От Луки

1

Лоруш волу Теапил, Тхуна юкъахь кхочушхиллачу хІуманех лаьцна дийцар хІинцале а дукха нах яздан гІиртира.

2

Тхуна а оцу хІуманех лаьцна ма-дарра дийцина, уьш ган а гина, цул тІаьхьа Делан Дош адамашна юкъахь дІасадаржочу наха.

3

И хезнарг дерриг леррина талла а теллина, хьоьга цунах лаьцна ма-дарра яздийр дара аьлла, сацам хилла сан,

4

айхьа Іамийнарг хьуна билггала бакъ дуй хаийтархьама.

5

ЯхІуд-махкахь ХІарод паччахь волчу хенахь Аби-ЯхІун цІе йолчу тобанах а волуш, Закри цІе йолуш цхьа динан да вара. Элисат цІе йолуш зуда яра цуьнан, АхІаронан тІаьхьенах схьаяьлла.

6

И шиъ Везачу Эло тІедиллина гІуллакх леррина кхочушдеш а, Далла хьалха цІена а дара.

7

Церан бераш дацара, Элисат доьзалхо ца хуьлуш хиларна. Ший а ханна доккха а дара и шиъ.

8

Цкъа шайна юкъахь Закри волчу динан дайн тобанан рагІ кхечира Везачу Элана гІуллакх дан.

9

Динан дайн Іедалехь ма-хиллара, кхаж тесира. Иштта Закрина кхаж белира Везачу Элан цІа чохь хаза хьожа йолу хІума яго.

10

Цу хенахь оцу цІенна хьалха дукха адам гулделлера, шаьш гуттар а ма-дарра, цхьаьна ламаз дан.

11

Закри волчу Везачу Элан малик деара цу хенахь. Хаза хьожа йогІу хІума ягочу кхерчана аьтту агІор дІахІоьттира иза.

12

Иза гина Закри чІогІа кхеравелира.

13

Малико элира цуьнга: «Кхера ма лолахь, Закри! Хьан доІанна жоп делла: Элисата кІант вийр ву хьуна. Цуьнан цІе ахь Яхьъя туьллур ю.

14

Цунах чІогІа воккха а вийр ву хьо. Дукха нахана хазахетар хир ду иза дуьнен чу валарна.

15

ХІунда аьлча иза Везачу Элан бІаьргашна хьалха чІогІа сийлахь стаг хир ву, цо цкъа а чагІар а, кхин йолу вахош йолу хІуманаш а мер яц. Ненан кийрахь волуш дуьйна Делан Синах вуьзна хир ву иза.

16

Дукха исраилхой церан Везачу Далла тІеберзор бу цо.

17

Везачу Элана хьалха вогІуш хир ву Яхьъя, Эли-ЯхІу-пайхамарца хилла долу нуьцкъала са а долуш волу, дайн дегнаш церан берашна тІе дерзорхьама, аьрханаш, нийсачу новкъа а хІиттина, Делан лаамехь берш санна хилийтархьама, Веза Эла вале, и кечам бина халкъ дуьхьал хІотторхьама».

18

Закрис хаьттира малике: «Со муха тешар ву ахьа бохучух? Со къена ву, сан зуда а хан яьлла ю».

19

Малико жоп делира: «Хьоьга и хаза кхаъ бахьаш даийтина, Далла гергахь долу Джабраил ду со.

20

ХІинца дуьйна хьан мотт соцур бу, и дийцинарг кхочуш хиллалц. Хьан мотт сацар хьо сан дешнех ца тешарна хир ду, ткъа ас дийцинарг шен хенахь билггала хир долуш ду».

21

Адамаш арахь Закрига хьоьжуш дара, иза Везачу Элан цІа чохь хьеваларна цец а дуьйлуш.

22

Закри, араваьлча, вист ца хилалора, цундела куьйга эшарца дийца дийзира цуьнан. Массо а кхийтира, цунна Делан цІа чохь сурт хІоьттинийла.

23

Далла гІуллакх деш долу денош чекхдевлча, Закри цІа вирзира.

