Иезекииль

1

Халкъан цхьа дакъа Бавеле дІадигначул тІаьхьа, ткъе уьтталгІачу шеран боьалгІачу беттан пхоьалгІачу дийнахь, со Кабар-хина уллохь ЯхІуд-махкара йийсаре дІабигначарна юкъахь а волуш, стигалш дІаса а еллаелла, суна Делера долу суьрташ хІиттира.

2

Оццу беттан пхоьалгІачу дийнахь (иза дара ЯхІу-Яхин-паччахь йийсаре вигначу пхоьалгІачу шарахь),

3

соьга, динан да волчу Бузин кІанте Яхьазкхиале, Везачу Элан дош кхечира, со хашадхойн махкахь Кабар-хина уллохь волуш. Цигахь суна тІе Везачу Элан ницкъ боьссира.

4

Суна, Яхьазкхиална, гира къилбаседехьара схьахьоькхуш долу дарц. Йоккха марха яра гуш, цунна юккъера стелахаьштигаш а лепаш, ткъа цунна гонах къегаш серлаюьйлуш яра. Мархина юккъехь, стелахаьштигаш долчохь, лепаш цІаста санна йолу хІума яра.

5

Дарцана юкъахь диъ дийнат санна хІума яра. ДІахьаьжча, церан кеп адамийн сибатах тера яра.

6

Делахь а цу хІораннан а йиъ юьхь а яра, биъ тІам а бара.

7

Церан когаш нийса бара, ткъа коган кІело аьттан берг санна яра, цІандина цІаста санна къегаш а яра.

8

Церан еа а агІонашкахь долчу тІемашна кІелахь адамийн куьйгаш дара.

9

Деа дийнатан яххьаш а, тІемаш а дара. Церан тІемаш вовшех дозуш дара. Шаьш дІадуьйлалучу хенахь уьш, дІаса а ца доьрзуш, муьлххачу а агІор дІадахалора.

10

Церан хІораннан а хьалхара юьхь – адаман юьхь яра, аьтто агІорниг – лоьман юьхь яра, аьрру агІор – стеран юьхь яра, ткъа хІораннан а тІехьара юьхь аьрзунан юьхь яра.

11

Церан шишша тІам царна тІехула дІасабаржийна бара. ХІораннан а шишша тІам вукхуьнан тІемех хьакхалуш бара. ХІораннан а иштта кхин а шишша тІам бара, цаьрца шайн догІмаш къайладохура цара.

12

Уьш хІорра муьлххачу а агІор дІадахалора. Шайн са дІагІертачу агІор доьлхура уьш, доьлхучу хенахь дІаса а ца доьрзуш.

13

Дийнатийн сибат, догуш долу кІегий санна, къегаш дара, хаьштигех тера а дара. Цу дийнаташна юкъахь лелаш цІе яра, иза, ткъес санна, серло етташ яра.

14

Ткъес санна, сиха дІасалелаш дара и дийнаташ.

15

Цу дийнаташка хьаьжча, суна гира царна уллохь лаьттах кхеташ йолу йиъ чкъург, церан еа агІонна уллохь.

16

ХІора чкъурган сибат цхьатерра дара. Уьш, хризолит олучу безачу тІулгех йича санна, лепаш яра, ткъа цхьа чкъург кхечу чкъургана чохь йолуш санна хеталора.

17

И чкъургаш дІайоьлхучу хенахь дийнаташна хьалха йолчу муьлхха а еа агІонгахьа дІайигалора цаьрга. Чкъургаш дІаса а ца йоьрзуш, дийнаташ нийсса дІадоьлхура.

18

Ткъа цу чкъургийн гонаш инзаре лекха дара – уьш массо а бІаьргех дуьззина дара.

19

И дийнаташ дІадоьлхучу хенахь царна уллора чкъургаш а дІаоьхура, ткъа нагахь уьш хьалаайаелча, и чкъургаш а цаьрца цхьаьна хьалаайалора.

20

Дийнаташ шайн сино дІаюьгучу метте дІадоьлхура, уьш дахначу метте и чкъургаш а дІайоьлхура цаьрца нийсса, хІунда аьлча цу дийнатийн са цу чкъургаш чохь дара.

21

И дийнаташ дІадоьлхучу хенахь, чкъургаш а дІайоьлхура, уьш сецча – совцура, уьш лаьтта тІехула хьалаайаделча, цаьрца нийсса хьалаайалора чкъургаш а, хІунда аьлча цу дийнатийн са цу чкъургаш чохь дара.

22

Церан кортош тІехула нартол санна йолу хІума яра, ша санна цІена исбаьхьа лепаш а йолуш.

23

Цу нартол бухахь дІасадахийтина церан тІемаш дара, хІораннан а тІам вукхуьнан тІомах кхеташ. Ши тІам царна тІехула дІабоьдуш бара, ткъа вукху шина тІомо церан дегІ дІахьулдора.

24

Уьш дІадоьлхучу хенахь суна церан тІемийн гІовгІа хезара. Церан тІемаша, дІадоьдуш долчу доккхачу хино санна, гІовгІа йоккхура. И гІовгІа Ницкъболчун аз санна, я эскаран гІовгІа санна хеталора. И дийнаташ дІадоьлхучуьра совццушехь, тІемаш церан агІонашна тІедуьжура.

25

Цу дийнаташа, саца а сецна, шайн тІемаш охьадахийтича, церан кортошна тІехуларчу нартолна тІехулара аз схьахезара.

26

Церан кортошна тІехуларчу нартолна тІехула саппир олучу безачу тІулгах йинчу Іаршах тера хІума яра. Цу тІехь адаман сибатехь волу цхьаъ Іаш волуш санна хетара.

27

Суна гира гІодаюкъара дуьйна хьала, шена чуьра схьайолу цІеран алу санна, иза лепачу цІастанах тера хилар. Ткъа гІодаюкъана охьа а цІе летта лепаш санна йолу хІума гира суна.

28

ДогІа догІучу хенахь мархашна юккъера схьакхетта стелаІад санна, серло яра цунна гонах йогуш.

© 2018 Дом Молитвы. Христианская Интернет Миссия.