Неемия
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13

1

ХІара дешнаш Хьахли-ЯхІун кІант волчу Нахьми-ЯхІун ду: Артахь-Шашта паччахьаллехь волчу ткъолгІачу шеран Кислав-баттахь со Шушан-гІалин гІопахь нисвеллера.

2

Цу хенахь сан вежарех цхьаъ волу Хьанани а, цуьнца кхин масех стаг а ЯхІуд-махкара схьавеана вара. Йийсарера кІелхьара а баьхна, юхабирзинчу яхІудхойх лаьцна а, Ярушалаймах лаьцна а цаьрга хаттарш дира Аса.

3

Хьананис а, цуьнца болчара а суна жоп делира: «Йийсарех кІелхьарбаьхна болу яхІудхой шайн махкахь бехаш, чІогІа яккхий халонаш а, сийсаздахар а токхуш Іаш бу. И массо а хІума Ярушалайман пенаш дохийна дІадаьхна хилар а, цуьнан кевнаш дагийна хилар а бахьана долуш ду».

4

И хІума сайна хезча, со, охьа а хиъна, вилхира. Масийтта дийнахь тийжа а тийжаш, марха а кхобуш, стигаларчу Далла хьалха доІанаш дора аса.

5

ТІаккха сайн доІанехь аса дийхира: «Ва Веза Эла, стигалийн Дела, сийлахь а, нах ларамах бузуьйтуш а волу Дела. Хьайн весеташ кхочушдеш болчаьрца Айхьа бина барт ларбо Ахь! Хьо везаш волчарна Хьайн хедар боцу безам а ма гойту Ахь!

6

Хьан лергаш ладугІуш хуьлийла, Хьан бІаьргаш схьабиллина хуьлийла дийнахь а, буса а, Хьайна хьалха Хьан лай долу Исраилан халкъ доьхуш доІа деш волчу Хьайн лай волчу сан доІа дІахазахьа. Исраилхой долчу оха, со а, сан ден доьзал а цу чу а богІуш, Хьуна дуьхьал летийначу къинойх лаьцна мукІарло до аса.

7

Хьуна дуьхьал зуламениг леладора оха. Ахь Хьайн ялхо волчу Муса-пайхамарехула дІаделла долу весеташ а, тІедехкинарш а, парзаш а лар ца дора оха.

8

Хьайн ялхочуьнга Муса-пайхамаре Айхьа аьлларг дагадаийтахьара Ахьа Хьайна. Цуьнга Ахьа аьллера: „Нагахь санна шу тешаме ца хилахь, Аса шу кхечу къаьмнашна юкъахь дІасадаржор ду.

9

Амма шу, Суна тІе а дирзина, Сан весеташ тІе а эцна, Аса бохург лардеш хилахь, шу дуьненан йисте дІаэккхийна хилча а, Аса, цигара а схьа а гулдина, Сайна Іибадат дайта а, Со шуьца Іан а Айса схьахаьржинчу метте схьадалор ду“.

10

Исраилан халкъ – Хьан лай а, Хьан халкъ а ду, Ахьа Хьайн боккхачу ницкъаца а, ондачу куьйгаца а мах баккхарца паргІатдаьккхина долу.

11

Ва Хьалдолу Эла, Хьан цІеран сийдар хазахеташ волчу Хьан лай волчу сан а, Хьан леш болчу нехан а доІанашка дикка ладогІахьара Ахьа! Тахана аьтто бехьа сан, паччахь соьца къинхетаме а хуьлуьйтуш». Со паччахьан чагІардуттург вара.

© 2018 Дом Молитвы. Христианская Интернет Миссия.