24

Дукха хан ялале цуьнан зуда Элисат доьзалхочух хилира. Пхеа баттахь адамех лечкъаш лийлира иза.

25

Цо бохура: «ХІара суна Везачу Элера ду! Со хенара йоллушехь, сох къинхетам а бина, нахана хьалха со юьхькІайчу хІоттийна Цо».

26

Элисат доьзалхочух йолу ялхалгІа бутт болуш, Дала Джабраил-малик дахийтира Галилай-махкара Назарт цІе йолчу гІала

27

Марем цІе йолу йоІстаг йолчу. Дауд-паччахьан тІаьхьенах волчу Юсупца захало дийцина яра Марем.

28

Иза йолчу а деана, малико элира: «Маршалла ду хьоьга, Дала хьуна диканиг динарг! Веза Эла хьоьца ву!»

29

И дешнаш бахьана долуш, Марем синтем байна яра, цо ойла йора, хІун маьІна долуш ду и маршалла бохуш.

30

Малико бохура: «Ма кхера, Марем! Дала хьуна диканиг дина!

31

Хьо берах хир ю, ахь кІант вийр ву, цуьнан цІе Іийса а туьллур ю ахь.

32

Иза сийлахь хир ву, Цунах Веза Воккхачун КІант эр ду. Везачу Дала Цунна Цуьнан ден Даудан паччахьалла лур ду,

33

гуттар а ерриг Якъубан тІаьхьенна тІехь куьйгалла деш хир ву Иза, Цуьнан паччахьалла цкъа а кхачор дац».

34

«Иза муха хир ду, – хаьттира Марема, – со хІинца а йоІстаг ма ю?»

35

Малико жоп делла: «Хьуна тІе Делан Са дуьссур ду, Веза Воккхачун ницкъо дІахьулйийр ю хьо, цундела хьан хиндолу бер Деза хир ду, Цунах Везачу Делан КІант а эр ду.

36

Хьан гергара йолчу Элисата а кІант вийр ву, ша ханна йоккха елахь а. Цунах, иза доьзалхо хуьлуш яц бохуш, дуьйцура, ткъа иза ялхалгІа бутт бу доьзалхочух йолу.

37

Деле дан а ца луш хІумма а ма дац!»

38

«Со Делан лай ю, – элира Марема, – ахь ма-бохху, дерриг и хуьлийла соьца». Юха малик дІадахара иза йолчуьра.

39

Масех де даьлча, Марем сихонца ЯхІуд-мехкан ламанца йолчу цхьана юьрта яхара.

40

Закрин цІа чу а яьлла, Элисате маршалла хаьттира цо.

41

Элисатна Мареман маршалла хезча, цуьнан кийрара бер тохаделира. Оццу хенахь Элисат Делан Синах юьзира.

42

Цо элира чІоггІа: «Зударшна юкъахь декъала ю хьо! Хьан кийрара бер а ду декъала!

43

Соьгара хІун диканиг даьлла теша, сан Элан нана со йолчу ярна?

44

Хьан маршалла хезча, сан кийрара бер хазахетта тохаделира.

45

Декъала ю Дала бохург кхочушхиларх тешнарг!»

46

ТІаккха Марема элира: «Сан даго къобалво Веза Эла,

47

Цунна со кІелхьарйоккхучу Далла доккхадеш ду иза,

48

хІунда аьлча Цуьнан лай йолчу сан кІезиг хиларан тидам бина Цо! ХІинца массо а тІаьхьенаша сох декъалниг эр ду,

49

хІунда аьлча Нуьцкъалчо суна сийлахь гІуллакхаш дина дела. Цуьнан цІе еза ю!

50

Цуьнан къинхетам тІаьхьенашкара тІаьхьенашка Цунах кхоьручарах бу!

51

Шен нуьцкъалчу куьйгаца Цо сийлахь гІуллакхаш кхочушдина, Цо, баржийна, дІасабаьхна шайн дегнашкахь курабевлларш,

52

паччахьаш шайн гІанташкара биссийна, ткъа миска нах Цо айина.

