Притчи

1

ХІорш исраилхойн паччахь волчу Даудан кІентан Сулим-паччахьан кицанаш ду.

2

Церан Іалашо ю адамаш хьекъалалле кхачийтар а, уьш Іамийна хилийтар а, иштта уьш хьекъалечу дешнех кхеташ хилийтар а.

3

Уьш яздина ду, адамашна кхетам а, нийсо а, бакъдерг а, догцІеналла а Іаморхьама.

4

Уьш яздина ду боданечу нахана хьекъал далархьама а, ткъа къоначийн дика-вон къасто таро хилийтархьама а.

5

Хьекъал дерг ладугІуш хуьлийла, шен хьекъал совдоккхуш а хуьлийла, ткъа кхетам болу нах шайн дахаран новкъахула дІабуьгуш хуьлийла.

6

ХІара дешнаш яздина ду, кицанаш а, хьекъале дийцарш а къастадайтархьама а, хьекъалчийн дешнех а, церан хІетал-металех а кхетийтархьама а.

7

Кхетаме кхачархьама, адам уггар хьалха Везачу Эле ларамах дуьзна хила деза. Амма сонтачу адамаша дІатотту хьекъалалла а, шаьш нисдар а.

8

ЛадогІа, сан кІант! Хьайн дас дечу хьехаре ладогІа, нанас дина весеташ а дІа ма татта,

9

хІунда аьлча иза исбаьхьа таж ду хьан коьртана, хьан коча охка хаза туьтеш а ду.

10

Сан кІант! Шайна тІехь къинош долчу наха хьо шайна тІеозавахь, къар ма ло.

11

Цара хьоьга иштта ала мега: «Вало тхоьца, цхьаннан цІий Іано кІелховшур ду вай. Цхьа а бахьана доцуш, бехк боцург вен кІело йийр ю вай.

12

Эхарто дийна берш дІакхалларе терра, кошо могуш берш хІаллакбаре терра, вай дийна боллушехь дІакхоллур бу уьш.

13

Ваьшна деза мел долу хІума схьагулдийр ду вай, вешан цІенош хІонсах хьала а дузуш.

14

Тхох схьакхета, тІаккха и хІонс вовшашлахь цхьатерра йоькъур ю вай».

15

Сан кІант, цу нахаца дІа ма гІолахь, церан лорах дІавахарх ларлолахь,

16

хІунда аьлча церан когаш вониг долчу дІауьдуш бу, уьш цІий Іано сихбелла а бу.

17

Олхазарийн бІаьргашна хьалха речІа хІоттор эрна ду –

18

амма уьш санна болу нах шаьш-шайн цІий Іанорна кІелховшу, шайн дахарна кІело а йо цара!

19

Иштта ду харцонца шена са лоьхуш мел волчун некъаш: и са шена йоккхуш волу хІора а стаг шен дахарх вер ву.

20

КІорггера хьекъалалла урамнекъашкахь кхойкхуш ду, цо майданашкахь шен аз ойу,

21

адам гулделлачу меттигашкахь а, гІалин кевнна чуволучу меттехь а къамел до цо:

22

«Мел безар бу шуна, бодане адамаш, и бода? Мел ханна хир бу кхаьрдарш шайн кхардамах баккхийбеш? Мел хир бу хьекъал доцурш хаарш ца дезаш?

23

ТІедерза ас шаьш нисдарна! Аса сайн дагахь дерг шуна хьоьхур ду, сайна хуург дерриг а шуна дІалур ду.

24

Аса шуьга дуьйцура, амма аша соьга ла ца дуьйгІира. Ас сайн куьг шуьга дІакховдийра, амма соьга ладугІуш стаг вацара.

25

Ас шайна дина хьехарш аша дІатеттира, ас боху нисдар аша тІе ца ийцира.

26

Цундела со а кхаьрдар ду шуна тІедеанчу вонах, со доьлуш хир ду, шу Іадийна дІахІиттича –

27

шуна тІе, йочана санна, даккхий зенаш даьхкича, шайтІанан мох санна, шуна вон тІедеача, шу гІайгІане, сингаттаме хилла, дІахІиттича.

28

ТІаккха кхойкхур ду шу соьга, амма суна хезар дац. Массанхьа а со лохур ду аша, амма со карор дац шуна,

29

шуна хаарш ца дезна дела а, Везачу Эле ларамах дуьзна хила шуна ца лиъна дела а,

30

иштта ас шайна дина хьехарш аш дІа ца эцна дела а, ас шайга мел белла тІехбеттамаш дІа а тоттуш.

31

И дерриг а бахьана долуш, цара шаьш дІакхехьна болчу некъах бен пайда оьцур бац, шайн дагахь долчух бузур бу уьш.

32

Боданера нах хІаллакьхуьлу, хьекъалаллех уьш дІаберзарна. Сонтанаш бойъур бу, шаьш-шайх тоам бина уьш леларна.

33

Амма соьга ладоьгІнарг, паргІат а волуш, цхьана а агІор кхерам а боцуш, вехар ву, зуламах а ца кхоьруш».

© 2018 Дом Молитвы. Христианская Интернет Миссия.