1 2 3

1

ХІара кехат ду Делан лай волчу а, Дала леррина къобалвинчу Іийсан векал волчу а ПахІалера. Со Дала къобалвина Ша хаьржина болчу нехан тешар нийса хилийта а, суьпа муха даха деза гойтуш долу билггал бакъдерг адамашна довзийта а.

2

И кхочушдарца Дела волчохь хедар доцучу дахаре сатийсар ло. Цкъа а харц воцучу Дала заманаш йолаялале дуьйна а хьалха вайна и дахар лур ду аьллера.

3

Шена хеттачу хенахь Дала Шен дош довзийтира. Вайн КІелхьардохург волчу Дала, сох а тешна, и дош дІакхайкхор суна тІедиллира.

4

Іийсах тешар вайшиннан цхьаъ хиларна, билггал сан кІант волчу хьоьга яздо аса, Тита. Вайн Да волчу Делера а, вайн КІелхьардохург волчу Дала леррина къобалвинчу Іийсагара а долу дика а, синпаргІато а хуьлийла хьуна.

5

Аса Критехь хьо витар хІара Іалашо йолуш дара: цигахь даза дисина гІуллакхаш хьоьга чекхдахийтар а, ас хьайна тІедиллина ма-хиллара, динан тобанаш йолчу массо а гІаланашкахь тхьамданаш дІахІиттабар а.

6

Ишттанаш дІахІиттабелахь: шайн леларехь вониг ала хІума доцурш, цкъа бен зуда ялоза берш. Церан бераш а Іийсах тешаш хила деза. Цхьаннан а йиш хилийта ца еза, церан бераш сийсаза лела, я уьш Далла муьтІахь дац ала.

7

Делан болх шен карахь берг санна, шен леларехь ала вон хІума доцуш хила веза динан тобанан гІайгІабийриг. Ша лакхара а ца хеташ, оьгІазе а, сиха а воцуш, маларна тІера а воцуш, леташ а, девне а воцуш, ахчанца шена пайда а ца лоьхуш, хила веза иза.

8

Безамца хьеший тІе а оьцуш, диканиг а дезаш, собаре а волуш, оьзда а волуш, Далла тешаме а волуш, юхаозавала а хууш, хила веза тхьамда.

9

Иштта оха хьехначу, теша хьакъ долчу хьехамашна тІегІерташ хила а веза иза. ТІаккха нийсачу хьехамашца кхиберш иракарахІитто а, оцу хьехамашна дуьхьал берш харцбан а йиш хир ю цуьнан.

10

ХІунда аьлча кІезиг бац адамаш карзахдохуш къамелаш дийраш. Цара, даьсса хабарш а дуьйцуш, нах Іехабо. Къаьсттина Іийсах тешаш болчу сунтбинчех лаьцна боху ас хІара.

11

Уьш совцо беза. Дийнна доьзалш хІаллакбо цара, цаоьшург кхайкхош. Эхь а ца хеташ, шайна пайда лоьхуш до цара иза.

12

Царна юкъара волчу цхьана пайхамаро аьлла а ма ду хІара: «Критахой гуттара а бу харцлуьйш а, акхаройн къизалла йолуш а, тІингар юзу малончаш а».

13

И нийса аьлла а ду-кх. Цундела мел болчу къовламца харцбе уьш, церан тешар нийса хилийтархьама.

14

Жуьгтийн къоман туьйранаш а, билггал долчу бакъдолчун тІера дІабирзинчеран хьехамаш а тергал байта ца беза цаьрга.

15

Цхьаболчара олу: «ЦІена болчарна массо а хІума цІена ду, ткъа къинош летийначарна а, Іийсах ца тешачарна а цхьа а хІума цІена дац». Амма церан ойланаш а, дегнаш а телхина ду.

16

Шайна Дела вевза олу цара, амма шаьш лелош дерг бахьана долуш Цунах дІабоьрзу уьш. Уьш хьакъ долуш бу вай царах ца даша. Уьш Далла муьтІахь бац. Цхьана а тайпана дика гІуллакх шайгара далийта церан хьуьнар дац.

© 2018 Дом Молитвы. Христианская Интернет Миссия.