цуьнан пхьегІашна а, цуьнца доьзна долчу дерриг хІуманна а тІехь куьйгалла дан. Цаьрга леладайта и Делан четар а, цунна оьшу гІуллакх а дайта. Шаьш совца дезачу меттигехь цу четарна гонах шайн меттамотт дІахІоттабайта цаьрга.

51

Делан четар кхечу метте дахьа дезаш хилахь, иза левихошка хьалаайийта. Нагахь санна и четар охьадилла дезахь, иза левихошка охьа а диллийта. Амма цунна тІе левихойх воцу цхьа стаг тІегІортахь, иза вуьйр ву.

52

Исраилан тІаьхьенах волу хІорра а стаг шен тайпанан меттамотт болчохь а, шен байракх хьалаайина йолчохь а, шайн тІеман тобанашка хьаьжжина, саца веза.

53

Ткъа левихоша шаьш совца беза меттиг тоьшаллин четарна гонах билгалъяккха еза, исраилхошна тІехь оьгІазалла ца хилийтархьама. Левихой оцу четарна уллохь ха деш лаьттар бу».

54

И дерриг а кхочушдира исраилхоша. Везачу Эло Мусана тІедиллина ма-хиллара, кхочушдира цара и дерриге а.

© 2018 Дом Молитвы. Христианская Интернет Миссия.