1

ІуцІа-махкахь вехаш вара Аюб цІе йолу цхьа стаг. Иза ша хІуманна а бехке воцуш а, догцІена а стаг вара. Далла хьалха ларамах вуьзна а волуш, массо а вочу хІуманах ларлуш вара иза.

2

Аюбан ворхІ кІант а, кхо йоІ а дара.

3

Цуьнан ворхІ эзар уьстагІ а, газа а яра, кхо эзар эмкал а, пхи бІе шуьста а, пхи бІе виркхел а, иштта дуккха а ялхой а бара. Иза малхбалехьа бехаш болчу массо а нахана юкъахь уггар а дукха хьал долуш волу стаг вара.

4

Цуьнан кІенташа тойнаш хІиттадора, рогІ-роггІана кхиберш шайн-шайн хІусамашка схьа а кхойкхуш. Цара шайн кхаа йише а кхайкха бохуьйтура, уьш шайца дууш-молуш Іайтархьама.

5

Тойнийн го дІабирзинчул тІаьхьа, Аюба шен бераш ша волчу схьакхойкхура, уьш Далла хьалха цІанбайтархьама. Іуьйранна хьалххехь хьала а гІоттий, цо хІора берана тІера дийнаташ дагоран сагІа доккхура. Цо ойла йора: «Сан бераша къа латийна хила мега, шайн даг чохь Дела емал а вина». Аюба и хІума массо а хенахь дора.

6

ТІедеана стигалара гуламан декъашхой Везачу Элана хьалха дІахІутту де. Цаьрца цхьаьна шайтІа а деъна.

7

Везачу Эло цуьнга хаьттина: «Хьо мичара схьадеана?» Везачу Элана жоп луш, шайтІано аьлла: «Со лаьтта тІехула даьлла лелаш дара. Дуьне мел ду дІаса а лелла, юхадеана со».

8

ТІаккха Везачу Эло шайтІане аьлла: «Тидам бирий ахьа Сан ялхо волчу Аюбан? И саннарг хІокху дуьнен тІехь кхин цхьа а вац: иза ша хІуманна а бехке воцуш а, догцІена а стаг ву. Далла хьалха ларамах вуьзна а волуш, массо а вочу хІуманах ларлуш ву иза».

9

Везачу Элана жоп луш, шайтІано аьлла: «Лаа дуй те Аюбан Далла хьалха ларамах вуьзна хилар?

10

Ахьа ларвеш ма ву иза а, цуьнан цІа а, цуьнан мел болу бахам а. Цуьнан куьйгаша хьегна къа Ахь декъалдина, берриг а мохк цуьнан жаша а, дохно а буьзна лаьтташ бу.

11

Амма Ахьа Хьайн куьг цуьнан долахь мел йолчу хІуманна тІе кховдадахь, иза Хьан юьхь-дуьхьал Хьуна лен волалур ву».

12

ТІаккха Везачу Эло шайтІане аьлла: «Дика ду, цуьнан мел долу хІума хьан карахь ду, амма цунах куьг ма Іотта». ШайтІа Веза Эла волчуьра дІадахара.

13

Цхьана дийнахь Аюбан кІентий а, зудабераш а дууш-молуш Іаш бара шайн воккхаха волчу вешин цІахь.

14

Аюб волчу веанчу цхьана геланчо хаам беара: «Стерчий охана тІехь дара, царна уллохь яжош виркхелаш а яра.

15

Амма цІеххьана тІелеттачу шебахоша хьан даьхни лаьхкина дІадигна, ткъа ялхой тарраш диттина байина. Со цхьаъ дийна висна, хьоьга хІара хаам бархьама».

16

Иза вистхилла валале, кхин цхьа геланча а веана, хаам бахьаш: «Стигалара Делан цІе охьа а йоьжна, массо а хьан уьстагІий а, ялхой а дІакхаьллина. Со цхьаъ дийна висна, хьоьга хІара хаам бархьама».

17

И стаг вистхилла а валале, кхин цхьа стаг а веана, хаам бахьаш: «Кхаа агІонгара хашадхой тІе а летта, цара эмкалш лаьхкина дІайигна, ткъа хьан ялхой таррашца хІаллакбина. Со цхьаъ дийна висна, хьоьга хІара хаам бархьама».

18

ХІара и къамел дина а валале, кхин цхьа стаг а веана, хабар дахьаш: «Хьан кІентий а, зудабераш а дууш-молуш бара шайн воккхаха волу ваша волчохь.

19

ЦІеххьана яьссачу аренгара хьаькхначу мохо цІийнан биъ пен охьабожийра. ЦІа охьадоьжча, хьан бераш цу буха а дахана, дайина. Со цхьаъ дийна висна, хьоьга хІара хаам бархьама».

20

Аюба, хьала а гІаьттина, шена тІера хІуманаш этІийра. Шен месаш дІа а лергина, голаш тІе а хІоьттина, суждане вахара иза.

21

Цо иштта элира: «Ненан кийрара верзина схьаволуш ма-хиллара, лаьттан кийра верзина дІа а гІур ву со. Везачу Эло дала а делла суна, Цо дІа а эцна. Декъал хуьлийла Цуьнан цІе!»

22

И дерриг а ша деш, Аюба къа а ца латийна, Далла Іиттарш а ца йина.

© 2018 Дом Молитвы. Христианская Интернет Миссия.