К Галатам
1 2 3 4 5 6

1

ХІара кехат яздо шуьга аса, векал волчу ПахІала. Цхьанна а тобано я цхьанна а адамехула къобалвина вац со. Векал а вина, со дІахьажийнарш бу Дала къобалвина волу Іийса а, Иза веллачуьра денвина волу вайн Да волу Дела а.

2

Аса а, соьца болчу массо а динан вежарша а маршалла доуьйту шуьга, Галата-махкарчу Іийсах тешначу нехан тобанашка.

3

Вайн Да волчу Делера а, вайн Веза Эла волчу Дала леррина къобалвинчу Іийсагара а долу дика а, машар а хуьлда шуна.

4

Вайн къинош бахьана долуш Ша дІавелла Цо, вайн Да волчу Делан лаамца кху зуламечу заманах вай кІелхьардахархьама.

5

Сийлалла хуьлийла Цуьнан массо а заманахь. Амин.

6

Со цецвуьйлу шух! Дала леррина Къобалвинчун маьхза долу дика бахьана долуш Дала шу Шена тІе ма озийна! Ткъа шу, иштта сиха Цуьнгахьара дІа а дирзина, кхечу хьехамна тІаьхьахІитта дохку.

7

Ткъа иза-м кхин тайпа хаза кхаъ бац, амма цхьаболу нах бу шун дегнаш чу шеко а тосуш, шуна Дала леррина Къобалвинчо беана хаза кхаъ харцахьабаккха лууш.

8

Ткъа оха шуна беанчу хазачу кхоана метта я оха а, я стигаларчу малико а кхин кхаъ бахьахь, Делан неІалт хуьлийла царна.

9

Айса хьалха ма-аллара, хІинца юха а боху ас: нагахь аша тІеэцна болчу кхоана дуьхьал цхьаммо кхин кхаъ беанехь, Делан неІалт хуьлийла цунна тІехь.

10

Ткъа хІинца нахана хьалха диканиг хилар лоьху те ас я Далла хьалха дика хилар лоьху те? Адамашна хьалха диканиг хилар лоьхий те ас? Нагахь аса адамашна хьалха со дика хетар хІинца а лехахьара, Дала леррина Къобалвинчун гІуллакх деш верг хир вацара со.

11

Аса дІахоуьйту шуьга, динан вежарий, йижарий, ас шуна кхайкхийна хаза кхаъ адамашкара боцийла.

12

ХІунда аьлча аса и хаза кхаъ адамашкара тІеэцна а бацара, амма Дала леррина къобалвинчу Іийсас и кхаъ суна бовзийтина хилар бахьана долуш, ас и кхаъ тІеийцира.

13

Шуна хезна-кх сох лаьцна, хьалха бакъволу жуьгти хилла леллачу хенахь со муха вара. Шуна хаьа, мел къиза тІаьхьаваьллера со Іийсах тешначийн Делан долахь йолчу тобанашна, уьш хІаллак а еш.

14

Сайн тайпанара болчу жуьгтийн нийсархошна юкъахь, сайн дайша лелийна Іадаташ лардар тІехь хьалхе йоккхуш стаг вара со.

15

Со дуьненна тІе а валале, со къастийначу Дала, Ша суна динчу диканца,

16

суна хьалха Шен КІант дІахІоттийра, Цунах лаьцна болу хаза кхаъ, жуьгтий боцучу, кхечу къаьмнех болчарна а кхайкхорхьама. Со ца вахара цхьанна а адамах дагавала а,

17

я Ярушалайм-гІала а ца вахара со, сол хьалха векалш хилла болчарна тІе. Амма со Іаьрби-махка а вахана, тІаккха Дамасакх-гІала юхавирзира.

18

Цул тІаьхьа, кхо шо даьлча, ШамІа-Кипа вовзархьама Ярушалайм-гІала вахара со. И волчохь аса пхийтта де даьккхира.

19

Ткъа кхечу векалех, Везачу Элан ваша Якъуб воцург, цхьа а ца гира суна.

20

Ас шуьга яздийриг бакъ хиларх Дела теш ву.

21

ТІаккха Сири-махка а, Килик-махка а вахара со.

22

Ткъа Дала леррина Къобалвинчух тешаш болчу жуьгташна со юьхь тІера ца вевзара.

23

Царна хезнера, наха олуш: «Хьалха вай хІаллакдан тІаьхьаваьлла волу стаг ша бухенца дІадаккха гІиртина долу дин хІинца кхайкхош лелаш ву», – аьлла.

24

ТІаккха суна тІера цара Далла хастамаш бора.

© 2018 Дом Молитвы. Христианская Интернет Миссия.