Екклесиаст
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12

1

Ярушалайм-гІалин паччахь волчу а, Даудан кІант волчу а устазо дина къамел иштта ду.

2

«Ма кІорга къайле ю! – олу устазо, – Ма кІорга къайле ю! Ма дукха хІума ду вайн кхетам тІе ца кхуьуш!

3

Стигална кІел къахьоьгуш, ша мел динчу хІуманах буьсун болу хІун пайда оьцу адамо?

4

Адамийн тІаьхье дІа а йолу, керла тІаьхье тІе а кхуьу, ткъа латта абаденналц лаьтта.

5

Малх схьа а кхета, малх дІа а бузу, иза юха а ша схьакхетачу метте баха сихло.

6

Мох къилбехьа а хьокху, къилбаседехьа юха а боьрзу. Иза, хьийзий, хьийзий, юха а шен метта схьабоьрзу.

7

Дерриге а хиш хІорда чу хьовду, амма хІорд цкъа а тІех ца болу. Шаьш схьадевллачу метте юхадоьрзу и хиш.

8

Массо а гІуллакх саццаза дІаоьху, Дийца долчух дерриг а цхьаьнгга а дийца лур дац. Хьежарх бІаьрг а бузур бац хьан, ладегІарх – лерг а дузур дац.

9

Хьалха хилларг юха а хуьлу, ткъа хьалха диннарг юха а дийр ду, стигална кІел керла хІумма а дац.

10

Цхьаццаммо олу: „Хьажахьа, хІара керла хІума ду!“ Амма иза а хилла ширачу заманахь, вайн заманал дуккха а хьалха.

11

Хьалха хилла адамаш цхьанна а хІинца дага а ца догІу, ткъа хІинца дуьйна хиндолу адамаш дагадогІур дац царна тІаьхьа хир долчу адамашна а».

12

Устаз волчу аса Ярушалайм-гІаларчу Исраилан халкъана тІехь паччахьалла дора.

13

Сан даго къобалдира кху стигална бухахь адамаша кхочушдо гІуллакхаш, хьекъалдолчара ма-дарра, кхоччуш таллар. Ма хала бу-кх Дала адамашна кхочушбан белла и болх!

14

Стигална кІел деш долу дерриге а гІуллакхаш а гира суна. Уьш дерриш а, махана Іуналла дан гІертар санна, кхетам тІе ца кхуьу хІуманаш ду.

15

Сеттина йолу хІума нис а лур яц, ткъа доцург дагар а лур дац.

16

Ас сайн дагахь элира: «Хьажал, сайл хьалха Ярушалаймана тІехь олалла деш хиллачу массарал а чІогІа хьалаваьлла со хьекъалаллица. Дуккха а кхетамалла а, хьекъалалла а тІекхетта суна».

17

Сан даго къобалдира хьекъал довзар а, иштта хьекъалх тилар а, сонталла хилар довзар а. ТІаккха со кхийтира, иза а, махана Іуналла дан гІертар санна, хІума дуйла.

18

Доккхачу хьекъалаллах боккха бала хуьлу, ткъа шена кхетам гулбечо гІайгІа гулйо.

© 2018 Дом Молитвы. Христианская Интернет Миссия.