1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21

1

ЮшаІ кху дуьнен чуьра дІаваьллачул тІаьхьа, Исраилан халкъо Везачу Эле хаттар дира: «Тхуна хьалхаваьлла мила ваха веза канаІанхошца тІом бан?» – аьлла.

2

Везачу Эло царна жоп делира: «ЯхІудан тайпанах берш гІур бу. Аса хІара мохк церан кара дІабелла».

3

Шайн вежарий болчу ШимІин тайпане гІо дийхира ЯхІудан тайпано: «Тхан вежарий! Кхаж баларна, вайна хІоранна а латтанаш билгалдаьхна ду. Аша тхуна и латтанаш схьадаха а, цу тІехь Іаш болчу канаІанхошца тІом бан а гІо дахь, оха а шуна гІо дийр ду шун латтанаш схьадаха». Иштта ШимІин тайпа а,

4

ЯхІудан тайпа а цхьаьна тІамца тІедахара цига. Везачу Эло царна гІо дира канаІанхой а, перезахой а эшо. Безакх олучу гІалахь итт эзар стаг вийра цара.

5

Безакхехь дуьхь-дуьхьал кхийтира уьш Адани-Безакхца, цигахь канаІанхой а, перезахой а эшийра цара.

6

Адани-Безакх ведда кІелхьарвала гІоьртира, амма кхара, цунна тІаьхьа а бевдда, иза схьа а лаьцна, цуьнан куьйгийн а, когийн а нана-пІелгаш дехира.

7

Адани-Безакха элира: «Аса кхузткъе итт паччахьан куьйган а, когийн а нана-пІелгаш дІахедийна, цара сан шуьнна гонахара цуьргаш лехьийна. ХІинца Дала соьца а и гІиллакх хІоттийна». Адани-Безакх Ярушалайме дІавигна, циггахь цуьнан кхалхар а хилла.

8

ЯхІудан тІаьхьено Ярушалайм-гІалина дуьхьал тІом бира, иза схьа а яьккхира. Шайн таррашца цара адамаш дайира, ткъа гІала ягийра.

9

Цул тІаьхьа уьш лаьмнашкахь а, НегІаб олучу яьссачу арахь а, малхбузехьа болчу гунаш тІехь а бехаш болчу канаІанхошца тІом бан бахара.

10

ЯхІудан тІаьхье Хьевронехь Іаш болчу канаІанхошца тІом бан яхара (хьалха Хьеврон-гІалин цІе Кхиръят-АрбаІ хилла). Цигахь цо Шешай а, Ахьиман а, Талмай а эшийра.

11

Цигара бевлча, яхІудхой Дибар-гІалин бахархошна тІелата бахара (Дибар-гІалин цІе хьалха Кхиръят-Сапар хилла).

12

Килаба элира: «Кхиръят-Сапар эша а йина, иза караерзийначуьнга сайн йоІ Іахисат маре дІалур ю аса».

13

Килабан вешин Кхеназан кІанта Іотниала и гІала схьаяьккхира. ТІаккха Килаба цуьнга шен йоІ Іахисат маре дІаелира.

14

Іотниал волчу а яхана, иза тешийра цо, шен дега Килабе латта деха деза аьлла. Шен йоІ вир тІера охьайоьссича, Килаба цуьнга хаьттира: «Хьуна хІун оьшу?»

15

Іахисата цуьнга элира: «Декъалъе со. Яьсса НегІаб-аре ахьа суна елла, хІинца цхьадолу хин хьостанаш а ло суна». Килаба цуьнан дехар кхочушдира: лакхара а, лахара а хин хьостанаш дІаделира цо цунна.

16

Мусан стунда волчу кхенахочун Итаран тІаьхье, яхІудхошца хурма-диттийн гІалара дІа а яхана, ЯхІуд-мехкан яьссачу аренга цигахь бехаш болчу нахана юкъахь Іен дІаяхара. И меттиг яра Іарод-гІалина генахь йоццуш.

17

ЯхІудхой шимІахошца цхьаьна Цепат-гІалахь бехаш болчу канаІанхошна тІелетира, ерриг гІала йоха а еш. Цундела тиллина цу гІалин цІе Хьорма аьлла (иза «йохар» бохург ду).

