К Евреям
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13

1

Хьалха Дала дукхазза а, тайп-тайпана а дийцина вайн дайшка пайхамаршкахула,

2

ткъа кху тІаьхьарчу деношкахь Шен КІантехула дийцина Цо вайна. Дерриге а кхочун долу Цуьнан КІант ву дІахІоттийна. Цуьнгахула массо хІума а кхоьллина.

3

КІант Делан сийлаллин нур а, Делан билггал долу васт а ду. Шен нуьцкъалчу Дашца дерриг а латтадо Цо. Шегахула адамаш къинойх а цІандина, стигалшкахь Веза Воккхачунна аьтту агІор охьахиина Иза.

4

Цунна тиллина цІе маликашна тиллинчул лакхара хиллал, царал лакхара ву Иза.

5

ХІунда аьлча Маликех хьаьнга аьлла Дала: «Хьо Сан КІант ву, тахана Хьан Да хили Сох»? Кхин а: «Со Цуьнан Да хир ву, Иза Сан КІант а хир ву?»

6

Шен дуьххьарлера Доьзалхо дуьнен чу воккхуш, Дала элира: «Делан массо а маликаш Цунна хьалха охьатаьІийла».

7

Маликех лаьцна Цо аьлла: «Дала Іаьнарх Шен маликаш до, цІеран алунех Шен ялхой бо».

8

КІантах лаьцна Цо аьлла: «Хьан олаллин гІант, Дела, абаденналц лаьтта, Хьан паччахьалла нийсонан паччахьалла ду.

9

Хьуна бакъдерг дезна, ткъа харцо ца езна, цундела Дала, Хьан Дала, къобалвеш тІедутту даьтта санна, Хьан накъосташна чул Хьуна алсам хазахетар делла».

10

Кхин а аьлла Дала: «Веза Эла, Ахь юьхьанца латта кхоьллина, Хьайн куьйгашца стигалш йина.

11

Уьш дІадевр ду, ткъа Хьо вуьсур ву. Уьш дерриг а, бедарш санна, тишлур ду.

12

ТІеюху хІума санна, Ахьа дІахьарчор ду уьш, тІаккха уьш, бедар санна, хуьйцур ду. Амма Хьо цкъа а хийцалур вац, Хьан дахар чекх а дер дац».

13

Маликех хьаьнга а, маца а аьлла Дала: «Охьахаа Суна аьтту агІор, Аса Хьан мостагІий Хьан когашка охьабахккалц»?

14

Далла гІуллакх деш долу синош дац ткъа маликаш, кІелхьардовлар кхочун долчарна гІуллакх дан дахкийтина дац ткъа уьш?

© 2018 Дом Молитвы. Христианская Интернет Миссия.