К Филимону
1

1

Оха, Дала леррина къобалвинчу Іийсан дуьхьа тутмакх хиллачу ПахІала а, динан вашас Тимапис а, яздо тхоьца цхьаьна динан гІуллакх кхочушдеш волчу хьомечу накъосте Пхьалмане а,

2

иштта динан йише Апияте а, тхоьца цхьаьна динан тІемало волчу Арихупе а, Пхьалманан цІерачу динан тобане а.

3

Вайн Да волчу Делера а, Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Іийсагара а дика а, синпаргІато а хуьлда шуна.

4

Даим сайн доІанашкахь хьо дага а лоьцуш, Далла хастамаш бо аса.

5

Іийса-Элах хьан тешарх а, массо а Делан нахе хьан болчу безамах а лаьцна хезна суна.

6

Аса доІа до Іийсах тешачаьрца хьан йолу юкъаметтиг кхин а кхоччуш хилар доьхуш, Дала леррина Къобалвинчун сийдархьама вай дан мегаш мел долу дика хьуна хаа а хууш.

7

Динан ваша, хьан безамах боккха синтем а, хазахетар а хилла суна, хьан доггах леларо Делан нехан дегнаш дендина дела.

8

Иза иштта долу дела, ахь дан дезарг Дала леррина Къобалвинчун цІарах хьоьга майрра дІахьедан йиш ю сан.

9

Делахь а бакъахьа хета суна хьоьга безамца дехар дар. Хьоьга доьхург къена стаг волу ПахІал ву. Цул сов, хІинца, Дала леррина Къобалвинчунна Іамал ярна, со тутмакх а ву.

10

Сайн кІант айса лоручу Онисамах лаьцна дехар до ас. Со набахтехь лаьцна волуш, иза бакъдолчу дахаре ваьккхира аса.

11

Цхьана хенахь-м хьуна пайденна вацара Онисам. Ткъа хІинца иза хьуна а, суна а пайденна ву.

12

Аса юхавоуьйту хьуна иза, хьан кара аса сайн дог дІалуш санна.

13

Хаза кхаъ кхайкхорна со лаьцна волчохь, хьан метта сайна гІуллакх а дойтуш, иза сацо лиира суна.

14

Делахь а хьан пурба доцуш хІумма а дан ца лаьа суна. Ахь деш долу дика гІуллакхаш, ца ваьлла дина а доцуш, ахьа хьайн лаамца дина хуьлийла лаьа суна.

15

Хьанна хаьа: хьо волчуьра цуьнан цхьана ханна дІавахар гуттаренна а иза юха хьоьга тІелацийтархьама нисдина хила а ма тарло.

16

Лай тІеоьцуш санна а доцуш, лел лакхара а лоруш, хьоме динан ваша санна, тІеэцахьара ахьа иза. Суна чІогІа дукха веза иза. Ткъа хьуна суна чул а сов везалур ву. Лай санна везалур вац иза, амма Везачу Элера волу ваша санна везалур ву.

17

Нагахь ахь со хьайн юххера стаг лоруш велахь, со тІеоьцуш санна, тІеэцахьа иза а.

18

Нагахь санна цо хьуна цхьа халахетар динехь, я иза хьуна декхарийлахь велахь, иза аса сайна тІелоцу.

19

Аса, ПахІала, сайн куьйга яздо хьоьга: аса дІатокхур ду и декхар. Ткъа хьайн дахарца хьо суна декхарийлахь хилар-м ас хьехош а дац.

20

Цундела, сан ваша, хьо Везачу Элаца волу дела, и гІуллакх дар доьху ас хьоьга. Синтем бехьа сан дагна Дала леррина Къобалвинчуьнца хьо хиларна.

21

И ас дехнарг ахьа дийриг хиларх со тешна волу дела, яздо аса хьоьга. Суна хаьа, аса дехначул а сов ахьа иза дийр дуйла.

22

Кхин цхьа дехар а ду сан хьоьга. Хьайн хьешан чоь кечъелахь суна. Шун доІанашна жоп а луш, со шу долчу дика дІакхочур ву аьлла, дегайовхо ю сан.

23

Маршаллаш доуьйту хьоьга соьца цхьаьна Дала леррина къобалвинчу Іийсан дуьхьа тутмакх хиллачу Эпарпис а,

24

соьца цхьаьна динан гІуллакх дІакхоьхьуш болчу Марка а, Арестаха а, Демис а, Лакас а.

25

Веза Эла волчу Дала леррина къобалвинчу Іийсагара долу дика хуьлийла шуьца.

© 2018 Дом Молитвы. Христианская Интернет Миссия.