1 2 3 4

1

Мехкан куьйгалхоша Исраил-махкахь урхалла дечу заманчохь лаьтта тІехь мацалла хІоьттинера. ТІаккха цхьа стаг ЯхІуд-махкара Байтлахам-гІалара шен зудчуьнца а, шина кІантаца а Муаби-аренашка хан яккха вахара.

2

Оцу стеган цІе Элималик яра, цуьнан зудчун цІе НуІмат яра, ткъа шина кІентан цІераш Махьлан а, Халин а яра. Уьш ЯхІуд-махкара Байтлахам-гІалара эпратхой бара. Муаби-аренашка а баьхкина, цигахь баха хевшира уьш.

3

НуІматан цІийнда Элималик дІакхелхира, ткъа иза шен шина кІантаца йисира.

4

Цу шина кІанта шаьшшинна Муаби-махкара зударий балийра: цхьаьннан цІе Іарипат яра, ткъа вукхуьнан цІе Рути яра. Цигахь иттех шарахь бехаш Іийра уьш.

5

Цул тІаьхьа цуьнан ший а кІант, Махьлан а, Халин а, дІакхелхира. ТІаккха шен шина кІантах а, цІийндех а яьлла, и зуда ша йисира.

6

Муаби-махкахь йолуш НуІматана хезира, Далла, Шен халкъана дика дан а лиъна, цунна рицкъа делла аьлла. Шена и хезча, НуІмат Муаби-махкара шен цІа юхаерза кечъелира.

7

Шен шина несаца ша яьхначу меттера араелира иза. ЯхІуд-махка шаьш юхадоьрзучу хенахь

8

шен шина несе НуІмата элира: «Яло, юхаерза ший а шайн ненан цІа. Везачу Эло диканиг дойла шуна, аша а шайн беллачарна а, суна а дина дика санна!

9

Везачу Эло хІоранна а хІусам нисйойла шуна шайн цІийндайшца ирсе даха!» Царна шинна а барт баьккхира НуІмата. Ткъа уьш шийлачу маьхьарца белха хІиттира.

10

ТІаккха цара элира: «ХІан-хІа, тхо хьоьца хьан махка а доьрзур ду, хьан халкъана тІе а гІур ду».

11

Амма НуІмата цаьрга элира: «Юхаерза, сан ши йоІ! ХІун дийр ду аш шиммо соьца еана? Хир буй-те шуна кхин а сан кийрара бевлла кІентий, шуна майранаш хила?

12

Юхаерза, дІагІо, сан ши йоІ! Со къанъелла хІинца маре яха. Нагахь санна хилча а сан тешам, ас тховссехь майрачуьнца а Іийна, кІентий бича а,

13

хир юй-те шун йиш уьш кхиаре хьежа? Йиш юй-те шун, маре а ца йоьдуш, хан ялийта? Яц, сан йоІарий! Со чІогІа гІайгІанехь ю шуна. Везачу Эло шен кхел йина суна».

14

Ши нус маьхьарца юха а елха хІоьттира. ТІаккха Іарипат, шен марнанна барт а баьккхина, цунах дІакъаьстира, ткъа Рути шен марненаца йисира.

15

НуІмата Рутига элира: «Хьажал, хьан кхин юхайирзи шен нахана тІе а, шен деланашна тІе а. Хьайн кхинна тІаьххье дІагІо хьо а».

16

Амма Рутис жоп делира: «Ма гІертахьа со нуьцкъах хьайх къасто. Хьо йоьдучу со а гІур ю. Хьо ехар йоллучохь со а ехар ю. Хьан халкъ а сан халкъ хир ду. Хьан Дела а сан Дела хир ву.

17

Хьо лийр йоллучохь со а лийр ю, циггахь дІа а юллур ю. Везачу Эло Шен лааме хьаьжжина луьра таІзар дойла суна, Іожалло бен со хьох къастор яц».

18

Цо йина чІагІо шена гича, НуІмат и бертаяло гІертачуьра сецира.

19

И шиъ Байтлахаме дІакхаччалц дІаихира. ХІорш Байтлахаме баьхкича, массо а адам тІедеара царна. «НуІмат яц хІара?» – бохура зударша.

20

НуІмата цаьрга элира: «Ма алийша сох НуІмат („мерзаниг“), алийша сох Марет („къаьхьаниг“). Нуьцкъалчо белла суна хІара беза бала.

21

Кхузара араялале рицкъа а долуш яра со, ткъа Везачу Эло со яьсса юхаялийна. „Мерзаниг“ хІунда олу сох, Везачу Эло соьга бала хьегийтина хилча, Нуьцкъалчу Дала суна вон болх бича?»

22

Иштта НуІмат а, цуьнца Муаби-аренашкара еана, муабахо йолу цуьнан нус Рути а мукх хьакха болочу хенахь Байтлахаме кхечира.

© 2018 Дом Молитвы. Христианская Интернет Миссия.