1 2 3

1

Нунав-гІалина дуьхьал Делера болу хаам. Элкхушахо волчу Нахьумна Дала хІоттийначу суьртах лаьцна долу тептар.

2

Веза Эла – эмгаралла йолу Дела а, бекхамхо а ву. Бекхам бийриг а, дераллах вуьзнарг а ву Иза. Шена дуьхьалболчарна бекхам а бо Цо, мостагІашна дуьхьал моха а латтайо Цо.

3

Веза Эла атта оьгІаз а ца воьду, Иза Шен ницкъаца сийлахь ву. Цо бехк таІзар ца деш а ца буьту. Йилбазмохехь а, дарцехь а ду Везачу Элан волавалар, мархаш – Цуьнан когаша хьалайоккху чан санна ю.

4

Цо омра дича, хІорд а бакъало, дерриг хиш а лекъа. Башан-мохк а, Кармал-лам а маргІалбулу, Ливанун-ломан зазанаш дакъало.

5

Цунна хьалха лаьмнаш а дегадо, баьрзнаш а деша. Цуьнан юьхьа хьалха латта а, дерриг а дуьне а, дуьнен чохь мел дехарг а дегадо.

6

Мила латталур ву, Иза эргІадвахча? Хьан ловр ю Цуьнан чІогІа йолу оьгІазалла? Цуьнан дералла яьлла цІе санна хиларна, тархех Цунна хьалха чан хуьлу.

7

Веза Эла ма дика ву. Бохам тІебеача, Иза дІалочкъийла ву. Шех бІобулучарна Іуналла до Цо.

8

Амма дерриге а дІахьулдечу хин дестаро санна, Цо кхоччуш дІайоккхур ю Нунав-гІала. Шен мостагІий Цо бодане дІахьулбойтур бу.

9

ХІун дагадеана шуна Везачу Элана дан? Цо шу кхоччуш хІаллакдийр ду! ШолгІа шуна бохамаш бан оьшур дац.

10

Коканан колл санна, вовшахъхьаьрчина болу мостагІий, баххалц мелла болу маларчаш санна, хІаллакбина хир бу, дагийна декъа ча санна, берриш а хІаллакбина хир бу.

11

Везачу Элана дуьхьал зулам дан дагалаьцнарг а, мекара хьехам бинарг а хьох схьаваьлла, Нунав-гІала.

12

Везачу Эло иштта боху: «Ашурхой нуьцкъала а, дукха а белахь а, уьш хІаллакбина дІабохур а бу, уьш къайлабевр а бу. ЯхІудан халкъ, Ас хьуна хІинццалц халонаш йинехь а, кхин халонаш йийр яц.

13

ХІинца Ас хьуна тІехь долу церан дукъ дохор ду, хьан буржалш а йохор ю».

14

Ткъа хьуна, Ашуран къам, Везачу Эло хІара билгалдаьккхина: «ХІинца чул тІаьхьа кхин хІу хир дац хьан цІе йоккхуш. Хьан деланийн цІийнара дечиган а, лалийна бина болу а цІуш хІаллакбина дІабохур бу Ас. Ас хьуна каш кечдийр ду, хьо мехала хІума йоцу дела».

15

Хьажал, хаза кхаъ бахьаш волчу а, машар дІакхайкхош волчу а геланчин когаш лаьмнашкахула схьабогІу! ЯхІудан къам, хьайн деза денош дазде, хьайн ваІданаш а кхочушде. ХІинца чул тІаьхьа Іесанаш хьан махка кхин чугІертар бац, уьш кхоччуш хІаллакбина дела.

© 2018 Дом Молитвы. Христианская Интернет Миссия.