18

ЯхІудхоша иштта Іази-гІала а, Ашкхилун а, Іекхран а царна гонах долчу латтанашца цхьаьна схьаехира.

19

Веза Эла ЯхІуд-тайпанехьа вара, цундела цуьнга лаьмнаш а схьадахаделира, амма шерачу аренгахь болу бахархой цуьнга къар ца лора, хІунда аьлча цаьргахь аьчка гІудалкхаш яра.

20

Мусас ма-аллара, Килабе Хьеврон дІаелира, ткъа цо Іаьнакхан кхо кІант цигара лаьллина дІавахийтира.

21

Амма бен-яманхошка Ярушалаймера явсайхой дІа ца лахкабелира. Уьш хІинца а Ярушалаймехь Бен-Яманан тІаьхьенна юкъахь бехаш бу.

22

Юсупан тІаьхье Бетал-гІалина тІелетира. Веза Эла цаьрца вара.

23

Юсупан тІаьхьено нах бахийтира, Бетал-гІалина таллам бе аьлла (хьалха цу гІалин цІе Луз хилла).

24

Тергам беш болчарна, цу гІалара ара а ваьлла, схьавогІуш цхьа стаг гира. Цара цуьнга элира: «ГІалина чувоьдуш йолу меттиг схьагайта тхуна. Оха цхьана а тайпана бохам бийр бац хьуна».

25

Цо царна гІалина чу муха ваха веза гайтира. Юсупан тІаьхьенах болчара цу гІалара бахархой, шайн тарраш детташ, байира. Ткъа и стаг а, цуьнан доьзал а маьрша дІабахийтира.

26

Иза, хьетахойн латта долчу дІа а вахана, ваха хиира. Цо кхоьллина ю Луз цІе йолу гІала. И цІе хІинца а йоккхуш ю.

27

Цхьаболу канаІанхой Байт-Шан, ТаІнак, Дор, ИбалІам, МагІидда олучу гІаланашкахь Іаш бара. Маннашан тІаьхьенах болчаьрга уьш цигара ара ца бахабелира. КанаІанхой цигахь баха бисира.

28

Исраилан халкъ, са чу а деана, дІахІоьттича, цара канаІанхошка шайна белхаш байтира. Цара уьш дІа а ца лаьхкира.

29

Эпрайман тайпанан а ницкъ ца кхечира ГІазарахь бехаш болу канаІанхой цу лаьтта тІера дІабаха. Эпрайман тІаьхьенца цхьаьна уьш цигахь баха бисира.

30

Забулан нехан а ницкъ ца кхечира Кхитрунахь а, НахІлалахь а Іаш болу канаІанхой дІабахийта. Шайн латтанаш тІера дІа а ца бахабелла, Забулан тІаьхье йолчохь бехаш бара уьш, шаьш, кхузахь болх бе аьлла, дІахІиттийнехь а.

31

Ашарарчу халкъо а дІа ца лаьхкира Іакхора а, ЦІаданера а, Ахьалабара а, Ахзибара а, Хьелбара а, Апикхара а, Рахьубара а бахархой.

32

Ашаран некъий цу махкара болчу канаІанхошца бехаш Іаш бара, хІунда аьлча уьш цаьрга цигара дІа ца лахкабелира.

33

Напталан наха а ца лаьхкира дІа Байт-Шамашера а, Байт-Іанатара а бахархой. Уьш царна юкъахь баха хевшира, цаьрга шайна хьалхара болх а бойтуш.

34

Эмархоша Данан тайпанан нах лаьмнашка баха ховшийтира. Цара уьш шерачу аренга охьабовла ца буьтура.

35

Эмархоша сацам бира Хьерас-лам тІе баха ховша – Айлонехь а, ШаІалбанахь а. Амма тІаьхьо Юсупан тІаьхье чІагІъелла дІахІоьттича, цара эмархошка а шайна болх бойтура.

36

Эмархойн лаьттан доза Акхрабайм цІе йолчу ламанан Іинна тІера СилаІана тІекхаччалц Іуьллуш дара.

© 2018 Дом Молитвы. Христианская Интернет Миссия.