Деяния

1

Лоруш волу Теапил, сайн хьалхарчу жайни тІехь ас яздинера хьоьга Іийсас дан а, хьеха а долийначу дерригенах а лаьцна,

2

Шен векалшна Делан Синехула омра а дина, стигала Иза хьалаваьккхинчу денна тІекхаччалц.

3

Хала баланаш а, кхалхар а лайра Цо. Юха, ден а велла, цу векалшна тІевеара Іийса, царна Ша гойтуш. Цо дукхазза а Ша денвалар билгал бакъ хилар гойтуш долу тоьшаллаш делира. Іийсас, кхин а шовзткъа дийнахь царна хьалха а хІуттуш, Делан Олаллех лаьцна дуьйцура.

4

Цкъа, векалш шуьне гул а бина, Цо омра дира цаьрга: «Ярушалайм-гІалара дІа а ма довла, Аса шуна дийцинчу, Дадас шуна лур ду аьллачу дикане сатуьйсуш а хила.

5

ХІунда аьлча Яхьъяс шу хих чекхдехира, ткъа масех де даьлча, шу Делан Синах дузур ду».

6

Мурдаша, гул а белла, хаьттира Іийсага: «Эла, Ахьа Исраилан пачхьалкх юха меттахІоттайо хан тІе ца кхаьчна?» – аьлла.

7

Цо жоп делира: «Дадас Шен бакъонца ехкина хенаш а, денош а хаар шун гІуллакх дац.

8

Амма шуна тІе Делан Са а доьссина, шуьга ницкъ беача, Сан тешаш хир ду шу Ярушалаймехь а, берриг ЯхІуд-махкахь а, Шамранан махкахь а, дуьненан йисте кхаччалц а».

9

Иза а аьлла, церан бІаьргашна хьалха стигала хьалаваьхьна волу Іийса мархи юкъахь кхарна гучуьра къайлавелира.

10

Мурдаш леррина стигала хьоьжуш лаьттара Иза хьалахьочу хенахь. ЦІеххьана царна хьалха кІайн духар тІехь долу ши стаг дІахІоьттира.

11

«Галилай-мехкан бахархой, – элира цара, – шу хІун деш лаьтта, стигала а хьоьжуш? Шу долчуьра Іийса стигала хьалавоккхуш шуна гина ма-хиллара, Иза иштта юха а вогІур ву».

12

Цул тІаьхьа векалш, Зайт-диттийн лам тІера чу а биссина, Ярушалайме баьхкира. И лам Ярушалаймана уллохь бара, садоІучу шоьтан дийнахь бан магийначу некъан барамехь хиллал.

13

ГІала а баьхкина, уьш лакхарчу цІа чохь гулбелира. Векалийн цІераш яра: Кипа, Яхьъя, Якъуб, Іандар, Пилап, ТІама, Барталамай, Маттай, ХІалпайн кІант Якъуб, Якъубан кІант ЯхІуд, ШамІа, ша тІелаьцнарг тІевирззина кхочуш дан гІертарг.

14

Уьш гуттар а цхьаьна гуллора доІанаш дан. Масех зуда а яра цаьрца, иштта Іийсан нана Марем а, Іийсан вежарий а бара.

15

Цкъа уьш гулбеллачу метте бІе ткъа гергга динан ваша веара. Кипас, хьала а гІаьттина, элира:

16

«Вежарий! Делан Йоза кхочуш ца хилча ца долу. Іийса лоцуш болчарна тІехь куьйгалла дина волчу ЯхІудах лаьцна хиндерг Делан Сино Даудехула аьлла дара оцу Йозан тІехь.

17

ЯхІуд вайх цхьаъ вара, вай Далла гІуллакх дечу хенахь вайца дакъа а лецира цо».

18

Іийсана йинчу ямартлонах шена деллачу ахчанах цо латта эцнера. Цу лаьтта тІехь велла карийна иза, даьттІачу гай чуьра араяьлла чоко а йолуш.

19

Ярушалаймехь массарна а хаьара оцу хиллачух лаьцна, цундела шайн маттахь цара «ХІакал-дама» аьллера цу лаьттах. Иза «ЦІийн латта» бохург ду.

20

«Забур тІехь цхьанхьа яздина ду: „Цуьнан керт дІатесна хуьлийла, цигахь цхьа а кхин ма вехийла“, вукхунхьа: „Далла гІуллакх дечохь цуьнан меттиг кхечо дІалоцийла“.

21

Цундела вайна оьшу гуттар а вайца Іийсана уллохь а хилла,

22

ткъа иштта Яхьъяс нах хих чекхбохуш хиллачул хенахь дуьйна, Іийса вай долчуьра стигала хьалаваккхалц хилла волу стаг. Иза, вай санна, Іийса денваларан теш хила а веза».

23

Шиъ билгалваьккхира: шех Бар-Сабба я «Юст» олу Юсуп а, Маттахьи а.

24

Векалша доІа дира: «Веза Эла! Хьуна хІораннан а дог девза, гайтахьа тхуна

25

ша ваха веззачу метте дІаваханчу ЯхІудан метта, Айхьа векал а вина, гІуллакх дан хаьржинарг».

26

Юха цара кхаж тесира. И кхаж Маттахьин белира. Иза, шийтталгІа векал а хилла, вукху цхьайттаннах дІакхийтира.

© 2018 Дом Молитвы. Христианская Интернет Миссия.