1 2 3 4

1

Аматин кІанте Юнусе Везачу Элера хаам хилира:

2

«Хьала а гІаттий, йоккхачу Нунав-гІала гІо! Цигахь лелачу зуламечу гІуллакхех лаьцна хаам кхаьчна сан лерге. Нунав-гІалара бахархошна дуьхьал болу хьехамаш бе».

3

Юнус ваха новкъавелира. Амма иза Таршаш-гІалахьа дІаволавелира, Везачу Элах дІавадархьама. ХІордан йистехь йолчу Яппи-гІала а кхаьчна, Таршаш-гІала доьду хинкема карийра цунна. Мах а белла, оцу хинкеманна тІе велира иза, Везачу Элан юьхь-дуьхьлара дІавадархьама.

4

Амма Дала, хІорда тІехь чІогІа мох а балийтина, хІорд ловзабаьккхира. Хинкема дохха доллуш дара.

5

Кхерабелла, массо кемалелорхой маьхьарий хьоькхуш бара, хІораммо а шен-шен деланашка а кхойкхуш. Хинкеманан чуьра кира хІорда чу кхоьссира цара, кема дайдалийтархьама. Ткъа Юнус, кеманан лаха чу а воьссина, чІогІа наб кхетта вижина Іаш вара.

6

ТІаккха цунна тІевеара хинкеманан коьрта хьаькам. «Вижина хІунда Іа хьо? ХьалагІатта, хьайн Деле кхайкха! Хьан Далла дага а даьхкина, вай хІаллак ца хуьлуш дуьсур дац-те?» – элира цо.

7

Юххехь болчара барт бира: «Дуьйло, вай кхаж тосур бу, вайна тІе хІара бала балийнарг мила ву хаархьама», – аьлла. Цара кхаж тесира. Юнусана белира и кхаж.

8

ТІаккха хаьттира хІордахоша Юнусе: «Дийцахь, хьенан бехк болуш беана вайна тІе хІара беза бала? Хьо хІун лелош ву? Стенгара вогІу хьо? Мичахь бу хьан мохк? Муьлхачу къомах ву хьо?» – бохуш.

9

«Со Іебархо ву. Со латта а, хІорд а кхоьллина волу Веза Эла, стигалара Дела, лоруш ву», – аьлла, жоп делира цаьрга Юнуса.

10

Іаламат чІогІа кхерабелира нах, хІунда аьлча Юнуса ша Далла дуьхьалара къайлаваларан бахьана ма-дарра дийцинера цаьрга. Наха бохура цуьнга: «ХІунда дина-те ахьа иза?»

11

Юха а хаьттира цара Юнусе: «ХІун дан деза оха хІорд дІатейтархьама?» – хІунда аьлча хІорд карзахбаьллачуьра соцуш бацара.

12

Юнуса элира цаьрга: «Со, схьа а лаций, хІорда чу кхосса, тІаккха хІорд дІатуьйр бу шуна. Суна хаьа, со бахьана долуш тІебеаний шуна хІара беза бала».

13

Ткъа хІара нах, шайгахь ницкъ мел бу гІоьртина, пийсакаш хьекха буьйлабелира, лаьтта тІе кхачархьама. Амма цунах гІуллакх ца хилира, хІунда аьлча хІорд, карзахбаьллачуьра ца соцуш, кхин а чІогІа адамашна дуьхьалбаьллера.

14

ТІаккха кхайкхира уьш Везачу Эле: «Доьху Хьоьга, Веза Эла, ма дехьа тхо хІаллак хІокху стеган са бахьана долуш. Нагахь санна хІара стаг бехке вацахь, цуьнан цІий тхох ма хьарчадехьа, хІунда аьлча Ахьа, Веза Эла, Хьайна лиънарг дина дела», – бохуш.

15

ТІаккха цара Юнус, схьа а лаьцна, хІорда чу кхоьссира. ХІорд карзахбаьллачуьра дІатийра.

16

Іаламат чІогІа кхерабелира нах Везачу Элах. Цара сагІа а даьккхира, нигаташ а дира.

© 2018 Дом Молитвы. Христианская Интернет Миссия.