Плач Иеремии
1 2 3 4 5

1

qac Аqac*дам мацах дукха хилла йолу гІала, цхьа а стаг воцуш санна йисина-кх и гІала. Лаьтташ ю иза йисна Іачу зудчух таръелла. Халкъашна юкъахь сийлахь йолуш лелла и гІала. Мехкашна тІехь а эла хилла лаьттина и гІала. Ясакх луш ерг санна хилла дІахІоьтти-кх и гІала.

2

qac Бqac*уьйсанна иза йоьлху къаьхьачу белхарца. БІаьрхиш а ма ду цуьнан беснеш тІехула охьаоьхуш. Вац-кх цхьа а иза тейийриг и езначу массарна а юкъахь. Цуьнан берриг доттагІий а ямарта хили цунна. МостагІий а хилла, дІахІитти-кх уьш цунна.

3

qac Вqac*он тІе а догІуш, халчу лоллехь иза хили, ЯхІудан халкъ йийсаре ма диги. Хийрачу мехкашкахь даха иза хаийти, амма цхьа а синтем цунна-м ца карий. Массо а цуьнан мостагІий цунна тІаьхьабевли. Готта йолчу оцу меттехь уьш цунна тІекхии.

4

qac Гqac*ІайгІанехь ма ду Цийонан некъаш, Царна тІехула ца леларна деза де даздийраш. Ма яссаели хІинца цуьнан ерриг а ков-керташ, Цуьнан динан дай а бу узарш деш лаьтташ. ЙоІарий а ма бу цуьнан йоккхачу гІайгІанехь. Йоккха къахьо ма ю цуьнгахь шегахь а.

5

qac Дqac*ІахІитти-кх коьрте цуьнан массо а мостагІий, Иза цаезнарш тоьллачу хьолехь бу. Везачу Эло цунна и вон тІедаийти, Цуьнан бахьана а цуьнан дукха къинош хилар ду. МостагІашна хьалха, йийсаре а дахана, Доьлхуш, дІаоьхуш цуьнан бераш а ду.

6

qac Еqac*ли-кх дІа Цийонан йоьІан хазалла. Элий а бу цуьнан, дежийла доцу сеш санна, дерриг гІора дІа а даьлла, таллархочунна хьалха бевлла.

7

qac Жqac*оп а лоьхуш, баланехь а, гІело хьоьгуш а ша лелачу хенахь, дагаяьхки Ярушалаймана тоххара хьалха шен долахь мел хилла йолу хазнаш. МостагІчун карах цуьнан халкъ доьжча, цунна гІо дан цхьа а дІа ца хІоьттира. Сийсаз а еш, иза хІаллакьхилча, цуьнан мостагІий цунах кхаьрдира.

8

qac Зqac*ене долу къинош летадора Ярушалаймо. И бахьанехь догдели нехан а цунах. Хьалха, и хеста а еш, язйина лелларш хьоьжу хІинца массо а ца бешаш цунах, гарна шайна и хІинца ерзинаяьлла. Ша а цо ма доху даккхий синош хІинца, шена эхь хетарна, дІа а йоьрзуш.

9

qac Иqac* боьха томмагІа юх тІехь дара цуьнан. Ца йора цо ойла шех хиндолчун. Цуьнан йожарх нах инзарбевллера. Вац-кха цуьнан догъэца хІинца цхьа а. «Схьахьажахьа, Веза Эла, сан гІайгІа-балане, ХІунда аьлча сан мостагІа вазвелла дІахІоьтти!»

10

qac Кqac*уьг цунна тІе ма кховдийна буьрсачу мостагІчо, Ярушалайман халкъан мехала мел йолчу хІуманна тІе. Хьан деза долчу цІа чу боьлхуш го цунна кхечу къаьмнех берш. Царах лаьцна Ахь омра ма дина, Хьайн гуламан метте ма дуьйла аьлла.

