1

Якъубца Мисар-махка шайн доьзалшца баьхкинчу Исраилан кІентийн цІераш хІорш ю:

2

Раабан, ШимІа, Леви, ЯхІуд,

3

Иссархан, Забул, Бен-Яман,

4

Дан, Наптал, Гада, Ашар.

5

Верриг а Якъубах схьаваьлларг кхузткъе итт вара, ткъа Юсуп цу хенахь Мисарахь вара.

6

Юсуп а, цуьнан вежарий а, церан нах а, кхелхина, дІабевллера.

7

Ткъа Исраилан тІаьхьенах болу нах, деба а дебаш, алсамбуьйлуш бара. Берриг а мохк буьзнера цара.

8

Юха Мисар-махкахь керла пирІун хІоьттира, цунна Юсупах лаьцна хІумма а ца хаьара.

9

Цо элира шен халкъе: «Исраилан халкъ доккха хилла, иза вайна кхераме хила мегаш ду.

10

Исраилхой ца дебийта хьовса деза вай. Нагахь тІом балахь, уьш вайн мостагІех дІа а кхетта, вайх лата а летта, кху махкара дІагІур бу».

11

Мисархоша шайн хьаькамаш хІиттийра, исраилхойх леш а бина, цаьрга беза белхаш байта. Питам а, РаІамсас а цІераш йолу гІаланаш йира исраилхоша пирІунна, шайна чохь тІаьхьалонна хІума латто.

12

Амма оцу халкъана тІехь гІело мел йо а, иза тІеттІа дебара, цу махкахула дІасадаьржара. Мисархой кхоьрура исраилхойх.

13

Цундела кхин а чІогІа беза а, хала а белхаш бойтура цара исраилхошка.

14

Мисархоша къахьдинера исраилхойн дахар, поппарца а, кибарчигашца а болу а, аренашкахь болу а беза белхаш бойтуш. Муьлхха а болх бойтура цара исраилхошка, къинхетам боцуш.

15

Іебархойн зударийн бераш хуьлучу хенахь царна гІо деш яра Шапарат а, ПуІа а цІераш йолу ши зуда. ПирІуно омра дира цаьрга:

16

«Іебархойн зударийн бераш хуьлучу хенахь йоІ дийна йита, кІант ве!», – аьлла.

17

Амма Делах кхоьруш йолчу шина зудчо пирІуно бохург ца дора, цара кІентий дийна буьтура.

18

ПирІуно, тІе а кхайкхина, элира цаьрга: «И хІун ду аша деш дерг? КІентий дийна хІунда буьту аша?»

19

Шина зудчо пирІуне элира: «Іебархойн зударий мисархойчарал могуш а, онда а бу. Тхо тІекхачале бер дуьнен чу даьлла хуьлу церан».

20

Дала диканиг дора цу шина зудчунна. Ткъа Іебархойн халкъ тІеттІа алсамдолуш дара.

21

Шех кхоьруш и ши зуда хиларна, Дала церан шайн а доьзалш хилийтира.

22

ТІаккха пирІуно дерриге а шен халкъе омра дира: «Дуьнен чу ваьлла Іебархойн кІант Нил-хи чу кхосса, ткъа йоІ дийна йита», – аьлла.

© 2018 Дом Молитвы. Христианская Интернет Миссия.