Иакова
1 2 3 4 5

1

Делан а, Цо леррина къобалвинчу Іийса-Элан а лай волчу Якъубера дуьнен чухула дІасадаьржинчу шийтта тайпане маршалла ду.

2

Сан вежарий, доккха хазахетар санна ларалаш тайп-тайпана зераш шайна тІе мосазза хІуьтту.

3

Шуна-м хаьа шайн тешар зерах чекхдаларо собар кхиош дуйла.

4

И собар кхачаме хилла дІахІотта деза, шу, цхьа а дерт а доцуш, дуьззина кхачамалла долуш хилийта.

5

Амма шуна юкъахь цхьанна хьекъалалла ца тоахь, цо иза Деле деха деза. Ша луш дерг атта а, бехкаш ца дохуш а луш волчу Цо иза массарна а лур ду.

6

Амма иза тешарца а, шеко йоцуш а деха деза, хІунда аьлча шеко йолуш верг мохо ловзочу тулгІенах тера ву.

7

Иштта волчу стага, Везачу Элера цхьаъ тІеоьцур ду алий, дог а ма даха.

8

Шалха ойланаш йолу стаг ма ву иза, ша дечу хІуманна тІехь чІагІо а йоцуш.

9

Таро йоцу динан ваша синан лакхарчу хьолах воккхавеван веза,

10

ткъа таро йолуш верг синан лахарчу хьолах воккхавеван веза, хІунда аьлча иза дІавер ву дуьнен чуьра, бецан зезаг санна.

11

Малх хьала а гІоттий, йовхо йогІу. Йовхоно буц якъайо, бецан зезаг дужу, хазалла а дІайолу. Иштта хьалдолу стаг а, шен гІуллакхаш а деш, дІаволу.

12

Декъалвина ву зенашна садеттарг, хІунда аьлча иза зийначул тІаьхьа, ял санна, хедар доцучу дахаран таж лур ду цунна Ша везачарна иза лур ду аьллачу Везачу Эло.

13

Ша зуьйш волчу хенахь стага ма баха: «Дала со зуьйш ву». Вочу хІуманца Дела зелур вац, ткъа Цо Ша цхьа а ца зоь.

14

Амма хІора а шен харц лаамаша зуьйш ву, цара иза, Іеха а вой, дІалоцу.

15

Стаг харц лаамца цхьаьнакхеттачул тІаьхьа, цу харц лаамо къа кхуллу, ткъа къино, кхачаме схьа а кхаьчна, Іожалла кхуллу.

16

Шаьш Іеха ма дайта, сан хьомсара вежарий.

17

Муьлхха а дика а, кхачаме а совгІат лакхара, стигалан серлонаш кхоьллинчу Дегара догІу. Иза, уьду мархаш санна, хийцалуш вац.

18

Шен лаамца, бакъдолчу кхоаца кхоьллина Цо вай, Ша кхоьллинчарна юкъахь вай лараме хилийта.

19

Сан хьомсара вежарий, муьлхха а стаг ладогІарна сихвала веза, ткъа шен хабарна а, оьгІазаллина а собаре хила веза,

20

хІунда аьлча адаман оьгІазалло стаг Далла хьалха бакъ ца хуьлуьйту.

21

Цундела муьлхха а хьарам хІума а, вон мел лелар а дІадаккха. Далла муьтІахь а хуьлуш, шайга кховдийна а, шаьш кІелхьардаха тарлуш долу а Делан дош тІеэца.

22

Делан дош кхочушдеш болчарах хилалаш, цуьнга ладугІурш бен а ца хилла, шаьш Іехочарах тар а ца луш.

23

ХІунда аьлча, Делан даше ла а дугІуш, иза кхочуш ца деш волу стаг шен билггал йолчу юьхье куьзгана чу хьоьжучух тера ву.

24

Шега а хьаьжна, иза юьстахволу, ткъа цу сохьта шен юьхьсибат цунна дицло.

25

Амма Делан кхачаме болчу а, паргІато лучу а хьехаме леррина а хьожуш, цуьнан кхидІа а тидам а беш, вицлуш волу ладогІархо а воцуш, и хьехам кхочушбийриг ша мел дечу гІуллакхашна тІехь декъалвина хир ву.

26

Нагахь цхьаммо, ша суьпа а хеташ, шен маттана дуьрста ца йоллахь, цо ша-шен Іехаво, цуьнан суьпа хилар а даьсса ду.

27

Да волчу Далла хьалха цІена а, бехдалаза а суьпалла иштта ду: байшна а, бисина Іачу зударшна а гІо дар а, дуьнен чохь долчу вочуьнга ша бех ца вайтар а.

© 2018 Дом Молитвы. Христианская Интернет Миссия.