Даниил
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12

1

ЯхІу-Якхам-паччахьо ЯхІуд-махкахь паччахьалла дечу кхоалгІачу шарахь Бавел-мехкан паччахьо Набухди-Нецара, ван а веана, Ярушалайм-гІалина го лецира.

2

ТІаккха Хьалдолчу Эло цуьнан кара вахийтира ЯхІуд-мехкан паччахь волу ЯхІу-Якхам. ЯхІу-Якхам-паччахь а, кхин дІадигна долу адамаш а Набухди-Нецара ШанІар-махкара шен делан цІа чу дІадигийтира. Ткъа Ярушалайм-гІалара Делан цІа чуьра цхьайолу еза хІуманаш, шен дола а яьхна, шайн делан цІа чуьра хазнина тІе дІаяхьийтира цо.

3

Паччахьо омра дира шен кертарчу хьаькамийн куьйгалхочуьнга Ашпеназе, исраилхойн тоьллачу паччахьийн а, элийн а цІийнах бевлла болу къонахой шена тІе схьабалабе аьлла.

4

Уьш хила безара шайн догІмашца цхьа а сакхталла а йоцуш, юьхьсибатца хаза а болуш, муьлхха а Іилма Іамо кхетам а болуш, Іилма девзаш а болуш, кІорггера хьекъал а долуш, паччахьан цІа чохь гІуллакх дан ларор болу къонахой. Царна Іамор ду хашадийн мотт бийца а, цу маттахь долу тайп-тайпанара тептарш деша а.

5

Иштта паччахьо тІедиллира хІора дийнахь царна шен цІа чуьра мала чагІар далар а, яа хІума ялар а. КхидІа а тІедиллира цо и къонахой кхаа шарахь кхетош-кхиор а, и хан дІаяьлча, уьш шена тІебалор а.

6

Цу къонахошна юкъахь бара ЯхІудан тІаьхьенах болу Даниал а, Хьанан-ЯхІу а, Мишаал а, Іазар-ЯхІу а.

7

Паччахьан кертара хьаькамийн коьртачу куьйгалхочо церан цІераш хийцира. Даниалх – Бел-Ташацар элира, Хьанан-ЯхІух – Шадрак элира, Мишаалах – Мешак элира, ткъа Іазар-ЯхІуна Іабди-Нага боху цІе тиллира.

8

Паччахьан цІа чуьра юучуьнца а, паччахьо молучу чагІарца а ша Далла гергахь бехлур вац аьлла, нигат дира Даниала. Цундела цо дийхира Ашпеназе Далла гергахь хьарам йолчу юучух а, маларх а ша хьакха ца валийтар.

9

Дала нисдира паччахьан кертара хьаькамийн куьйгалхо цуьнца дика хилар.

10

Цу коьртачу куьйгалхочо Даниале элира: «Кхоьру со сайн олахочух, сайн паччахьах. Цо ша хІоттийна шуна и даар-малар далар. Нагахь санна цунна шун хенара болчу къонахойл шун яххьаш гІелъелла гахь, сан корта боккхуьйтур бу аш паччахье».

11

ТІаккха Даниала ша а, шен кхо накъост а ларван коьртачу куьйгалхочо хІоттийначу гІаролхочуьнга дехар дира:

12

«Зехьа ахьа хьайн леш итт дийнахь. Балийтахьа тхуна баа беккъа хасстоьмаш а, мала хи а.

13

ТІаккха хьожур хьо тхан яххьашка а, паччахьан юург-мерг йиъначеран яххьашка а. Цул тІаьхьа хьайн лех хьайна луъург дер ахь».

14

Даниала аьлларг а дина, цо итт дийнахь зийра уьш.

15

Итт де даьлча, церан яххьаш а, догІмаш а паччахьан кхача бууш Іийначарел хаза хилла карийра.

16

Цул тІаьхьа гІароло, ойла ца керчаш, церан юург а, чагІар а, схьа а оьций, царна баа хасстоьмаш лора.

17

Цу веа а къонахчунна массо а тайпана тептарех кхетар а, Іилма хаар а, хьекъал а делира Дала. Ткъа Даниална, цул совнаха, гина гІенаш а, самах дуьхьалхІуьтту суьрташ а тида хаар делира.

18

Йийсарехь болчарна юкъара хаьржина массо а къонахой паччахьна гайта йиллина хан тІекхаьчначу хенахь, паччахьан кертара коьртачу куьйгалхочо уьш Набухди-Нецар-паччахьна тІебалийра.

19

Ша цаьрца къамелаш дича, паччахьна билгалделира цу массо а къонахошна юкъахь цхьа а Даниале а, Хьанан-ЯхІуга а, Мишаале а, Іазар-ЯхІуга а кхочуш ца хилар. ТІаккха хІорш бисира паччахьан кертахь гІуллакх дан.

20

Муьлххачу а хьекъал-кхетам оьшучу гІуллакхехь а, паччахьо хІуъа хаттар дича а, цунна карабора уьш уьттазза алсам хууш шен пачхьалкхера мел болчу бозбунчел а, эвлаяэл а.

21

Иштта Іийра цигахь Даниал, Къуреш-паччахь хІоьттина хьалхара шо тІекхаччалц.

© 2018 Дом Молитвы. Христианская Интернет Миссия.