К Филиппийцам
1 2 3 4

1

Дала леррина къобалвинчу Іийсан ялхоша, ПахІала а, Тимапис а, яздо Пилап-гІалахь Іаш болчу а, Дала леррина Къобалвинчуьнца боьзна болчу а Делан долахь болчаьрга массаьрга – шайца цхьаьна динан тобанан гІайгІабийраш а, динан куьйгалхойн гІоьнчаш а болчаьрга.

2

Делан доккха дика а, синпаргІато а хуьлда шуна вайн Да волчу Делера а, Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Іийсагара а.

3

Шу дага мосазза догІу, аса хастамаш бо сайн Деле.

4

Шуна массарна тІера айса мел до доІа даим хазахетарца до аса,

5

шайна хезначу дуьххьарлерчу дийнахь дуьйна кху дийне кхаччалц, хаза кхаъ дІасабаржор тІехь аша дакъалоцу дела.

6

Со теша, шуна чохь и дика гІуллакх дан Долийначо, Дала леррина къобалвина Іийса вогІун волу де тІекхаччалц, иза кхочушдийр дуйла.

7

Шу сан даг чохь долу дела, шух массарах иштта ойла яр нийса ду. Дала суна делла долчу дикачу гІуллакхехь аша массара а дакъа ма лоцу – со набахтехь волчу хенахь а, аса хаза кхаъ ларбечу а, чІагІбечу а хенахь а.

8

Дела сан Теш ву, Дала леррина къобалвинчу Іийсан безамца шуьца массаьрца а цхьаьна хила лууш со хьаьгна хиларан.

9

Аса доьху Деле шун даггара болу безам хІума довзарца а, кхетамалла хиларца а кхин а алсамбаккхар,

10

шайна гІоле дерг хІун ду шу кхетийтархьама. Дала леррина Къобалвинарг вогІучу дийнахь шу цІена а, цхьана а тайпана сакхт доцуш а хилийтар а,

11

Дала леррина къобалвинчу Іийсагахула Далла хьалха бакъдина хилар бахьана долуш, дикачу гІуллакхех шу дуьззина хилийтар а доьху ас Делан сийлаллина а, хастамана а.

12

Динан вежарий, шуна дІахаийта лаьа суна, аса хьоьгу халонаш бахьана долуш, хаза кхаъ дІакхайкхорна тІехь кхин а сов аьтто баьлла хилар.

13

Дала леррина Къобалвинчунна со тІаьхьахІоттар бахьана долуш, со набахти чохь хилар паччахьан цІенна ха деш болчу массарна а, дуккха а болчу кхечарна а дІахиънера.

14

ХІинца со набахтехь хилар бахьана долуш, дукхахболчу динан вежарийн Везачу Элаца доьналла хилар чІагІделла. Хьалха хиллачул а йоккхачу майраллица, кхерам а боцуш, Делан дош кхайкхо буьйлабелла уьш.

15

Бакъду, цхьаболчара хьагІ а, эмгаралла а хиларца, ткъа вукхара дагахь диканиг долуш дуьйцу Дала леррина Къобалвинчух лаьцна.

16

Цхьаберш, со хаза кхаъ ларбан дІахІоттийна вуйла а хууш, даггарчу безамца лела.

17

Ткъа вуьш, шайна пайда лоьхуш а, шайн дог цІена цахиларца а, суна кхин а халонаш ян дагахь а лела, шаьш Дала леррина Къобалвинчух лаьцна дуьйцуш.

18

Ткъа иза коьртаниг ду те? МоттаргІанаш лелаяхь а, я даггара иза деш делахь а, иза мухха делахь а, Дала леррина Къобалвинарг кхайкхаво-кх цара. Иза иштта хилча а, со воккхавеш ву! Кхин а воккха а вийр ву.

19

ХІунда аьлча суна хаьа, и дерриг а шун доІанашца а, Дала леррина къобалвинчу Іийсан Синан гІоьнца а со паргІатвалийта суна диканна дуйла.

20

Сайн кІорггера болчу лааме а, сатийсаре а хьаьжжина, со цхьана а хІуманна тІехь юьхьІаьржачу хІуттур вац, амма сайн мел йолчу майраллица вистхуьлуш лелар ву Дала леррина Къобалвинарг, гуттара а санна, хІинца а соьгахула лакхавалийтархьама – со вехар велахь а, я лийр велахь а.

21

ХІунда аьлча Дала леррина Къобалвинарг – сан дахар ду, ткъа Іожалла – суна пайда хилар ду.

22

Нагахь сан дахар кхидІа а кху дуьненахь дахлахь, сан къахьегаро беркате стом лур бу. Иштта суна-м ца хаьа, айса муьлханиг харжа деза.

23

Шинна а агІор Іожалло а, дахаро а, къуьйлуш ву со. Аса сатуьйсу, вала а велла, Дала леррина Къобалвинчуьнца со хиларе, хІунда аьлча иза дуккха а гІолехь хир дара.

24

Ткъа со кху дуьненахь вехаш Іар шуна пайдехь ду.

25

Оцу тІехь сан шеко а яц, суна иза хаа а хаьа: со вуьсур а ву, шуьца вехар а ву, тешарехь кхиамаш а, даккхийдер а шун хилийтархьама.

26

ТІаккха со шу долчу юхавеача, сох дозалла дан бахьана совдер ду шун, Дала леррина къобалвинчу Іийсаца шу доьзна а долуш.

27

Иза иштта хилча, суна, шу долчу а веана, шу гича, я кхечанхьа а волуш, шух лаьцна иштта хезар ду: уьш цхьаалла а йолуш, берриш а цхьаъ санна, хазачу кхоаца цхьаьнадогІучу тешарна къахьоьгуш бу.

28

Цхьана а хІуманна тІехь мостагІех ма кхера: иза уьш хІаллакьхиларан билгало ю царна, ткъа шуна – кІелхьардовларан билгало ю. Ткъа и кІелхьардовлар Делера хир ду.

29

ХІунда аьлча Дала леррина Къобалвинчун дуьхьа Цунах тешна а ца Іаш, Цуьнан дуьхьа баланаш хьега дезар а делла шуна.

30

Шу а, со а хаза кхаъ ларбархьама цхьатерра дикачу тІамехь ду. Шуна ма-гарра, хьалха а ас беш изза тІом бара. Ткъа хІинца, шуна ма-хаззара, со кхидІа а оццу тІамехь лаьтташ ву.

© 2018 Дом Молитвы. Христианская Интернет Миссия.