К Ефесянам
1 2 3 4 5 6

1

Делан лаамца Дала леррина къобалвинчу Іийсан векал волчу ПахІала яздо, Дала леррина къобалвинчу Іийсана тешаме а болуш, Эпасехь бехачу Делан нахе.

2

Вайн Да волчу Делера а, Веза Эла волчу Дала леррина къобалвинчу Іийсагара а долу дика а, синпаргІато а хуьлда шуна.

3

Декъала хуьлда вайн Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Іийсан Дела а, Да а. Цо Іийсаца декъалдина вай стигалшкахь массо а тайпана синан декъалдаршца.

4

Дуьне а кхоллале, вай Іийсагахула къастийна дара Цо, Шена хьалха вай цІена а, деза а хилийтархьама. Шена вай деза дела,

5

хаьржина Дала, Ша леррина къобалвинчу Іийсагахула вайх Шен бераш дархьама. Иштта яра Цуьнан Іалашо, иштта бара Цуьнан лаам.

6

Цунна везаш волчу Цуьнан КІантехула Цо вайна деллачу сийлахьчу диканна вай хастамаш бойла Цунна.

7

Іийсас, Шен цІий Іанорца мах а белла, вай паргІат а даьхна, вайн къиношна геч а дина. Ткъа иза Дала вайна шортта деллачу дикане хьаьжжина ду.

8

И дика тІех дукха делла вайна Дала мел хуьлучу хьекъалаллица а, кхетамца а.

9

Шен къайлаха йолу Іалашо йовзийтира вайна Дала, ткъа и Іалашо хьалххе дуьйна билгалъяьккхина а ю, Цо леррина Къобалвинчуьнца йоьзна а ю.

10

Ткъа Делан Іалашо иштта ю: хенаш кхочуш хиллачу хенахь Цо стигалахь а, лаьтта тІехь а мел дерг цхьаьнатухур ду, Ша леррина Къобалвинарг коьртехь а волуш.

11

Ша леррина Къобалвинчуьнгахула Дала вай Шен долахь хилийта хаьржира. Массо а хІума Шен лаамца а, сацамца а кхочушдеш Волчо, Шен Іалашоне хьаьжжина, билгалдаьккхинера иза иштта.

12

Дала леррина къобалвинчу Іийсага хьалха дуьйна сатуьйсуш долчу вайга Делан сийлалла даздайта дина дара иза.

13

Шаьш кІелхьардовларх лаьцна болу билггал бакъболу хаза кхаъ шайна хезча, шу а Дала леррина Къобалвинчуьнца цхьаьнатуьйхира. Цунах шу тешна дела, Дала шуна тІе Шен мухІар туьйхира, Ша лур ду аьлла долу Шен Деза Са даларца.

14

Шен долахь берш кхоччуш паргІатбаххалц, Делан Са Дала вайна лур долчунна закъалтана делла ду. Дала иза Шен сийлалла вайга хастадайтархьама дина.

15

И дерриге а бахьана долуш, Веза Эла волчу Іийсах шун долчу тешарх а, Делан долахь болчу массаьрга а шун болчу безамах а лаьцна сайна хезначхьана,

16

сайн доІанашкахь, шу дага а лоьцуш, саццаза шуна тІера Далла баркаллаш боху аса.

17

Вайн Веза Эла волчу а, Ша леррина къобалвинчу а Іийсан Дала, сийлаллин Дас, Шех дерг кІоргге хаийта шуна хьекъалаллин а, довзийтаран а Са лойла.

18

Шун дегнашна тІера пардо дІадоккхийла Цо, шу тІекхайкхина долу сатийсар а, Шен нахана лур ду аьлла долчун хьал муха ду а, Шех тешаш долчу вайна чохь лела барам боцу боккха ницкъ бохург хІун ду а шуна хаийтархьама. И боккха ницкъ

19

Шун дегнашна тІера пардо дІадоккхийла Цо, шу тІекхайкхина долу сатийсар а, Шен нахана лур ду аьлла долчун хьал муха ду а, Шех тешаш долчу вайна чохь лела барам боцу боккха ницкъ бохург хІун ду а шуна хаийтархьама. И боккха ницкъ

20

Ша леррина Къобалвинчунна чохь лелийтира Дала. Иза, веллачуьра ден а вина, стигалшкахь Шена аьтту агІор охьахаийра Цо.

21

Цо Иза охьахаийна, стигаларчу массо а хьаькамел а, куьйгалхойл а, ницкъел а, олахойл а лакхара а вина, муьлхха а кху заманчохь йоккхуш йолчу цІарал лакхара вина ца Іаш, массо а хин йолчу заманашкахь йоккхур йолчу цІарал лакхара а вина.

22

Шадерг Цуьнан когашка а диллина, Иза Дала динан ерриге а тобанна веллера, массо а хІуманна тІехь коьртаниг хилийта.

23

Іийсах тешачийн ерриге а тоба – Дала леррина Къобалвинчун дегІ ду. И тоба Цунах кхоччуш юзуш ю. Ткъа Дала леррина Къобалвинчо массо а хІума массанхьа а Шеца дузадо.

© 2018 Дом Молитвы. Христианская Интернет Миссия.