11

qac Лqac*оьхуш напха шена, доккха са а дохуш, Дерриг а хьан халкъ шен синехьа даьлла, Шен мехала мел йолу хІума цо юучух дІало, ша гІелделла доллушехь, дийна дисархьама. «Хьажахьа хьо, Веза Эла, – оцу халкъо боху – юьхьІаьржачу хІоьттина долу сан хьал хІинца муха ду.

12

qac Мqac*ассо а новкъахула тІехдовлурш, шуна иза хІумма а дац! БІаьрг тохий, схьахьовсийша, юй те иштта цамгарш? Дуй те иштта лазар, суна кхеттарг санна? Буй те иштта бала, суна белларг санна? Везачу Эло Ша кхачийтира иза суна Ша оьгІазваханчу цу халчу дийнахь.

13

qac Нqac*ийсса лакхара Цо цІе охьа ма теси, сан даьІахкашна иза кІоргге чу ма ели. Со дІалоцу бой Цо сан когашка теси. Со, охьа а йожийна, Цо юха ма ерзийти. Сан синах а кхетта, Цо со дІа ма теси, Дийнахь сарралц Цо со гІелйина дІахІоттий.

14

qac Оqac*ццул долу сан къинош вовшех а дуьйцина, шен куьйгаца царах суна дукъ Цо дина. ТІаккха и дукъ суна Цо коча диллина, иза бахьанехь сан берриг а ницкъ гІелбалийтина. Хьалдолчу Эло дІаелла-кх со схьаялалур йоцучеран кара.

15

qac Пqac*Іелг Шен меттахбаккхарца дІатеси Хьалдолчу Эло Суна чохь карийна мел болу сан нуьцкъала тІемалой. ТІаккха суна дуьхьал Цо эскарш дІахІиттий, Цаьрга хІаллакбайтархьама сан къона тІемалой. Мутт доккхучу гІирсо санна, Цо дІахьаьши яхІудхойн йоІ йолу и Ярушалайм-гІала.

16

qac Рqac*еза йоцуш йоьлху со, бІаьргаш бІаьрхих дуьзна сан. Вац со денъян цхьа а, тейийриг а вац-кха сан. Бераш ду сан дог доьхна, МостагІа шайл тоьлла дела».

17

qac Сqac*атуьйсуш, кхийдадо шен куьйгаш Цийоно, амма вац-кха цуьнан догъэца цхьа а. Якъубан халкъах лаьцна Везачу Эло омра дина, цуьнан лулахойх Цо мостагІий цунна бина. Царна юкъахь Ярушалайм-гІала дІахІоьтти-кх сийсазниг а хилла.

18

«qac Тqac*къа Веза Эла бакъонца ма лела, Цуьнан даше ас ла ца доьгІна дела. Сан балане хьажий, ладогІалаш, халкъаш, Сан йоІарий, сан къонахий йийсарехь ма бу.

19

qac Хqac*олчу хІоьттинчу хенахь сайн накъосташка кхайкхира со. Амма цара, ле а йина, Іехийра со. Сан динан дай, сан къаной, шайн са кІелхьардаккхархьама, шайна напха а лоьхуш, лечу хьола тІе бевлла.

20

qac Хqac*ьажахьа соьга, Веза Эла, дог доьхна со хиларна, Суна чохь мел йолу хІума егаеш дІахІоьтти. Дог а меттахдаьлла сан, Хьуна ас дуьхьало ярна. Арахьара деанчу туьро сайн берех со яьккхи. ЦІера хьал, ялар санна, ма ду сан хІинца.

21

qac Цqac*арна ас узарш деш хезна, Вац-кха сан догъэца цхьа а. ДІахезна сан мостагІашна Со къизачу баланехь хилар. Айхьа аьлла де тІедаийтахьа, Уьш а Ахь сох дІатарбехьа.

22

qac Іqac*есаллица цара мел динарг Хьуна хьалха дІахІуттийла. Сан къинош бахьанехь суна динарг Ахьа царна а дойла. Тийжамаш сан бу-кха гІийла, Дог а сан мел гІелделла».

© 2018 Дом Молитвы. Христианская Интернет Миссия.