Иисус Навин

1

Шен ялхо Муса кхелхинчул тІаьхьа Везачу Эло Мусан гІоьнча хилла волчу Нунин кІанте ЮшаІе элира:

2

«Сан ялхо Муса кхелхина. ХІинца хьо а, дерриг а хІара халкъ а, хьала а гІаттий, Йордан-хил дехьадала, Ас шуна, исраилхошна, лучу лаьтта тІе.

3

Шун ког тІебер болу муьлхха а меттиг Ас дІало шуна, Мусага Айса ма-аллара.

4

Ас шуна къилбехь йолчу яьссачу аренна тІера къилбаседехь долчу Ливанун лаьмнаш тІекхаччалц долу латта лур ду. Шун дозанаш малхбалехь долчу сийлахьчу Эпрат-хи тІера, хьетахойн латта чу а лоцуш, малхбузехь болчу боккхачу хІорда тІекхаччалц хир ду.

5

Хьан дахарехь хьуна дуьхьало ялуш цхьа а хир вац. Мусаца ма-хиллара, хир ву Со хьоьца а, хьох къаьстар а вац Со, хьо дІа а тосур вац Ас.

6

ЧІогІа а, къонахалла йолуш а хила. ХІокху халкъе Ас церан дайшна лур ду аьлла латта дола доккхуьйтур ду ахь.

7

ЧІогІа а, йоккха къонахалла йолуш а хила, Сан ялхочо Мусас кхочушбе аьлла болу берриг а товрат-хьехам леррина Іалаш а бе, кхочуш а бе. Цунна тІера аьтту а, аьрру а агІор ма верза, тІаккха айхьа дечу муьлххачу а гІуллакха тІехь ларош хир ву хьо.

8

Деша хІара хьехаман тептар массо а хенахь. Дийнахь а, буса а Іамаде иза, кху тІехь яздинарг нийсса кхочушдархьама. ТІаккха айхьа дечу гІуллакх тІехь чІогІа аьтто хуьлуш а, чІогІа беркат долуш а хир ву хьо.

9

Ас тІедуьллу хьуна: чІогІа а, къонахалла йолуш а хила, кхера а ма кхера, воха а ма воха. Хьо миччанхьа вахча а, хьоьца хьан Веза Дела ву».

10

Халкъана хьалхабевллачу нахе омра дира ЮшаІа:

11

«Нах севцинчу меттехула чекх а довлий, дІаала цаьрга: „Шайна новкъана кхача кечбе. Кхо де даьлча, Йордан-хил дехьа девр ду шу, шайн Везачу Дала шайна дола даккха луш долу латта схьаэца“».

12

Раабанан а, Гадин а тайпанашка а, Маннашан эха тайпане а ЮшаІа элира:

13

«Дагахь латтаде Везачу Элан ялхочо Мусас шайга аьлларг: „Шун Везачу Далла лиира Йордан-хин малхбале агІор долу латта шуна дІадала, иза шун мохк хилийта“.

14

Шун зударий а, бераш а, даьхни а Мусас Йордан-хил дехьа шуна деллачу лаьтта тІехь совца, ткъа массо а тІом балуш волчо, герзаца шайн вежаршна тІе а гІой, гІо де царна.

15

Везачу Эло, шун санна, шун вежарийн а сатедаллалц, цара а шун Везачу Дала гуттаренна а царна луш долу латта схьаэццалц, гІо де царна. ТІаккха, юха а дерзий, шайна Везачу Элан ялхочо Мусас Йордан-хил дехьа, малхбалехьа, деллачу лаьттан дола де».

16

Наха ЮшаІана жоп делира: «Ахь тІедиллинарг дерриг а кхочуш а дийр ду оха, дІахьажийначу гІур а ду тхо.

17

Мусага ма-доггІара, хьоьга а ладугІур ду оха, ткъа хьан Веза Дела, Мусаца санна, хуьлийла хьоьца!

18

Хьан омранна дуьхьало йинарг, ахь тІедиллинчу хІуманна тІехь хьоьга ла ца доьгІнарг муьлхха а вуьйр ву. Амма чІогІа а, къонахалла йолуш а хила!»

© 2018 Дом Молитвы. Христианская Интернет Миссия.