Малахия
1 2 3 4

1

ХІара Везачу Эло Малъаки-пайхамарехула Исраилан халкъана бина хаам бу.

2

«Суна шу дезаделла», – боху Везачу Эло. Ткъа аша: «Стенна тІехь схьагайтина Ахьа Хьайн безам?» – боху. «Іесав Якъубан ваша ма хилла? – боху Везачу Эло. – Делахь а, Сайн безам гайтархьама, Ас Якъуб а, цуьнан тІаьхье а хаьржинера,

3

амма Іесав а, цуьнан тІаьхье а дІатеттинера. Ас цуьнан лаьмнех яьсса меттиг йира, ткъа цуьнан долахь долу латта яьссачу аренашкара чангІалкхашна дІаделира».

4

Нагахь санна Іесаван тІаьхьенах болчу эдомхоша: «Тхо дохийна, амма дохийнарг оха меттахІоттор ду», – бахахь, Везачу Эло иштта боху: «Цара меттахІоттор ду, ткъа Ас дохор ду. ТІаккха церан меттигах „харцонийн меттиг“ эр ду, ткъа царах „Везачу Элан оьгІазло гуттаренна тІехь йолу халкъ“ эр ду».

5

Иза шун бІаьргашна гур ду, тІаккха аша эр ду: «Везачу Элан сийлалла Исраил-махкана арахьа а кхочу!»

6

«КІанта ден сий до, иштта лено а шен олахочун сий до. Нагахь санна Со шун да велахь, мичахь ду Суна догІу сийдар? Нагахь санна Со шун олахо велахь, мичахь бу Суна богІу ларам? – боху массо а ницкъийн Везачу Эло. Ва динан дай, шу Сан цІе емалйийраш ма ду! Аша боху: „Оха муха емалйо Хьан цІе?“

7

СагІа доккхучу Сан кхерчана тІе хьанал боцу кхача а бахьаш, боху-кх аша: „Оха муха сийсазваьккхина Хьо?“ Везачу Элана лерина болчу кхачанан шуьнах цадашарца аша Со сийсазваьккхина.

8

Къилахь дац ткъа, сагІина дахьаш дерг бІаьрзениг деача? Вон дац ткъа, сагІина деанарг астагІа я цамгар кхеттарг хилча? ДІакховдадел иштта дерг хьайн баьччанна – реза хир варий те иза хьуна, хьо дика тІеоьцур варий те цо?» – боху массо а ницкъийн Везачу Эло.

9

«Цундела шайх къинхетам бар дехалаш Деле. Ткъа шуьгара ишттаниг долуш хилча, шу тІеэцалур дуй те Цуьнга, шуна дика а деш? – боху массо а ницкъийн Везачу Эло. –

10

Цул гІолехь хир дара, сагІа доккхучу Сан кхерчана тІехь эрна цІе ца латторхьама, шух цхьаммо Сан цІийнан неІарш дІакъевлинехь. Сан безам бац шуьга, – боху массо а ницкъийн Везачу Эло, – шун куьйгаша деанарг Суна тамехь хир дац.

11

Малх гучуболучуьра малх дІабузучу кхаччалц сийлахь хир ю халкъашна юкъахь Сан цІе. Муьлххачу а меттехь Суна лерина хаза хьожа йогІу хІуманаш а, цІена долу сагІанаш а дохур ду. Сийлахь хир ю Сан цІе халкъашна юкъахь, – боху массо а ницкъийн Везачу Эло. –

12

Ткъа аша Со сийсазвоккху, Хьалдолчу Элана лерина долчу кхачанан шуьнах а ца дешаш, Цуьнан кхача дола а хеташ.

13

Цу тІе цунах лаьцна аша, марош хьала а ойуш, цадашарца иштта олу: „Ма кІордийна-кх хІара дерриге а!“ – боху массо а ницкъийн Везачу Эло. – Лачкъийна а, астагІа а, цомгуш долу а дийнаташ Суна лерина аша сагІина деача, резахиларца шун карара уьш тІеэца дезий те Аса? – боху Везачу Эло. –

14

НеІалт хуьлда, шен жена юкъахь сакхт доцу боьрша уьстагІ боллушехь, Хьалдолу Эла волчу Суна и уьстагІ сагІина бан ша чІагІо йина йоллушехь, сагІина лерина сакхт долу дийнат дуьйш волчунна – боху массо а ницкъийн Везачу Эло. – ХІунда аьлча Со сийлахь-воккха Паччахь ву. Сан цІе а ю халкъашна юкъахь кхераме».

© 2018 Дом Молитвы. Христианская Интернет Миссия.