Иеремия

1

ХІара дешнаш Бен-Яманан тайпанан лаьтта тІехь лаьтташ йолчу Іанатот-гІаларчу динан дайх цхьаъ волчу а, Хьалкхи-ЯхІун кІентех волчу а Ярми-ЯхІун ду.

2

Ярми-ЯхІуга Везачу Элан дош кхечира, яхІудхойн паччахь Аминан кІант Юши-ЯхІу волчу хенахь. Иза дара Юши-ЯхІу паччахьаллехь волу кхойтталгІа шо.

3

Везачу Элан дош Ярми-ЯхІуга иштта кхочура яхІудхойн паччахь Юши-ЯхІун кІант ЯхІу-Якхам паччахь волчу хенахь дуьйна, Юши-ЯхІун кІанта ЦІадукъ-ЯхІус паччахьалла дечу цхьайтталгІачу шеран пхоьалгІачу батта тІекхаччалц. Оцу хенахь Ярушалайман халкъ йийсаре дІадигира.

4

Соьга, Ярми-ЯхІуга, Везачу Элан дош кхечира:

5

«Суна хьо вевзаш вара, ненан кийрахь Айса хьо кхоллале а, Аса хьо дІакъастийнера, хьо дуьнен чу валале а. Ас хьо къаьмнашна пайхамар хила дІахІоттийра».

6

ТІаккха аса элира: «Хьалдолу Эла! Суна ца хаьа муха ала деза, со хІинца а дукха жима ма ву».

7

Амма Везачу Эло суна жоп делира: «Ма ала: „Со дукха жима ву“. Аса хьо дІа мел хьажийначу метте гІур ву хьо. Аса хьайна тІедиллинарг дІа а эр ду ахьа.

8

Кхера ма кхера царах: Со массо а хенахь хьоьца хир ву, хьо кІелхьарваккхархьама». Иштта боху Везачу Эло.

9

Шен куьг дІа а дахийтина, иза сан бетах хьакхадалийтира Везачу Эло. Цо элира: «ХІинца Сайн дешнаш хьан бага дехки Ас.

10

Билггал хаа ду хьуна, тахана Аса хьо дІахІоттий халкъашка а, пачхьалкхашка а Сан цІарах вистхила. Ахьа дІахьедийр ду, уьш орамашца бухдаьхна а, дохийна а хир ду аьлла, уьш хІаллакдина а, дІадаьхна а хир ду аьлла, уьш юхаметтахІиттийна а, юхадоьгІна а хир ду аьлла».

11

ТІаккха Везачу Элан дош кхечира соьга: «ХІун го хьуна, Ярми-ЯхІу?» Аса жоп делира: «Суна бІаьлланган га го».

12

Везачу Эло элира: «Хьуна гуш дерг нийса ду. Сайн бІаьргашца хьожуш ву Со Сайн дош билггал кхочушхилийта».

13

Юха а Везачу Элан дош кхечира соьга: «Ярми-ЯхІу, хІун го хьуна?» Аса жоп делира: «Суна кхехкаш болу яй го, къилбаседехьара жимма агІор таьІна болу».

14

Везачу Эло соьга элира: «Къилбаседехьара беана болу боккха бохам оцу мехкан массо а бахархошна тІехъоьхур бу.

15

Аса кестта къилбаседехьара йолчу пачхьалкхашкара къаьмнаш схьакхойкхур ду, – боху Везачу Эло. – Цара, схьа а даьхкина, шайн паччахьийн гІанташ Ярушалайман кевнашна уллохь охьахІиттор ду. ГІалин пенашна а, иштта ЯхІуд-махкарчу массо а гІаланашна а тІелетар ду уьш.

16

Айса дІахьейина кхел кхочушйийр ю Аса Сайн къомана тІехь, цара мел лелийна вониг бахьана долуш. Суна букъ а берзийна, кхечу деланашна сагІанаш а дохуш, шайн куьйгашца кхоьллинчунна Іибадат дора цара.

17

Ткъа ахьа, Ярми-ЯхІу, хьайн гІодаюкъ а ехкий, хьала а гІаттий, Аса хьайга мел аьлларг цаьрга дІадийца. Оцу нахах ма кхера, Соьга хьо царна хьалха ца кхеравайтархьама.

18

Аса хьо хІинца чІагІйина гІала санна, аьчка бІогІам санна, йоьза пен санна, хІокху лаьтта тІехь дІахІоттийна. ЯхІудан халкъан паччахьашна а, цуьнан тхьамданашна а, динан дайшна а, массо а кху лаьттарчу халкъана а дуьхьал хьо латталур ву.

19

Уьш массо а хьуна дуьхьал хир бу, амма цаьрга хьо эшалур вац, хІунда аьлча Со хьоьца ву, – боху Везачу Эло, – Аса хьо кІелхьар а воккхур ву».

© 2018 Дом Молитвы. Христианская Интернет Миссия.