1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14

1

ЯхІуд-мехкан паччахьаша Іузи-ЯхІус а, Йовтама а, Ахьаза а, Хьузакх-ЯхІус а, Исраил-мехкан паччахьан Юашан кІант волчу ЯрбаІама а паччахьалла динчу хенахь Беарин кІанте ХІушаІе Везачу Элера хаам хилла.

2

Везачу Эло, ХІушаІехула Исраилан халкъе Ша вистхила волалуш, иштта элира: «Вало, нахаца лела зуда ялае хьайна, цунах девр долу бераш схьаэца, тешаме доцуш уьш хир делахь а, хІунда аьлча хІара халкъ чІогІа зуламе даьлла, кхечу деланашна тІаьхьа а хІоьттина, Везачу Элах дІадирзина иза».

3

Вахана, ХІушаІа шена Диблайман йоІ Гомар ялийна. Берах а хилла, цо ХІушаІана кІант вина.

4

Везачу Эло ХІушаІе элира: «КІантана, ИзраІал алий, цІе тилла. Жимма хан яьлча, ИзраІалан тогІи чохь цІий Іанор Аса дІадоькхур ду ЯхІу-паччахьан цІенна. Исраил-махкахь долу паччахьалла дохор ду Аса.

5

Цу дийнахь ИзраІалан тогІи чохь исраилхойн тІеман ницкъ бохор бу Аса».

6

Гомара, юха а берах а хилла, йоІ йина. Везачу Эло ХІушаІе элира: «Цунна, „Къинхетам цабинарг“ (Ло-Рухьама) алий, цІе тилла, хІунда аьлча Исраилан халкъах Аса кхин къинхетам а бийр бац, цунна геч а дийр дац.

7

Делахь а Аса ЯхІудан халкъах къинхетам бийр бу. Церан Веза Дела волчу Аса уьш, секхаІодаца а, туьраца а, тІамца а, дойшца а, дошлошца а доцуш, кхечу кепара кІелхьарбохур бу».

8

Ло-Рухьама екхачуьра дІаяьлча, Гомара, юха а берах а хилла, кхин а цхьа кІант вина.

9

Везачу Эло элира: «Цунна, „Сан халкъ дац“ (Ло-Іами) алий, цІе тилла, хІунда аьлча шу Сан халкъ а дац, Со шун Дела а вац.

10

Амма хинйолчу заманахь исраилхой, бусталур боцуш а, багарбалур боцуш а, хІордан гІум санна, шортта хир бу. „Шу сан халкъ дац“ – баьхначу меттехь, „Шу дийна волчу Делан кІентий ду“, – бохур ду цаьрга.

11

ТІаккха яхІудхой а, исраилхой а цхьаьнакхетар а бу, шайна юха а куьйгалхо дІа а хІоттор ву цара. Уьш шайн лаьттара хьалакхуьур бу, хІунда аьлча ИзраІалан де сийлахь хир ду!»

© 2018 Дом Молитвы. Христианская Интернет Миссия.