53

Цо мецанаш дикачу кхачанах бузийна, хьалдерш хІума ца луш дІабахийтина.

54

Цо гІо дина шен ялхочунна, Исраилан халкъана. Цуьнан дагахь дара ИбрахІимна а, цуьнан тІаьхьенна а гуттаренна а къинхетам бан, вайн дайшка Цо ма-аллара».

55

Цо гІо дина шен ялхочунна, Исраилан халкъана. Цуьнан дагахь дара ИбрахІимна а, цуьнан тІаьхьенна а гуттаренна а къинхетам бан, вайн дайшка Цо ма-аллара».

56

Марем, кхаа баттахь гергга Элисат йолчохь хьошалгІахь а Іийна, цІа еара.

57

Хан тІекхаьчча, Элисата кІант вира.

58

Лулахой а, гергарнаш а, ла а дугІуш, Везачу Эло цунна и дика болх барна, Элисатца цхьаьна хазахеташ, баккхийбеш бара.

59

БорхІалгІачу дийнахь кІант хадо баьхкинарш цуьнан цІе шен ден санна Закри тилла дагахь бара.

60

Амма нанас элира: «ХІан-хІа! Цунах Яхьъя эр ду».

61

Цуьнга элира: «И цІе йолуш шун гергара цхьа а ма вац!»

62

Цара куьйга эшарца дега хаьттира, цунна кІентан цІе хІун тилла лаьа аьлла.

63

Закрис, цхьа жима у а дехна, массо цец а воккхуш, яздира: «Цуьнан цІе Яхьъя ю».

64

Оцу сохьта цуьнан мотт паргІат а баьлла, цуьнга Дела хестош хабар дийцаделира.

65

Лулахой ларамах буьзира. Хиллачух лаьцна массанхьа а ламанца болчу ЯхІуд-махкахь дуьйцуш дара.

66

Массо а, и хезнарш, шайн дагахь а, вовшийн а хоьттуш бара: «Воккха хилча мила хир ву теша и кІант?» – бохуш. ХІунда аьлча Везачу Элан ницкъ бара Яхьъяца.

67

Цуьнан да Закри, Делан Синах а вуьзна, Делера болу хаам бан волавелира:

68

«Декъала хуьлда Эла, Исраилан халкъан Дела, ван а веана, Шен халкъ безачу мехах паргІатдаьккхина.

69

Шен ялхочун Даудан тІаьхьенах волу нуьцкъала стаг ваийтина Цо вай кІелхьардаха,

70

Ша гуттар хьалха Шен безачу пайхамаршкахула ма-баххара.

71

Цо кІелхьардохуш ду вай вешан мостагІех а, вай цадезачеран куьйгех а.

72

Цо вайн дайх къинхетам а бина, Шен беза барт дагахь латта а бина –

73

вайн дега ИбрахІиме йина чІагІо. Дала ИбрахІиме ваІда дина,

74

вай мостагІех кІелхьардохур ду аьлла, цхьаннах а ца кхоьруш, вайга Шена гІуллакх дайтархьама,

75

дуьненахь йоккху хан Цунна хьалха цІена а, дика а яккхийтархьама.

76

Ткъа хьох, сан жиманиг, Веза Воккхачун пайхамар эр ду, хІунда аьлча хьо Везачу Элана хьалха вогІуш хир ву, Цунна некъ кечбеш,

77

Цуьнан халкъана церан кІелхьардовлар къиношна гечдарца дуйла хоуьйтуш.

78

Вайн Делера болу кІорга безам бахьана долуш, лакхара йолу серло санна Верг вай долчу вогІур ву,

79

Іожаллин боданехь Іаш берш серлабахархьама а, машаран новкъа вайн когаш бахархьама а».

80

Жима бер доккха хуьлуш а, синан доьналлица чІагІлуш а дара. Иза акхачу, адам кІезиг долчу меттехь Іаш дара, Исраилан халкъана гІуллакх даллал ша хиллалц.

© 2018 Дом Молитвы. Христианская Интернет Миссия.