1

Іузи-ЯхІу а, Йовтам а, Ахьаз а, Хьузакх-ЯхІу а ЯхІуд-махкахь паччахьаш болчу заманчохь Амосан кІантана ЕшаІ-ЯхІуна ЯхІуд-махках а, Ярушалаймах а лаьцна Дала суьрташ хІиттийра.

2

ЛадогІа, стигалш, ладогІа, латта, хІунда аьлча Везачу Эло боху: «Ас, кхиийна, айинера Сайн кІентий, ткъа уьш Суна дуьхьалбевлла.

3

Старана шен да вевза, вирана шен хІусамден хьаьвда девза, ткъа исраилхошна Со ца вевза, Сан халкъ ца кхета».

4

Къа ду хьан, къилахь къам, къинойх дуьзна долу халкъ, зуламхойн тукхам, талхаран тІаьхье! Веза Эла дІа а тесна, Исраилан халкъан Везачу Делах а ца даьшна, Цунна букъ берзийна аша.

5

Шуна кхидІа а хІунда таІзар дан деза? Шу кхидІа а хІунда дуьхьалдовлу? Берриг а корта цамгар кхетта бу, дерриг а дог гІелделла ду.

6

Когийн айрашна тІера хьеюккъе кхаччалц дийна меттиг яц хьан дегІа тІехь. ДегІа тІехь чевнаш ю, сурхаш евлла, делладелла даьІнаш ду. Уьш цІан ца дина, дІа ца дихкина, царна даьтта ца хьаькхна, лазар лахдархьама.

7

Шун латта дассаделла, гІаланаш цІеро ягийна, шун кхаш хийрачу наха дассош ду шун бІаьргашна хьалха. Дерриг а дассаделла, Дела хийрачу нахана тІелетча санна.

8

Цийонан йоІ го лаьцна йисина ю. Иза лаьтта кемсийн бешахь йолу бун санна, наьрсийн кха тІехь йолу кхалор санна.

9

Нагахь массо а ницкъийн Везачу Эло цхьаболу дийна биснарш вайна битина ца хиллехь, вай Седам-гІала санна хир дара, Іамор-гІаланах дІатарлур дара.

10

Везачу Элан даше ладогІа, Седамера баьччанаш! Вайн Дала тІедиллиначуьнга ладогІа, Іаморера халкъ!

11

Везачу Эло боху: «Суна стенна оьшу аша сел дукха сагІанаш дахар? УьстагІий дагоран сагІанех а, дустийначу даьхнин махьарах а тІехвуьзна ву Со. Стерчийн а, Іахарийн а, гезарийн а цІий Суна тамехь дац.

12

Шу Суна дуьхьалхІитта даьхкича, хьан боху шуьга Сан керт хьеша.

13

Ма кхехьа Суна ца оьшу совгІаташ. Суна вон хета аша, хаза хьожа йогІу хІуманаш а ягош, доху сагІанаш. Бутт цІинлун денош а, шоьтан денош а даздар а, дезачу деношкахь шун гулдалар а ца деза Суна. Харцонаш лелийначул тІаьхьа, аша динан гуламашкахь даздар Суна дегаза хета!

14

Бутт цІинлуш шун гулдалар а, шун деза денош а Суна бІаьрга дан ца деза. Уьш мохь санна ду Суна, амма Со кІадвелла и мохь дІакхехьа.

15

ДоІанаш а деш, аша куьйгаш кхийдочу хенахь Аса шух Сайн бІаьргаш дІакъовлу, шайн доІанаш аша алсамдаьхча, Суна ца хеза, хІунда аьлча шун куьйгаш цІийх дуьзна ду.

16

Хих довла, цІанло, шайн зуламе гІуллакхаш Сан бІаьргашна хьалхара дІадаха, вониг ма де.

17

Диканиг дан Іама, нийсо лелор лаха, гІело яр сацаде, вон гІуллакх нийсонца къастаде, йисина Іачу зудчун бакъонаш ларъе.

18

Дуьйло, цхьаьна къастор ду вай, – боху Везачу Эло. – Шун къинош кІадин таьІна-цІен бос санна дІа ца дахалуш делахь а, ло санна, кІайдийр ду уьш. Уьш сирла-цІен бедар санна делахь а, тІаргІа санна, кІайдийр ду.

19

Нагахь, Соьга ла а доьгІна, Ас бохург аша тІеэцахь, лаьтто кхиийна уггар диканиг дуур ду аша.

20

Ткъа, Сох дІа а къаьстина, шу дуьхьалдовлахь, туьро дІакхоллур ду шу». Хаа ду шуна, Везачу Эло Ша элира иза.

21

Тохара Везачу Элана тешаме хилла йолу гІала хІинца, кхечу деланашна Іамал а еш, кхахьпанах тар ма елла! Тохара бакъдерг лелорах юьзна яра иза, нийсо цунна чохь Іаш яра, амма хІинца цигахь адамаш дойурш бен бац!

22

Хьан детино боьха пардо лаьцна, хьан дика чагІар хино талхийна.

23

Хьан баьччанаш, дуьхьал а бевлла, къуйн декъахой хилла. Царна массарна а кхаьънаш деза, лучу хІуманна тІаьхьабевлла лела уьш. Кхелахошна хьалха байш ца лардо цара, йисина Іачу зудчун гІуллакх цара къаста ца до.

24

Цундела боху берриге а ницкъийн Хьалдолчу Эло, Исраилан Нуьцкъалчо: «Сайна дуьхьалбевллачех Со паргІатвоккхур ву Аса, Сайн мостагІашна бекхам бийр бу Аса!

25

Аса Сайн куьг хьуна дуьхьал дерзор ду. Аса хьуна тІера боьханиг дІадоккхур ду, тІелеттачух хьо цІанйийр ю.

26

Хьалха санна Ас хьуна куьйгалхой лур бу. Тохара санна Ас хьуна хьехамчаш лур бу. Цул тІаьхьа хьох „Нийсонан шахьар“ а, „Тешаме гІала“ а эр ду».

27

Цийон нийса йинчу кхело кІелхьарйоккхур ю, Далла тІебирзина цуьнан бахархой кІелхьарбохур бу, Дала бакъдерг лела а деш.

28

Далла дуьхьал бевлларш а, къинош летийнарш а лийр бу, Веза Эла дІатеснарш хІаллакбийр бу.

29

Шу юьхьІаьржа хир ду ножан боьлакаш бахьана долуш, аша цигахь цІушна Іибадат дина дела. Шуна эхь хетар ду шайн бошмаш бахьана долуш, дог царах лезна дела.

30

ГІа охьадоьжна наж санна, хир ду шу, хи доцу беш санна, хир ду.

31

Ондачух кевстаг хир ю, цуьнан гІуллакхах суй хир бу. Уьш цхьаьна догур ду, цхьаммо а дІа а ца дойуш.

© 2018 Дом Молитвы. Христианская Интернет Миссия.