1 2 3 4 5 6 7

1

ЯхІуд-мехкан паччахьаша – Йовтама, Ахьаза, Хьузакх-ЯхІус – паччахьалла дечу хенахь Муршат-юьртара волчу Мика-ЯхІуга Везачу Элера хаам кхечира. Оцу хаамехь Мика-ЯхІуна дІаделладелира Шамран а, Ярушалайм а цІераш йолчу гІаланех хиндерг.

2

ЛадогІа массо а халкъаша, тергам бе лаьтто а, цунна тІехь мел долчо а! Шуна дуьхьал теш хуьлийла сан Хьалдолу Эла, Шен дезачу цІийнера волу Веза Эла!

3

ХІунда аьлча Шен езачу меттигера араволуш ву Веза Эла. Охьа а ваьлла, лаьттан лакхенаш хьоьшур ю Цо –

4

Цунна кІелахь лаьмнаш дешар ду, цІергахь лела балоз санна, уьш тогІеш чу текхар ду, гуна тІера охьадогІу хи санна.

5

Якъубан тІаьхьенан аьрхалла а, Исраилан халкъо летийна къинош бахьана долуш ду и дерриге а. ХІун бахьаница ю Якъубан тІаьхьенан аьрхалла? Шамран-гІалица йоьзна юй те иза? ХІун бахьаница бу ЯхІуд-махкахь цІушна сагІа доккху гунаш? Ярушалаймаца доьзна-м дац те иза?

6

Везачу Эло боху: «Иза бахьана долуш Ас Шамран-гІаланах саьлнаш йийр ю аренгахь, кемсаш лелон бен пайден хир яц и меттиг. Ас цуьнан тІулгаш тогІи чу кхуьссур ду, цуьнан баххаш гучу а дохуш.

7

Дерриге а цуьнан Іамал еш долу суьрташ дохор ду. Сийсаза леларна делла долу совгІаташ цІергахь дагор ду. Ас цуьнан массо а цІуш бохабойтур бу. ЦІуйн дуьхьа лелаш долчу кхахьпаллина цо совгІаташ схьаэцарна, кхахьпаллина уьш кхин а дІалур ду».

8

Юха Мика-ЯхІус элира: «Со цунна воьлхур а ву, тийжар а ву, когаш Іуьйра а, верзинаваьлла а лелар ву со. Со, чангІалкх санна, угІур ву, бухІа санна, воьлхур ву,

9

хІунда аьлча Шамранан чевнаш йоьрзур йолуш яц. Изза ЯхІуд-махкана а дІакхаьчна. Ур-атталла сан халкъан кевне, Ярушалайме а, кхаьчна иза».

10

Иза Гати-гІалахь дІа ма кхайкхаделаш, цигахь хозуьйтуш ма делхалаш (Гати – «кхайкхо» бохург ду). Амма Байт-Іапру олучу юьртахь шайна тІе чан тасалаш (Іапру – «чан» бохург ду).

11

Эхь дайна, берзинабевлла болу Шапир-гІалин бахархой, керлачу метте дІакхалха. Цаинунехь бехаш берш а дІабовдалур бац. (Цаинун – «довда» боху маьІна долуш ду). Байт-Эцал-юьртахь дечу белхаро шу цигахь соцуьйтур дац.

12

Марут-гІалин бахархой шайна гІо даре сатесна бу, хІунда аьлча Везачу Элера болу бохам Ярушалайман кевне кхаьчна (Марут – цуьнан «къаьхьа» бохург ду).

13

Лахиш-гІалин бахархой, чехка говраш дІайожа гІудалкхана (Лахиш – цуьнан маьІна «гІудалкх» бохург ду). Шу Ярушалайман бахархойн къинойн юьхьиг ю, хІунда аьлча шуна тІера дІадоладелла Исраилан халкъан зуламаш.

14

Иштта аша Муршат-Гати-гІала совгІаташ дІакхоьхьуьйтур ду, амма Ахзиб-гІала Исраил-мехкан паччахьаш Іехорна хир ю (Муршат – цуьнан маьІна «зудчух луш болу там» бохург ду).

15

Марешера бахархой, Ас шу мостагІчун кара дІалур ду (Мареш – цуьнан маьІна «толамхо» бохург ду). Исраилан халкъан куьйгалхой, бевдда, Іадулам-хьехана чохь къайлабевр бу.

16

Дукха дезачу шайн берашна шаьш гІайгІанехь хиларна, шайн коьртара месаш дІаяша. Шу долчуьра уьш махках бохург хиларна, ломъаьрзунан санна, шайн кортош дерзина даха.

© 2018 Дом Молитвы. Христианская Интернет Миссия.