1 2 3

1

Патуалан кІанте Юале Везачу Элера хаам хилира.

2

ЛадогІа бохучуьнга, къаной! Тидам бе, кху мехкан массо а бахархой! Хиллий те хІара саннарг шу я шун дай баьхначу деношкахь?

3

ДІахаийта хІара шайн берашка, цаьрга а дІадийцийта церан берашка, ткъа церан берашка – хинйолчу тІаьхьене.

4

ЦІазан хьалхарчу тобано диинчух диснарг шолгІачу арданго дуура, ткъа царах диснарг кхоалгІачу арданго дуура, ткъа царах диснарг йоьалгІачу арданго чекхдоккхура.

5

Дастало, маларо дахийнарш, делха, тийжа, массо а чагІар муьйлурш, шайн багара иза дІадаьккхина дела!

6

Сан лаьтта тІе нуьцкъала а, барам боцуш дукха а цІазан эскар деана. Цуьнан цергаш лоьман цергаш санна ю, ткъа цуьнан мочхалш – стечу лоьман санна ю.

7

Цо Сан кемсийн таьллангаш а яссийна, Сан инжиран дитташ а, дохийна, дерзина а даьхна, дІакхиссина! Церан гаьннаш а кІайделла.

8

Сингаттаман духар тІе а дуьйхина, шен къоначу заманчохь дош деллачунна йоьлху йоІстаг санна, делхийша!

9

ДІасецна Везачу Элан цІа чохь кІен а, чагІаран а сагІа даккхар. Тийжаш бу Везачу Элана гІуллакх деш болу динан дай.

10

Дассийна кхаш, доьлху латта, ялта хІаллакдина, кемсийн мутт дІалекъна, зайт-дитт а маргІалдоьлла.

11

Эхьах дузийша, латталелорхой, делхийша, кемсашлелорхой, гІайгІане хилийша кІена а, мекхана а, хІунда аьлча хІаллакьхилла кхаш тІехь ялта.

12

Якъаелла кемсийн таьлланг, инжиран дитт а маргІалдоьлла. Наран дитт а, хурмин дитт а, Іожан дитт а – дерриге а дитташ дакъаделла аренгахь. Цундела массо а адамийн сакъерадалар а дІадаьлла.

13

Сингаттаман духар а духий, юкъ а ехкий, делха, динан дай! Тийжа, сагІа доккхучу кхерча тІехь гІуллакх дийраш! Схьадуьйла, сингаттаман духарш а духий, буьйсанаш яха, сан Далла гІуллакх дийраш! ХІунда аьлча шун Делан цІа чохь лелош дац кІен а, чагІаран а сагІа даккхар.

14

ДІахІоттадейша Далла марха кхабар, схьакхайкхийша халкъ динан гуламе, схьакхайкхийша къаной а, кху мехкан берриг а бахархой а шайн Везачу Делан цІа долчу. ГІо доьхуш кхайкхийша, кхайкхийша Везачу Эле!

15

ЭхІ, ма де ду-кх иза! ХІунда аьлча герга ду Везачу Эло кхел ен де. Цу дийнахь Нуьцкъалчо дерриг хІума а хІаллакдеш болу ницкъ гойтур бу.

16

Вайн бІаьргашна хьалхара дІа ца баьккхинера кхача? Вайн Делан цІийнера дІа ца даьккхина сакъерадалар а, хазахетар а?

17

ХІуш хІаллакьхилла лаьттан бухахь, уьш дакъаделла долу дела. ЧІоьнаш а яссаелла, уьш йохийна йолу дела.

18

Ма узарш до даьхнино! Хьайбанаш а ду охкаделла лелаш! Яц царна дежийлаш. УьстагІийн жаш а ду гІайгІане.

19

Хьоьга кхойкху ас, Веза Эла! ЦІеро ма ягийна яьссачу аренан дежийлаш. ЦІеран алуно дагийна аренашкара дерриге а дитташ.

20

Ур-атталла дийнаташа а орца доккху Хьоьга, охьаоьхуш хилла йолу хин Іовраш якъаелла дела, цІеро яьссачу аренан дежийлаш хІаллакйина дела.

© 2018 Дом Молитвы. Христианская Интернет Миссия.