Софония
1 2 3

1

ХІара бу яхІудхойн паччахьан Аминан кІанта Юши-ЯхІус паччахьалла дечу деношкахь Хушин кІанте Цапни-ЯхІуга Везачу Элера кхаьчна болу хаам. Хуши Гадал-ЯхІун кІант хилла, ткъа иза Хьузакх-ЯхІун кІентан Амар-ЯхІун кІант хилла.

2

«Лаьтта тІера дерриг хІума а дІадойур ду Ас, – боху Везачу Эло. –

3

Ас дойур ду адамаш а, хьайбанаш а, иштта стигалара олхазарш а, хІорда чуьра чІерий а дойур ду, Іесачу нахаца цхьаьна адамаш галболуьйту цІуш а дІабохур бу. Ас лаьтта тІера адамаш хІаллакдина дІадохур ду, – боху Везачу Эло.

4

Ас Сайн куьг дерзор ду ЯхІудан халкъана а, Ярушалайм-гІалин берриг бахархошна а дуьхьал. Цу меттигера БаІал-харцдалла Іамал еш диснарг хІаллакдийр ду Ас. Хийрачу динан дайн а, Делах дІабирзинчу динан дайн а цІераш кхин цкъа а багах йохур яц.

5

Тхевнна тІе хьала а ваьлла, стигалшкахь мел болчу ницкъашна сужда ваханарг хІорра а хІаллаквина дІавоккхур ву Ас. Веза Эла волчу Суна Іибадат а деш, тешаме хила чІагІо а еш, амма шайн паччахьах чІагІонаш йийраш а хІаллакбина дІабохур бу Ас.

6

Веза Эла волчу Суна тІаьхьахІиттинчуьра дІабирзинарш а, иштта Со ца лоьхуш а, Сох дага ца бовлуш леларш а хІаллакбийр бу Ас».

7

Хьалдолчу Элана хьалха дист ца хуьлуш дІасовца! ХІунда аьлча гергадеана Везачу Элан де. Везачу Эло кечбина сагІина урс хьакха леринарг, схьакъастийна Ша кхайкхинарш.

8

«СагІа доккхучу дийнахь, – боху Везачу Эло, – Ас таІзар дийр ду элашна а, паччахьан кІенташна а, массо а хийрачу махкахойн духарш тІе духучарна а.

9

Ас таІзар дийр ду неІсагІина тІехула лелхачарна а, шайн олахочун цІа къизаллех а, харцонех а дузучарна а.

10

Оцу дийнахь, – боху Везачу Эло, – ЧІерийн кевнехь цІогІа детташ хезар ду, гІалин керлачу декъара а узарш хир ду, гунашна тІера церан дохоран чІогІа гІовгІа хир ю.

11

Делха, гІалин базарш хІуттучу декъан дахархой, хІунда аьлча йохкаэцар лелош долу халкъ хІаллакьхир ду, терзанашца дети узурш а хІаллакьхир бу.

12

Оцу заманахь Со, къуьда а лаьцна, Ярушалаймехула хьожуш чекхвер ву. Ас таІзар дийр ду, шаьш летадечух тоам а беш, шайн даг чохь: „Везачу Эло я дика а, я вон а ца до“, – бохучарна.

13

Церан хьал хІонс санна схьадоккхур ду, церан цІенош а дассор ду. Цара цІенош дІахІиттор ду, амма царна чохь баха ховшур бац уьш, цара кемсийн бошмаш кхиор ю, амма царах даьккхина чагІар муьйлур дац».

14

Гергга ду Везачу Элан сийлахь-доккха де. Гергга а ду, чІогІа сихделла а догІу. ЛадогІал! Везачу Элан де ма къаьхьа белхар ду! Уггар майрачу тІемалочо а цІогІа детташ ду!

15

И де – оьгІазаллин де ду, гІайгІанан а, гаттаман а де, бохаман а, дассоран а де, боданан а, Іаьржаллин а де, мархийн а, дахкаран а де,

16

коьман маІа лекхаран а, тІеман цІогІа тохаран а де. ТІелатарш хир ду чІагІйинчу гІаланашна а, лекхачу бІаьвнашна а дуьхьал.

17

Везачу Эло боху: «Адамаш бІаьрзенаш санна леллал чІогІа гІайгІанехь латтор ду Ас, Веза Эла волчу Суна дуьхьал цара къинош летийна дела. Церан цІий, чан санна, дІасадаржийна хир ду, церан дилха, кхо санна, дІасакхиссина хир ду».

18

Церан долахь долчу я детига, я дешига кІелхьарбахалур бац уьш Везачу Элан оьгІазаллин дийнахь. Цуьнан эмгараллин цІеро хІара дерриге а латта дагийна дІакхоллур ду. Цо лаьтта тІехь вехаш волу хІорра а цІеххьана кхоччуш дІавоккхур ву.

© 2018 Дом Молитвы. Христианская Интернет Миссия.