1 2 3 4 5 6 7 8 9 10

1

Парсихойн паччахь волчу Къуреша паччахьалла дечу хьалхарчу шарахь, Ша Ярми-ЯхІугахула ваІда динарг кхочушдархьама, Везачу Эло Къурешан са карзахдаьккхира цхьа сацам дІаязбан а, ткъа и сацам дерриг а цуьнан пачхьалкхехула дІасакхайкхабайта а:

2

«Иштта боху парсихойн паччахь волчу Къуреша: стигалийн Дела волчу Везачу Эло дуьненан ерриг а пачхьалкхаш схьаелира суна, ткъа Цо тІедиллина суна, ЯхІуд-махкахь йолчу Ярушалаймехь Шена цІа де аьлла.

3

Веза Эла – Исраилан Дела ву, Ярушалаймехь волу Дела ву. Шуна юкъахь Везачу Элан халкъах мел болчаьрга аса боху: шун Дела шуьца а хуьлийла, шу ЯхІуд-махкарчу Ярушалайме а гІойла, аша Везачу Элан цІа а дойла.

4

Дийна бисина болу исраилхой болчу меттигашкарчу бахархоша гІо дан деза цу нахана. Царна дети а, деши а, бахам а, кира лело даьхни а, шайн лаамца делла совгІаташ а ло, Ярушалаймехь долчу Делан цІенна лерина долу».

5

ХьалагІевттира Ярушалайме баха кийча болу ЯхІудан а, Бен-Яманан а тайпанийн тхьамданаш а, динан дай а, левихой а. Царах волу хІора стаг а Ярушалайме Везачу Элана цІа дан воьдуш вара. Иштта Дала шена чохь и лаам кхоьллина волу массо стаг цига ваха кечвеллера.

6

Массо а лулахоша шайн лаамца гІо дора царна совгІаташца. Цара детин пхьегІашца а, дешица а, бахамца а, кира лелочу даьхница а, шайн лаамехь деллачу совгІаташца а гІо дора царна.

7

Къуреш-паччахьо Везачу Элан массо а хІума арадаьккхира, Набухди-Нецара, Ярушалаймера ара а даьккхина, шен харцделанийн цІа чу охьадиллина долу.

8

Парсихойн паччахь волчу Къуреша шен хазна карахь йолчу Митрудатина тІедиллира и хІуманаш цигара араяхар. Митрудатис уьш ЯхІудан эла волчу Шишбацаран кара дІаелира.

9

Цигара араяьхна йолу хІуманаш хІорш ю: дешин бошхепаш – ткъе итт; детин бошхепаш – цхьа эзар; арсаш – ткъе исс;

10

дешин кедаш – ткъе итт; кхидолу детин кедаш – биъ бІе итт; кхидолу кедаш – цхьа эзар.

11

Ерриг а цигахь хилларг пхи эзар йиъ бІе детиххий, дешиххий йина пхьегІа яра. Шишбацара и хІуманаш йийсархой Бавелера Ярушалайме юхабоьлхуш шеца дІаяьхьира.

© 2018 Дом Молитвы. Христианская Интернет Миссия.