Песня Песней
1 2 3 4 5 6 7 8

1

Сулим-паччахьан дерриге а иллешна юкъара уггар а хаза илли. Цо берташца дІахьулйойла сан юьхь! ЧагІарал мерза бу хьан безам!

2

Хьан духІийн хьожа а мерза ю. Хьан цІе дІасаІанийна хьакхар санна ю. Цундела веза хьо мехкаршна!

3

ДІайига со хьайца, сихлур ду вайшиъ! Паччахьо шен цІа чу йиги со! Вайшиъ самукъадаьлла хир ду, сакъоьруш хир ду. ЧагІарал чІогІа болу хьан безам хестор бу вай. Ма нийса бу хьо дукха везаш берш!

4

Ярушалайман мехкарий, со Іаьржа ю, амма хаза ю, Къедаран четарш санна Іаьржа ю, Сулиман цІийнан шаршуш санна хаза ю.

5

Сан Іаьржачу басе ма хьежа – малхо еттина со. Сан ненан кІенташа, суна оьгІаз а бахана, кемсийн бошмаш ларъян хІоттийна со, ткъа сайн кемсийн беш ас лар ца йина.

6

Сан дагна везнарг, алахьа соьга: мичахь дажадо ахь хьайн даьхни? Мичахь садоІу ахь делкъахенахь? Хьан накъостийн жашна уллохь хьо, юьхь къайла а яьккхина, хІунда лоьхура ас?

7

Хьуна хІунда ца хаьа и меттиг, зударшна юкъахь уггар исбаьхьаниг? УьстагІийн лорах дІа а гІой, жаІуйн четарш уллохь хьайн буьхьигаш яжае.

8

ПирІунан южучу кхелашна юкъахь уггар исбаьхьачуьнца хьо юсту ас, сан хьомениг.

9

Исбаьхьа ю хьан беснеш лергарчу чІагаршна юкъахь. Хьан логах кхозуш жовхІарш ду.

10

Детица кхелина дашо чІагарш йойтур ю вай хьуна.

11

Шен маьнги тІехь паччахь хиъна мел Іан, сан духІино шен хаза хьожа йоуьйтура.

12

Сан накхошна юкъахь Іуьллу чохь хаза хьожа йогІу бецаш долу бохча санна ву сан хьомениг суна.

13

Мерзачу зазанан курс санна ву сан везарг Іейн-ГІадин кемсийн бошмашкахь.

14

Ма исбаьхьа ю хьо, сан деган зезаг, ма исбаьхьа ю! Кхокха санна, эсала а, хаза а бу хьан бІаьргаш!

15

Ма исбаьхьа ву хьо, сан везарг, ма безаме ву! Соьналлех бина бу вайн мотт.

16

Вайн цІийнан бІогІамаш хилла лаьтта баганан дитташ, вайн чуьра тхевнаш зоьзан диттех дина ду.

© 2018 Дом Молитвы. Христианская Интернет Миссия.