Есфирь
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10

1

ХІара хІума хилла Ахьаш-Варуша паччахьалла дечу заманчохь. Ахьаш-Варуша паччахьалла деш хилла Индина тІера Хуша-махкана тІекхаччалц йолчу цхьа бІе ткъе ворхІ меттигна тІехь.

2

Кху дийцар тІехь юьйцучу хенахь Ахьаш-Варуша Шушан-гІалин гІопахь лаьтташ долчу паччахьан гІанта тІера паччахьалла дора.

3

Ша паччахьалла дечу кхозлагІчу шарахь Ахьаш-Варуша шен массо а элашний, шена уллохь гІуллакх деш болчарний лерина той хІоттийра. Парсихойн а, мадайхойн а эскарийн хьаькамаш а, паччахьан цІийнах схьабевлларш а, цуьнан олаллина кІел йолчу меттигийн куьйгалхой а бара цу тойнехь.

4

И той чІогІа деха лаьттира: бІе дезткъа дийнахь. Ахьаш-Варуша шен пачхьалкхан хьал а, цуьнан исбаьхьа хазалла а дІагойтура хьешашна.

5

И бІе дезткъа де дІадаьллачул тІаьхьа паччахьо Шушан-гІалин гІопахь дехаш долчу шен халкъана кхин а цхьа той дІахІоттийра. И той ворхІ дийнахь лаьттира паччахьан цІийнан бешахь йолчу кертахь. Цига кхайкхина вара уггар къечунна тІера уггар а хьалдолчу стагана тІекхаччалц волу цу гІопара массо а вахархо.

6

И керт яра кІайчу а, сийначу а басахь долчу вēтанан кІадешца кечйина. Уьш кІайн а, цІарула-цІен а долчу кІадинах йинчу тІергашца шагатІулган бІогІамашна тІе даточу хІазаршца дІатесна яра. Деших а, детих а йина садаІа меттигаш яра уьйтІахь кечйина. И уьйтІе, баьццара тІулгаш а, шагатІулгаш а, лахьорчах йоккхуш йолу хІума а, иштта Іаьржа тІулгаш а дехкина, кечйина яра.

7

Хьешашна тІекхоьхьуш долу маларш цхьаъ вукхунах тера доцучу дашочу кедаш чохь дахьаш дара. Паччахьан чагІар цуьнан хьоле хьаьжжина дукха дара.

8

Ца луучунна малар малийтар тІе ца дожадора, хІунда аьлча паччахьо дина омра дара, хІоранга а шена луъучу кепара малар малийта аьлла.

9

Паччахьан зудчо Вашатис а хІоттийнера паччахьан цІа чохь болчу зударшна лерина долу той.

10

ВорхІалгІачу дийнахь, шен дог чагІар бахьана долуш самукъадаьлла дІахІоьттинчу меттехь, паччахьо шен ваьІна волчу ворхІ ялхочуьнга МахІу-Манига, Бизатига, Хьарбунига, БигІатига, АбагІтига, Зитарга, иштта КІаркасе а омра дира,

11

шен зуда-паччахь, шен таж коьрта тІехь а долуш, схьаялае аьлла. Цунна лиира дерриг а халкъана а, массо а элашна а цуьнан исбаьхьа хазалла дІагайта. Зуда-паччахь Вашати чІогІа хаза яра.

12

Амма Вашатина ца лиира паччахьо шега баьІначу ялхошкахула дина долу омра кхочушдан. Паччахь чІогІа оьгІазвахара. Иза, дарвелла, кхехкаш вара.

13

Іедал девзаш болчу массо а хьехамчашца пачхьалкхан гІуллакхаш лелош вара паччахь. Цундела цо дІаяхана йолу зама евзаш болчу хьекъалалла долчаьрга хатта сацам бира, ша хІун дан деза аьлла.

14

Паччахьан уггар уллохь болчу хьехамчийн цІераш яра: Каршани, ШетІур, Адмати, Таршаш, Марас, Марсани, Мамихан. Парсихойн а, мадайхойн а и ворхІ эла паччахьна паргІат тІекхача йиш йолуш вара. Уьш пачхьалкхехь уггар а лакхарчу даржехь бара.

15

Паччахьо цу элашка хаьттира: «Вайна юкъахь лелаш долчу гІиллакхашца аса паччахь йолчу Вашатина хІун таІзар дан деза? Цо паччахь волчу Ахьаш-Варуша ялхошкахула шега аьлларг кхочуш ца дина».

16

ТІаккха Мамихана вукху элашна хьалха жоп делира паччахьна: «Паччахьна хьалха бехке хилла ца Іа Вашати. Иза массо а элашна хьалха а, Ахьаш-Варушан пачхьалкхехь массо а меттигашкахь дехаш долчу дерриг а къаьмнашна хьалха а ю бехке.

17

Вашатис динарг шайна дІахиъча, массо а зударий, шайн майранашца ларам боцуш, дІахІуьттур бу. Цара эр ду: „Паччахь волчу Ахьаш-Варуша, Вашати схьаялае аьлла, омра дина хилла, амма цо шега бохург ца дина“.

18

ХІинцачул тІаьхьа парсихойн а, мадайхойн а элийн зударий, паччахьан зудчо динарг шайна дІахезча, шайн майранашка изза жоп луш хир бу. Царна юкъахь цадашар а, дералла а кхоллалур ю.

19

Паччахьан лаам хилахь, цо шен сацам дІакхайкхо беза. И лакхарчу Іедалан сацам парсихойн а, мадайхойн а халкъашна юкъахь лелаш хила а беза, цкъа а юкъара дІа а ца боккхуш. Цу сацамца паччахьан зуда Вашати кхин Ахьаш-Варуш волчу чуяха йиш йолуш хила ца еза. Ткъа Вашатин паччахьан дарж цул а дикаха йолчу кхечу зудчуьнга дІадала деза паччахьо.

20

И паччахьан сацам доза ца хиллал йоккхачу массо а пачхьалкхехь нахана дІахиъначул тІаьхьа, массо а зударий шайн майранаш лоруш хир бу, цІе яхна болчарна тІера дуьйна кІезигчу нахана тІекхаччалц».

21

Паччахьна а, цунна уллохь болчарна а чІогІа тайра Мамихана аьлларг. Ахьаш-Варуша, шен эла волчу Мамихана ма-аллара, сацам тІеийцира.

22

Цо шен пачхьалкхан массо а маьІІе кехаташ дахьийтира. И кехаташ хІора меттиган абатан низамехь а, хІора цигахь дехаш мел долчу халкъан маттахь а яздина дара. Цу кехаташ тІехь аьлла дара, хІора майра шен доьзалехь эла ву, ткъа цуьнан цІахь майрачун мотт бен ма бийца аьлла.

© 2018 Дом Молитвы. Христианская Интернет Миссия.