1

Веза Эла Мусага кхайкхира, гуламан четар чуьра цуьнга къамел дира Цо:

2

«ДІаала исраилхошка: „Шух цхьанна Везачу Элана лерина сагІа даккха лиъча, доккхачу а, жимачу а даьхних даккха и сагІа.

3

Нагахь санна Везачу Элана лерина дагоран сагІа стага доккхачу даьхних даккхахь, иза боьрша хила деза, цхьа а сакхт а доцуш. Цо и бежана гуламан четарна чуволлучохь дІахІотто деза, Везачу Эле иза къобалдайтархьама.

4

Схьадалийначу бежанан коьрта тІе цу стага куьг диллича, и сагІа цу стеган метта Дала тІеоьцур ду, цунна тІера къинош дІадахархьама.

5

Везачу Элана хьалха старгІина урс хьакха деза цу стага, цул тІаьхьа АхІаронан кІентий болчу динан дайша гуламан четарна чуволлучохь лаьттачу сагІа доккхучу кхерчана массо а агІор тІетоха деза цу бежанан цІийн цинцаш.

6

Оцу стага, дийначу бежанна тІера неІ схьа а даьккхина, и бежана дакъошка декъа деза.

7

АхІаронан кІентий болчу динан дайша, сагІа доккхучу кхерча тІехь цІе а латийна, цу тІе дечиг дилла деза.

8

АхІаронан кІентий болчу динан дайша, цІера тІе дехкинчу дечигаш тІе бежанан дакъош а, корта а, мохь а йилла еза.

9

Оцу стага бежанан когаш а, чоко а дилича, динан дас дерриге а дакъош цІера тІехь даго деза. Иза цІера тІехь дагош долу сагІа ду, цуьнан хьожа Везачу Элана тамехь ю.

10

Нагахь санна Везачу Элана лерина дагоран сагІина стага жимачу даьхних – уьстагІех я гезарех – даккхахь, иза цхьа а сакхт доцу боьрша дийнат хила деза.

11

Стага Везачу Элана хьалха, сагІа доккхучу кхерчан къилбаседехьарчу агІор охьа а диллина, дийнатна урс хьакха деза, цул тІаьхьа АхІаронан кІенташа, динан дайша, цу дийнатан цІий тоха деза кхерчан массо а агІор.

12

Стага дийнат дакъошка декъа деза, кортий, моххьий дІа а къастийна. Юха динан дас и дакъош кхерча тІерачу цІерана тІе техкинчу дечигна тІе дахка деза.

13

Стага дийнатан когаш а, чоко а йилича, дерриге а дакъош кхерча тІехь даго деза динан дас. Иза цІера тІехь дагош долу сагІа ду, цуьнан хьожа Везачу Элана тамехь ю.

14

Нагахь санна Везачу Элана лерина дагоран сагІина стага олхазар дахьахь, иза я къоркхокха я кхокха хила беза.

15

Динан дас, кхокха сагІа доккхучу кхерчана тІе а беана, цуьнан корта схьабоккхур бу. Цуьнан цІий кхерчан агІонна тІе охьа а дахийтина, иза багор бу цо кхерча тІехь.

16

Кхокханан харданг а, месаш а схьа а яьхна, кхерчан малхбалерчу агІор, юкъ дІахьокхучу метте, охьатосур ю динан дас.

17

Стага и кхокха, цуьнан тІемаш, кег а ца деш, дІа а озийна, кагбича, иза кхерча тІе техкинчу дечигна тІерачу цІергахь багор бу динан дас. Иза цІера тІехь дагош долу сагІа ду, цуьнан хьожа Везачу Элана тамехь ю“».

© 2018 Дом Молитвы. Христианская Интернет Миссия.